Бераша «Алкханчаш» ц1е йолу произведени ешар.
Г1абакх
... Д1а кхайкхина шайга Адам
Йист хилира цуьнга Падам:
«Д1а акхалий xlapaц1азам,
Г1абакхаш д1а ехьа, Адам»
Ас дохур ду гунаш самса,
Ц1азам белахь бага хьа саца.
Иштта йийча уьш сов мерза
Хуьлу, бохуш, суна хезна.
(Ш. Хасаров)
-Муьлха дийцар доьшур ду вай? Х1ун болх бийр бу вай и дийцар
1амош?
Суна девзар ду…
Суна 1емар ду…
Аса дийр ду…
-Вай тахана д1адоьшур ду В.Бианкин «Пхьагал дитта т1ехь» ц1е йолу дийцар
а) Хьехархочо д1айоьшу В.Бианкин «Пхьагал дитта т1ехь» ц1е йолу дийцар.
аь) Чулацамах къамел дар.
-Муха ехаш хилла пхьагал?
-Муха яра пхьгпл хьекъална?
-Мичахь 1уьллира пхьагал?
-Х1ун кхечира цунна т1е? (ХИ)
-Х1ун алсам йолура? (Хи алсам долура)
-Х1ун жимлора? (г1айре жимлора)
-И Хичу х1унда ца иккхира? (некан ца дехьа ялалур яцара)
-Х1ун гира пхьагална? (дитт)
-Стенна т1е елира пхьагал? (Дитта т1е)
-Х1ун дара пхьагал х1инца кхоьруш ераг? (мох бара)
-Мацаллех кхерарий пхьагал? Х1унда? (Диттан чкъор дуур ацо)
-Маса дийнахь 1ийра пхьагал дитта т1ехь?
-Т1аккха х1ун хийцамаш хилира 1аламехь? (Хи лахделира)
Физминот
Охьа а таь!на, хьала нисдала цалууш долу элпгай та шена олу хьехархочо берашка.
Цхьаъ- шиъ- кхоъ аьлча, охьа а таь1ий, куьйгаш хьалха дохуьйту, диъ- пхиъ
аьлча, иштта лаьтта, меттах цахьовш, ялх- ворх1 - барх1 аьлча, хьала а нислой,
д1ах1уьтту. (Х1ара упражнени кхузза кхочуш йо меллаша)
Газа
Газа-газа-гуьзалг,
Хьийзина ма1аш, газа,
Чилланан маж, газа,
Диа хь сарралц хелхарш
Керта ларашершаш:
Когаш бетташ «дап-дап»,
Ма1аш етташ «т1ох-т1ох»,
Б1аьргаш къерзош «лап-лап»
Корта сеттош «oxloxl».
(Бераша газано дийриг до, цуьнан хьийзина ма1аш гойту, чилланан маж хьоьсту, когаш бетта, корта а сетта бо, «ма1аш» 1уьтту.)
а) Бераша д1адоьшу В.Бианкин «Пхьагал дитта т1ехь» ц1е йолу дийцар
аь) Къастош ешар.
Д1аеша, муха ехара пхьагал.
-Къона пхьгална хилла бохамах лаьцна к1айдарг д1аеша.
-Хин дестарх лаьцна дуьйцу меттиг д1аеша.
-Д1аеша пхьагал кхера яларх, йохарх а лаьцна дуьйцу меттиг.
б) Иллюстраци йилла хазъеллачу к1айдаргана.
Х1ун дан ницкъ кхечи шун? Х1ун диси ца далуш?
Суна евзи…
Суна 1еми..
Аса д1айиши..
-Муьлха дийшира дийши вай?
-Стенах лаьцна дара иза?
Аг1о 111-113 еша
Материалы на данной страницы взяты из открытых источников либо размещены пользователем в соответствии с договором-офертой сайта. Вы можете сообщить о нарушении.