7-г1а урок
Урокн ц1е: «Яах1ума. Дош . Дешдакъа»
1алашо: берашна тайп-тайпана яах1умнаш йовзийтар . Берийн дешнех , дедакъойх болу хаамаш шорбар.
Кхочушдан лерина жам1аш
1.Предметни: брашна евзар ю тайп-тайпана яах1умнаш.Берашна 1емар ду х1умаяале аладезарг, йиъна ваьлча аладезарг. Бераша шорбийр бу дешнех ,дешдакъойх болу хаамаш, 1емар ду дешдакъош схемица билгалдаха.
2.Метапредметни:
· Регулятивни: берашна 1емар ду шайн белхан план х1отто, тайп- тайпана беснаш долу фишканаш йохккуш учебника аг1он т1ехь шаьш хьалха-таьхьа 1амор долчунан план х1отто. Цу планан рог1алла ларъеш учебникаца болх бан. Берашна хуур ду шайн кхиамийн мах хадо, кхачамбацарш довза царех ларбала.
· Познавательни: берашна 1емар ду яах1ума муха йиъча пайде ю, х1уъ-х1уъу йиъча зуламе хилар хуур ду. Берашна 1емар ду дешнийн схеманашца болх а беш , цу схемехь дешдакъош билгалдаха.
· Коммуникативни: берашна 1емар ду хьехархочуьнга ладог1а , цуьнан хаттаршна жоьпаш дала. Берашна 1емар ду вовшашка хаттарш дала , царна жоьпаш дала. Берашна хуур ду шаьш бинчу белхан мах хадо. Билгалбохур бу кхачамбацарш, кхиамаш а.
3.Личностни: берийн лаам кхоллалур бу йуучу х1уманех шайна пайдехь ерг яа. Зуламе ериг д1ататта.
Урок д1аяхьар.
1.Маршалла хаттар.
-Де дика хуьлда шун бераш!
-Диканца дукха ехийла!
2.Дешаре шовкъ кхоллар.
· Ловзар « Х1ун ю совнаха?»
(Хьехархочо д1аухку суьрташ : кхаллар, жижиг , шура, т1о, к1алд, даьтта, ч1ара, машен. Берашна т1едуьллу цу х1умнашна юкъахь совнаха йолу х1ума караяр)
-Х1ун ю совнаха? (Машен)
-Х1унда ю машен совнаха? (Важа х1уманаш юуш йолу х1уманаш ю).
-Стенах лаьцна дуьйцур дув ай тахана урокехь? (Берийн жоьпаш)
3. 1алашо йовзийтар.
-Д1елла учебникан 12-г1а аг1о. Х1ун ю цу т1ехь гуш ? (Яах1уманаш ю)
-Х1оттае план . Х1ун 1емар ду вайна хьалхара? (Яах1уманийн ц1ераш яха 1емар ду)
-Х1ораммо шех лаьцна ала деза.
· Суна 1емар ду яах1уманийн ц1ераш яха.
-Х1ун ю суьрташна бухахь? (Дешнийн схеманаш ю)
-Х1ун дийр дув ай цаьрца? Х1ораммо шех лаьцна ала деза.
· Суна 1емар ду дешнийн схеманшца болх бан.
-Х1ара х1ун ю? (Сурт ду)
-Х1н дийр ду суьртана? (Суьртах лаьцна къамел дийр ду)
-Х1ораммо шех лаьцна ала деза.
· Суна 1емар ду суьрта т1ехь гушдериг дийца.
-Иза шун белхан план ю. Цу плананца болх балур буй шуна?
-Вай тахана 1амор ду яах1уманийн ц1ераш яха, суьртах лаьцна дийцар хотто. Вай дешнийн схеманашца болх а бийр бу.
4.Яах1уманаш йовзийтар.
-Х1ун дара вайн планаца дуьххьара дан билгалдинарг? (Яах1уманийн ц1ераш яхар)
-Х1ун дийр дув ай х1инца?( Яах1уманийн ц1ерашяха 1амор ду)
· Суьртех лаьцна къамел дар.
(Хьехархочо уьн т1е д1аухку тайп-тайпанчу яах1уманийн суьрташ)
-Х1ара х1ун ю? (Х1оа)
- Х1ара х1ун ю? (Конфета)
- Х1ара х1ун ю?(Шура)
- Х1ара х1ун ю?(Даьтта)
- Х1ара х1ун ю?(Нехча)
- Х1ара х1ун ю?(Шекар)
- Х1ара х1ун ю?(Йохь)
- Х1ара х1ун ю?(Туьха)
- Х1ара х1ун ю?(Бепиг)
- Х1ара х1ун ю?(Жижиг)
- Х1ара х1ун ю?(Кхаллар)
-Царех массарех х1ун эр дара ? (Яах1уманаш олу)
-Х1ун 1еми шуна? Х1орамо шех лаций ала?
· Суна 1еми яах1уманийн ц1ераш яха.
-Шолг1а х1ун дара вай дан билгалдинарг? (Дешнийн схеманашца болх бар)
-Х1ун дийр дув ай х1инца? Х1ораммо шех лаьцна ала.
· Суна 1емар ду дешнийн схеманашца болх бан.
-Кхин муьлха яах1умананш евза шуна? (Берийн жоьпаш)
-Х1оа- иза вуьшта аьлча х1ун ю? (Дош ду)
-Хьан юьллур яра цу дешан схема?
-Маса дешдакхь ду Х1ООО-ААА дешан? ( Шиъ ду)
-Хьан билгалдийр дара иза дешан схеми т1ехь? (Бераша билгалдо)
(Иштта толу важа дешнаш)
-Х1ун 1еми шуна кху декъехь?
· Суна 1еми дешнийн схеманашца болх бан.
5.Сада1аран миноташ.
Жима Ваха г1отту
Мало йоцуш хьала.
Мел хан яьлла,хотту,
Т1аккха йо зарядка.
Охьа-хьалате1а,
Ирх а кхиссало,
Цхьана меттехь воду,
Х1уммаъ к1ад ца ло.
Пхьаьрсаш, накха башош,
Сихха кхорзу хи,
Дег1е «зузз» доуьйтуш,
Хиларх шийла и.
Цергаш, юьхь-куьг дила
Цунна диц ца ло.
Морса гата хьокхуш,
Иза вакъало.
(Хь. Саракаев)
(Бераша Вахас дийрриг до)
6. Дозуш долу къамел кхиор.
-Х1ун дара вайн планаца кхузлаха 1амо билгалдаьккхинарг? (Суьртах лаьцна дийцар х1оттор)
-Х1ун дийр дув ай х1инца? Х1ораммо шех лаьцна ала деза.
· Суна 1емар ду суьртах лаьцна къамел дан.
-Муьлш бу суьрта т1ехь берш? (Бераш ду)
-Уьш х1ун деш ду? (Яах1ума юуш ду)
-Яах1ума яа охьахууш хьалха х1ун ала деза?( Берийн жоьпаш)
-Х1ума яа охьахевшича ала деза «Бисмиллах1ирахьманирохьим»
-Йиъна ваьлча х1ун ала деза? ( Берийн жоьпаш)
-Йиъна ваьлча ала деза «Элхьандулиллах1ироббил1аламин»
-Х1ума юучу хенахь мегар дуй хабарш дийца?
-Х1ума юучу хенахь мегар дуй кхечунна хьаларчу х1уманна т1екхийда?
-Мегар дац, шена оьшург схьакховдае ала деза.
-Аша кхочуш дой и декхарш?
-Х1ун 1еми шуна ?
· Суна 1еми суьртах лаьцна дийцар х1отто.
· Дийцар «ШАЙТ1АНАН РИЦКЪА А, Х1УСАМ А»
Далла т1е дахана хила
боху, цхьа шайт1а. Цо аьлла боху, Деле:
- Массо а адамана, акхарошна яа х1ума а, чохь 1ан х1усам а елла ахь, шена я
ц1а, я яа х1ума а мА ца елла ахь.
Т1аккха Дала аьлла боху:
- Наха бисмилла а даккхаза зайл д1абоьллина х1усам а хьан ю хьуна, наха
бисмилла а ца доккхуш, еана яа х1ума а хьан ю хьуна.
-Мегар дуй бисмилла ца доккхуш х1ума яа? Х1унда? (Иза шайт1анна хир ю)
· Тобанашкахь болх «Яах1ума кечъяр»
-Бераш шун стоьлаш т1ехь тайп тайпана яах1уманйн г1ирс бу. Аша х1ораммо чу къоламаш хьокхуш кечъян еза шайна т1ейиллина яах1ума.
1-ра тоба аша дан деза плов. Плов деш мел оьшу х1ума чу къолам хьокхуш схьакъастае вукху х1уманех.
2-г1а тоба-аша жижиг –галнаш йо.
3-г1а тоба-аша салат йо.
(Хьехархочо тидам бо муьлхачу тобано бисмилла доккху , ца доккху, даьккхинарш хастабо)
7.Жам1 дар.
-Муьлха яах1уманаш евзи шуна?
-Х1ун ала деза яах1ума яале? Йиъна ваьлча?
8.Рефлекси.
-Муха план яра вайн х1оттийнарг?
-Х1ун дан ницкъ кхечи шун?
-Х1ун диси ца далуш?
· Суна 1еми…
· Суна хии…
· Сан ницкъ кхечи…
·
© ООО «Знанио»
С вами с 2009 года.