1алашонаш.
1аморан: дешархойн хаарш зер, 1амийнарг карладаккхар;
кхиоран: Д. Кагермановн «Арахь» ц1е йолу стихотворени йовзийтар; нийса а, кхеташ а, шера а стихотворни тексташ йеша 1амор; ойлайар, тидамбар, къамел кхиор;
кхетам – кхиоран: 1аламе безам кхиор.
Билгалбаьхна кхиамаш: берашна 1емар ду нийса а, кхеташ а стихотворни тексташ йеша.
Берашна 1емар ду авторан дог - ойла а гойтуш йеша. Берашна хуур ду хьехархочун хаттаршна жоьпаш дала. Берашна 1емар ду 1аламан хазалла ган.
1алашо йовзийтар.
- Муьлха произведени йевзар йу вайна тахана? («Арахь»).
- Мила ву цуьнан автор? (Д. Кагерманов).
- Муха болх бийр бу вай тахана и дийцар дика 1амийта?
- Вайна тахана йевзар йу Д. Кагермановн «Арахь»
ц1е йолу стихотворении. Вайна 1емар ду нийса а,
кхеташ а стихотворни тексташ йеша. Вайна 1емар
ду хаттаршна жоьпаш дала, 1аламан хазалла ган.
Керла тема хьехар.
1. Хьехархочо кхетош д1айоьшу Д. Кагермановн «Арахь» ц1е йолу
стихотворени.
2. Чулацамах къамел дар.
- Шеран муьлха зама йу стихотворении т1ехь йуьйцург? (Б1аьсте).
- Муха йог1у боху автора б1аьсте? (Б1аьсте йог1у дуьне хьостуш).
- Муьлха белхаш бан буьйлало йуьртахой? (Йалташ кхио буьйлало).
- «Хьуьнар долчийн латта хаздан. Сий деш боьлу дашо малх» бохучух
муха кхета шу? (Говзала, лаам болуш наха хаздо дахар, царна боьлуш бу
малх боху).
- Муьлш бу хьуьнарш дерш? (Хьанала къахоьгуш болу нах).
Сада1аран минот.
Бераш, гуо бохуш лела х1ара байташ а йоьшуш:
Т1араш тухуш, т1араш тухуш
Тхуна т1аьххье дуьйлало.
Хьан т1е куьйгаш х1иттаде.
Цхьаъ – схьаверза,
Шиъ – д1аверза.
Кхоъ – охьата1а,
Диъ – хьалата1а.
Т1араш тухуш, т1араш тухуш,
Тхуна т1аьххье дуьйлало.
Йуха хаьн т1е куьйгаш х1иттош,
Когаш тохий, кхоссало.
Керла тема кхин д1а а хьехар.
1. Бераша массара цхьана хезаш цхьанаэшарехь
д1айоьшу Д. Кагермановн «Арахь» ц1е йолу
стихотворени.
2. Бераша массара цхьана меллаша цхьанаэшарехь
д1айоьшу Д. Кагермановн «Арахь» ц1е йолу
стихотворени.
3. Кхетош д1айоьшу бераша Д. Кагермановн «Арахь»
ц1е йолу стихотворени.
© ООО «Знанио»
С вами с 2009 года.