Методическая разработка урока чеченского языка по теме: «Хандош»
1алашо: берашна хандешнех лаьцна кхетам балар.Хандешан маь1на , хаттарш довзийтар. Къамелехь хандашо х1ун г1уллакх до хаийтар.
Билгалбаьхна кхиамаш: берашна девзар ду хандешнаш, церан маь1на , хаттарш. Берашна хуур ду предложенехь хандешнаш каро, царна хаттарш х1итто. Берашна 1емар ду хандешнаша лело г1уллакх билгалдакха.Берашна 1емар ду оьшчу хандешнаш т1еяздарца предложенеш юза, хандешнаш предложенешкара схьаяздан.Берашна 1емар ду учебникаца болх бан, оьшург каро, цунах пайдаэца.
Урок д1аяхьар
1. Ц1ера болх таллар.
Шардар № 315 , аг1о 147.
2. 1алашо йовзийтар. Дешаре шовкъ кхоллар.
Уьн т1е д1аяздо.
XIOKXO балийна,
XIOKXO урс хьаькхна,
XIOKXO тилийна,
XIOKXO кхехкийна,
XIOKXO кхаьллина
Д1абахийтина.
(Халкъан)
-Д1аеша байт. Х1окхо дош д1а а даккхей д1аеша. Муьлха дешна диси? (Балийна, хьаькхна, тилийна, кхехкийна, кхаьллина д1абахийтина)
-Хаттарш ло царна Х1ОКХО дашна т1ера. (Х1окхо х1ун дина? балийна, хаькхна, тилийна, кхехкийна, кхаьллина , д1абахийтина)
-Х1ун билгалйо йара? (Х1уманийн дар билгалдо)
-Стенах лаьцна дуьйцур ду вай?
3. Керла тема хьехар.
а) Хандешнийн тидам бар.
Шардар № 316 , аг1о 147.
-Х1ун до аша урокехь? (Урокехь оха йоьшу , язйо, сурташ дохку, йиш локху)
-Муьлхачу дешнаша гойту дар? ( йоьшу , язйо, дохку, локху)
-Уьш муьлха къамелан дакъош ду? (Хандешнаш)
-Цара муьлхачу хаттана жоп ло? (Х1ун до?)
-Аша переменехь х1ун до? (Переменехь тхо ловзу , садо1у)
-Муьлхачу дешнаша билгалдо дар? (Ловзу, садо1у)
-Цара муьлхачу хаттаршна жоп ло? (Х1ун до?)
-Уьш муьлха къамелан дакъош ду? (хандешнаш ду)
-Д1аязъе предложенеш. Хандешнашна буха ши сиз хьакха.
аь) Хандешнаш лаха 1амор.
Шардар № 317 , аг1о 148.
-Д1аеша стихотворении.Мила ву цуьнан автор? (Хь.Хатуев)
Муха лаха деза хандешнаш?
(Хьехархочо д1аязйо хандешнаш талларан дагалацам уьн т1е)
1. Дашна хаттар х1отто деза.
2. Хаа деза дашо х1ун гойту: х1ума билгалйо, х1уманан билгало гойту я дар
- Д1аеша стих. Муьлхачу дешнаша гойту дар? (Йог1у, хаздина, богу)
-Хаттарш ло цу дешнашна. (Б1аьсте х1ун до? йог1у, б1аьсте х1ун дина? хаздина, малхо х1ун до? богу)
-Х1ун билгалйо цу дешнаша? (Дар)
-Муьлхан къамела дакъош ду уьш? (Хандешнаш)
б) Бакъо таллар.
-Д1аеша 148 аг1он т1ера бакъо.
-Х1ун ю хандош?
-Цо х1ун гойту? Муьлхачу хаттршна жоьпаш ло?
в)Хандешнаш билгалдахар.
-Д1аеша хьалхара предложении. Муьлхачу дашо гойту дар? (Битина)
-Цо муьлхачу хаттарна жоп ло? (Х1ун дина?)
-И муьлха къамелан дакъа ду? (Хандош)
-Д1аяхъе предложени. Хандешна буха ши сиз хьакха.
(Иштта толлу важа предложенеш)
4. Сада1аран миноташ.
5. Керла тема кхин д1а а хьехар.
а) Хандешнаш долуш , доцуш текстан тидам бар. Къамелехь хандешнийн маь1на таллар.
Шардар № 319, аг1о 148-149.
-Д1аеша текст. Билгалдаха хандешнаш. Д1аеша текст хандешнаш доцуш. Стенна оьшу хандешнаш? (Хандешнаша х1уманаш меттахйоху , цаьрга цхьа х1ума дойту)
-Д1аязъе предложенеш. Хандешнашна буха ши сиз хьакха
6. Рефлекси.
Т1адамийн метана хандешнаш дахка. Бераша школехь …,…,….. Ц1ахь бераша ….,….. |
-Стенна оьшу хандешнаш?
7. Жам1 дар.
-Х1ун ю хандош? Цо х1ун гойту? Цо муьлхачу хатташна жоьпаш ло?
8. Ц1ахь бан болх балар.
Шардар № 320 , аг1о 149. Бакъо 148 аг1он т1ера.
© ООО «Знанио»
С вами с 2009 года.