Статья на тему: «Чеченский язык в школе»
Замананйохаллехьхалкъашлахьзеделла, ч1аг1делла д1ах1оттина схьадог1уш ду: адамийнхаарш гул а лурдац, ч1аг1 а лурдацкхачойоллушхьоьхучо д1алуш, д1акховдош дацахь.
Иззахьелашкхочушдовайкегийчуберашна т1ера кхиазхошна т1е кхаччалц.
Бакъду, хьехаранчолхеболх хила мабеззарахуьлийладац, нагахьсаннабилламандекхарш т1е цалацахь, уьшкхочушцадахь.
Хьехарандекхаршдукхаду. Уьшмассохенахьдуьйцушду. Замананхьелашкахьаьжжина, керланиг юкъадог1уш, хийцалушду. Дахарехь юкъадог1учу керлачуьнцацхьаьнакхиавезашхьехархо а ву.
Нохчийнметтанхьехархокхечухьехархойлкъаьсташ хила веза: меттан а, литературин а хааршца, оьздачукъамелаца, дикачу г1иллакхаца, т1ерачу духарца. Вуьззинаволчунохчочуьнгахь хила дог1уш хьакъдуиза.
Хила дезарш а, оьшуш долу цаторийлаш а вайтоьъъачубарамехьдийцинаду, т1аьхьарчу хенахьдуьйцушду. Таханасуна ала луург, юьхьаьнцарчуклассашкахьнохчийнметтанхьехаран а, хьехархойнхьолах дерг а ду.
Со нохчийнметтанхьехархохиларетерра, юккъерчуклассашкадаьхкинчуберийнхаарийн барам лахарахилартидамеэцна дара сан. Оцуойланца, 4-чу классашкахьхьоьхучухьехархойннохчийнматтаца долу хьал муха дуталлар а д1адаьхьира оха.
Верриге а, юьхьаьнцарчуклассашкахьнохчийнмоттхьоьхушверг 150 гергга вара. 4-чу классандешархойнхаарийн хила безачубарамецакхаьчнахьехархой а бара. Уьшгерггарчухьесапехь 20% бу. Нохчийнметтанхааршдолуш, цуьнанлазамаш а болуш, маттешовкъ ерш а бу. Теша мел хала делахь а, хьехархойн 5-г1а дакъанохчийнметтанхааршдоцушбершбу.
Университеташ, институташяьхна, дипломашду, делахь а, ненанматтах долу хааршлахара долу хьехархойхилархаало.
70-80-г1ий шерашкахь, вайнамахаъара, книгашъешархойбиблиотекехь рог1ехь бара. Таханавайндешархой а, церан дай-наной а я нохчийн а, я оьрсийн а литература йоьшуш бац. Велахь а, наггахь бен цанисло. Бакъду, нохчийнмотт т1орказ чу боьллина, и т1орказ дагонхьийзо зама-м яра иза.
Таханлера дай-наной, оцузамананберашхиларетерра, нохчийнматтекхиншовкъйолуш бац (домашнее задание задавайте на русском языке олий, хаамхуьлушметтиг йог1у кест-кеста).
Хьехархочуннадоккха г1о-накъосталла хир дара берийн дай-наношашайндоьзалекъомандозалла а, къоманкхане а маттаца бен хуьлийладоцийхаийтича. Ширачудийцаршца, халкъантуьйранашца, иллийнтурпалхошцамасалшдалош, матте болу безамкхиийна, ларбинавайндайшайоза-дешардоцчухенахь а.
Нохчийнматтахьзорбанераарадолуш долу берийн журнал «Стела1ад» бен дац. «Орга» ц1е йолу журнал, «Даймохк» ц1е йолу газета доьшушберш к1езиг бу. «Хьехархо» газетанаязлушхьехархо а вац. Велахь а, к1еззиг бен вац.
Ткъамичарахуурду б1еннаш шерашкарадуьйнатаханалерачудийнекхаьчнайолуакхаройн, олхазарийн, ораматийн, сагалматийн, г1ишлойн декъийн, 1аламан ц1ераш? Уьш 1илманчашна хаарх, царагулъярх а пайда бац дошамаш, луг1аташ, словарашдешархошнаевзашцахилахь.
Цхьанна а хаайишяц, вайнасанна дика, вай вешан нохчийнмотт муха буьйцу, вайцуьнансий-ларам мел бо.
Вайдутахна а, даимасанна, меттан к1оргалла, дешанговзалладешархошна д1аяла езарш а, церанматтемарзокхоллаезарш а.
Вайдутаханакъоначу т1аьхьенан дешаре болу безам, маттацайолууьйр-марзокхоллаезарш. Вайду и т1аьхье шенкхетамца, 1илманца, вайнкъоманхазачу 1иллакхашца кхечукъаьмнашнаюкъахьдозаллицагайтадезарш.
Юьхьаьнцарчуклассехьдолалодешархочундешаре, матте болу безамкхоллабалар. Лаа олуш дац, хьехархо шолг1а нана ю. Ненанматте болу безамкхиокхерчахьнана, нохчийнмотт дика а, дешархой, к1орда цадеш, кхетачу аг1ор д1ахьеха и мотт дика хууш и безаш а болу хьехархойшколашкахь хила беза.
Хьехархо, саццазашенхааршсовдохуш, 1илманан новкъахь хила веза, Дешархошнахаарш дала, уьшдеша 1амо шена т1елаьцна волу хьехархоДалла а, нахана а гергахьдекхарийлахьву, халонашэшош, шенбелханговзаллалакхаяккха.
Меттанашдуккхаду, ненанмоттцхьаъ бен бац.
Ненанмотткхио а, цуьнансий-пусар дан а, дайхдисинаоьзда г1иллакхаш лардан а Дала кхетам а, хьунар а, доьналла а лойлавайна. Дерриге а нохчийнкъоманойлашенматтацасецайойла Дала!
Баркалла ладог1арна.
© ООО «Знанио»
С вами с 2009 года.