План урока чеченской литературы Окуев Ш. "БIаьсте"
Оценка 4.6

План урока чеченской литературы Окуев Ш. "БIаьсте"

Оценка 4.6
Разработки уроков
docx
другое
5 кл—11 кл
19.01.2021
План урока чеченской литературы Окуев Ш. "БIаьсте"
яздархочун дахар а, кхолларалла. Стихотворени "Б1аьсте"
Окуев.Ш б1аьсте (нов.).docx

уУрокан ц1е: Шима Окуев «Б1аьсте» стихотворени.

Урокан кеп: Керланиг довзаран.

1алашонаш:

1.1амаран: Яздархочун Шима Окуевн кхолларалла к1орггера йовзийтар.

Стихотворенехь лирически турпалхочун 1аламе а, шен махке болу безам гайтар.

2.Кхиаран: Дешархой ойла ян а, шаьш дуьйцучуьн маь1на дан а 1амор.

3. Кетош кхиоран: Даймахке, ша винчу метте, 1аламе, ненан матте безам кхиор.

Дайн оьзда г1иллакхаш дезар а, лелор а мехала хилар гайтар.

 

Гайтаран г1ирс: Шима Окуевн сурт, дешархоша «Б1аьсте» стихотворенина диллина сурт.

 

Урок д1аяхьаран некъ.

 

I. Дешархой урокехь болх бан кечбар.

(Дешархоша дешаран г1ирс кечбар, урокана кечам бар)

 

II. Дешархойн хаарш билгалдахар жигардаккхар, балхана т1ебигар.

 Шеран муьлха зама ю т1ееанарг?

- Б1аьстенан 1алам самадалар, дендалар стенах хаьа вайна? 

- Х1ун яхьа б1аьстено? (йовхо)

- Йовхо кхин тайпана хуьлу.

 Деган йовхо хьаьнца хуьлу? (ненаца)

- Х1ун бос хуьлу б1аьстенан? (баьццара)

-Баьццара бос стенца боьзна бу? (бусулба динца, духарца, байракхца)

 

1.Хьехархочо йовзуьйту урокан тема а, 1алашо а.

Уьна т1ехь яздархочун сурт а, эпиграф а ю.

 

«Даймохк хесто со гIел ца велла…»

                                                 Ш.Окуев.

 

 

 

2.1амийнарг карладаккхар.

.Фронтальни хаттарш:

        

     -Муьлха говзар яра вай тIаьххьара Iамийнарг?

   

     - Вай Iамийна М.Бексултановс яздина дийцар  «Некълацар».

  

     -Стенах олу дийцар?

 

    - Cтеган дахарх цхьаъ, наггахь масех а гIуллакх гойтуш йолчу жимачу эпически говзарх олу дийцар

 

     -Стенах лаьцна ду и дийцар?

 

    - Дийцаран  боцца чулацам карлабоккху.

 

    -Нускал гучудоккху де тIекхачаре жимачу кIанта сатийсар муха гайтина дийцар тIехь?

 

      -ХIун дара  жимачу кIентан доттагIийн яххьаш тIехь кIентан деда Дерки араваьллачу хенахь?

 

      -ХIун дира кегийрхоша ?      

 

       

      -Муха гайтина яздархочо берийн дегнаш дохар,воккхачу стеган холчухIоттар? 

 

      -Шуна муха хета цара динарг?

 

      -Цара кагйинарг Деркин веллачу вешех йисина Iаса хилла Iай?

 

  -ХIан-хIа, цара кагдинарг вайн дайх дисина гIиллакх ду, кегийчаьрца къинхетаме цахилар, воккхачуьнца лерам цахилар ду…

 

       

    III   -Иштта, тIекхуьучу кегийрхоша гIиллакхаш дIатесча, вайн къомах хIун хир ду аьлла хета шуна?

 

  - ГIиллакх юкъара дIадаьлча, адамашна юкъара марзо, безам, къинхетам дIаболу, тIаккха къам хьайбанийн амале доьрзу.

 

       -Делан элчано(Д.с.м.х.ц.) аьлла: «Кегийчаьрца къинхетаме воцург, баккхийчаьрца лераме воцург вайн умматах вац».

 

    ГIиллакх доцчу наха зулам до уггаре хьалха- шаьш-шайна, тIаккха-дерриге а къомана а.

 

        -Ас шуна тIедиллинера гIиллакхех лаьцна  кицанаш Iамор. Даладел шайна хууш долу кицанаш.

 

            - Хазачу гIиллакхо лайх эла вина, вочу амало элах лай вина.

             - ГIиллакх доцург жIаьла ду.

  

             - Оьздачу гIиллакхо лам башийна, хазачу дашо Iуьргара лаьхьа баьккхина.

 

              -Ойла йоцуш динарг- гIайгIа йоцуш доьрзур дац.

 

            - Вон хила атта ду, дика хила хала ду.

 

             - ГIиллакх ялсаманера схьадеана а ду,ша лелийначуьнца цу чу юхадерза дезаш а ду.

 

             - Ма хуьлда цхьаннен а гIиллакх доцу нус, тешам боцу лулахо.

 

       -Муса Ахмадовс шен байтехь муха боху гIиллакхех лаьцна? ДIаешал.

 

   Дайн гIиллакхаш довза,ларде,

   Леладе уьш дахарехь.

   Ца леладахь хир бу кхардам,

   Хир ду вайна доккха эхь…

 

ТIечагIдар

                -ХIун эр дара аш, оьзда гIиллакхаш довза, лардан гIо стен до вайна ?                                                  

 

    Ненан матто.

 

    -Ненан мотт кIорггера дика хууш,и безаш, дешан говзанчаш, яздархой ца хиллехьара, хир дарий вайн маттахь иштта хаза  кицанаш, туьйранаш, иллеш, дийцарш?

  

               -Х1ара апрель бутт хIун аьлла дIакхайкхийна бу вайн республикехь?

 

    Нохчийн меттан бутт бу аьлла.

 

               -Нохчийн меттан хьокъехь Указ маца арадаьлла?

 

    Нохчийн меттан де дIакхайкхоран хьокъехь Нохчийн Республикан Президентан Кадыров Рамзан Ахмадовичан Указ арадаьлла 2007шеран май беттан 11-чу дийнахь.

 

               -Муьлха де ду иза?

 

       - Иза ду апрель беттан 25гIа де.

 

               -Х1унда даьккхина и Указ? ХIун маьIна ду цуьнан?

 

        - Нохчийн мотт кхиор, Iалашбар, безийтар, Iамабайтар Iалашо йолуш.

 

               -Нохчийн маттах лаьцна муьлха дешнаш,байташ хаьа шуна?ДIаешал.

 

Кхоллараллин болх

 

Х1инца г1иллакхех хуург, цунна юкъа х1ун дог1у, коьртаниг юкъа а лоцуш, кластер х1оттор ю вай.

(«Г1иллакх» бохучу дашна кластер х1оттайо хьехархочун г1оьнца)

 

 

                                    Яхь                  собар                    къинхетам

 

                                 Доьналла            Г1ИЛЛАКХ              Ларам

Оьздангалла                               тешам

III. Керланиг довзар.

1.Хьехархочо яздархочух Шима Окуевх лаьцна къамел дар.

Вина 1937-чу шарахь Соьлжа-Г1алахь. Цуьнан да дешаран урхаллехь болх беш вара. Амма халкъ махках даккхаро хадийра цуьнан г1алара дахар. Цуьнан 7 шо хан яра церан доьзал Казахстанерачу шийлачу метте д1абуьгуш. Цигахь школа чекхъяьккхира цо. Халкъ махка ц1а дирзича дийшира Нохч-Г1алг1айн институтехь. Болх бо « Ленинец» газетан редактор.

Язъян волало ша школехь доьшуш волуш. Зорбане волу вайн халкъана болх бан бакъо еллачул т1аьхьа. Дуьххьара араелира цуьнан «Сан Шуьйта» ц1е йолу книга. Шима Дала хьекъал а, пох1ма а дела дуьненчу ваьлла яздархо вара. Цо санна даггара дукхадезарца 1аламан хазаллин сурт гайтина яздархо хир вуй техьа аьлла хетало.

 Сан хьоме ва лаьмнаш!

Хир вуй-те цхьа а

Суначул дукхаха

Дезашверг  шу!

Ницкъ хила, дендина,

Шух вина хьаша

Кхехкачу безамна х1оттон-кха шун! (Ш.Окуев)

 

Иза вевзачара олура: Шимин малх, лаьмнаш,Орга, шовда, зезагаш, Шимин 1а, б1аьсте, аьхке, гуьйре шатайпана ду. Массо а шеран муьрехь 1аламехь хуьлучу хийцамех лаьцна, 1аламан хазалла тайп-тайпанчу басаршца гайтина цо.

 

Кусаев 1адизан дагалецамаш.

(Дешархочо д1айоьшу Ш.Окуевн «Даймахке» байт)

 

Со, вича лийчина

Ламанан шовдан чохь;

Даймехкан хазалла евзина аганахь,

Бераллин кхиарехь,

Дуьххьара ког боккхучохь

Халкъ дезар дижийна

Тхан нанас сан даг чохь.

 

Цундела доттаг1а,

Юьйцу ас иллешца

Даймехкан хазалла,

Вайн халкъан оьздалла,

Дуьненчохь,  цхьаммо, со

Халкъан к1ант ву, алахь,-

Цул доккха совг1ат дац,

Ирсе вуй хаалахь!

 

 

Шима Окуев Яздархойн Союзан декъашхо хилла. Цо язйина дуккха произведенеш: «Нана», «Ч1иро бехдина сий», «Чорин дийцарш». Роман-трилоги «Юьхь», «Ц1ий, латтий», «Т1аьххьара верас». Иштта массарна евзаш ю цуьнан « Лай т1ехь ц1ен зезагаш» ц1е йолу роман.   

 

 Х1инца вайна д1айоьшур ю 6-чу классан дешархочо Мудугаев Мохьмада Окуев Ш. 70 шо кхачарна лерина яьккхина байт.

 

Шуьйтахь 1аш цхьа къонах вара,

Яздархо а иза вара.

Ч1ог1а пох1ма долуш вара,

Цуьнан ц1е а Шима яра.

 

Араваьлча цунна гора

Хаза лаьмнаш, шовда шийла,

Техкаш гора хьаннаш сийна

Шотойн б1ов а гора лекха.

 

Дадас дуьйцу: вара говза

Даим лууш шен мохк бовза,

Цо язйина дика байташ,

Ойла тахна вайга йойтуш!

 

 

2. « БIаьсте»-байт Iамор.

 

     1)Хьехархочо васталлица ешар.

 

     2)Кл. уьн тIехь йолчу  дошамах пайда а оьцуш,

байт кхетош ешар.

        

     3)Дешархошка рогIехь ешийтар.  

 

 

     4) Дешархошка васталлица ешийтар.

 

     5)Байтан чулацам тIехь болх бар:

 

                –Муха гайтина байтехь бIаьстенан Iаламан хийцамаш?

 

ДIайоьшу 1-рий, 2-г1ий байташ.

 

Юха а басешца

Зезагаш девли,

Техкарца Iенадеш

БIаьргара тхи.

Стигалахь айбелла

Малх серлабели,

ЗIаьнаршца лалийна,

Лаьхкина хиш.

 

Барт бахарх бIаьрг бузац

БIаьстенан духарх.

Дерриг а хазделла,

Къарзделла ду.

Шовданийн эшаршка

Мел ас ладегIарх,

ГIел ца луш,дахарах

Воккхавеш ву. 

                 

         -Ша ирс долуш маца лору лирически турпалхочо?

 

3-гIа байт дIайоьшу.

 

Юха а Органна

Йисте а ваьлла,

Сайн Даймохк

Иллешца хестош со ву.

Нохчийчоь, со-хьан кIант,

Хьох дагаваьлча,

Массарал ирс долуш

Суо хеташ ву.

     

 

 

       -БIаьстенан Iаламо хIун тIеIаткъам бина поэтан cинхаамашна?

      

       4-гIий, 5-гIий байташ дIайоьшу.

 

Сан дог а, массанхьа

Декъа а делла,

Хьан дагца,лаьмнашца,

Аренца ду.

Кхеттачу малхаца

Лакха а даьлла,

Хьо хьоьстуш,зIаьнаршца

Чухьоьхур ду!

 

Юха а къоналле

Сан дахар дирзи,

ГIел ца луш бекачу

Мукъамца шен.

Юха а безаме

Кхойкхучу ирсе,

Сан даго берзий шен

БIаьстенан бен.

 

      -Поэтана бIаьсте дукхаезаш хилар муьлхачу

могIанашкахь хаало вайна?

 

       Йоьшуьйту тIаьххьара байт

 

Вай марша я хьо,

Сан хьомсара бIаьсте!

Вай хьо я малхаца!

Машарца я!

Хьайга сатийсина

Сан дог ахь хьаьсти.

Иллешца кхевси ц1е,

Йиш йоцу ян.

 

 

   -ХIун керланиг дохьу бIаьстено вайн дахаре,дегнашка?

 

      - Дикачуьнга сатийсам, Даймехкан Iаламе безам,

аьхналла.

 

       АллахI-Дала вайна иштта оьзда гIиллакхаш а, хаза мотт а, исбаьхьа  мохк а белла хилча, вайн декхар х1ун ду?

      - Далла хастам а беш, уьш лардар, лелор; иманехь а, оьзда а хилар; Делан хаза 1алам лардар.

 

 

Басе-склон горы, солнечная сторона наклонной поверхности

Пох1ма-талант, дар.             

Чухчари- водопад

Мур-этап                                 

Тхи-роса

Зарзар-соловей                      

Шовда-источник, родник

 

                          

5. Суьртаца болх бар.

-Хьовсал диллинчу суьрте.

- Стихотворени т1ехь а, суьрта т1ехь а цхьаьна дог1уш х1ун ду? (лаьмнаш, малх, зезагаш, 1алам дендалар, самадалар, Орга, стигал, б1ов)

 

IV. Девзинчуьнан маь1на дар, т1еч1аг1дар.

Тахана х1ун девзи шуна?

Шен Даймахке муха безам бара цуьнан?

Кхин х1ун езара цунна? (лаьмнаш, 1алам, Орга)

-Адам санна садоцчу х1уманан т1едерзош дош аларан исбаьхьаллин кепех олицетворени олу.

Стихотворенехь билгалъяккха олицетворени.

 

Даймохк, 1алам, б1аьсте бохучу дешнашна синквейн х1оттае.

V. Рефлекси.

Чекхъяха предложенеш

Суна урок………..

Тахана суна урокехь хиира……..

Ас тахана бинчу балхана со реза……….

 

VI. Ц1ахь бан болх балар

Аг1о 214-217

 

 

 

 

 

 

    1-ра тоба                                    2-г1а тоба                                             3-г1а тоба

     Даймохк                                            1алам                                                Б1аьсте

Хьоме, хаза                                 тамашийна, хаза.                                      Йовха, исбаьхьа.

 Лору, беза, ларбо.                 Самукъадоккху, хьосту, цецвоккху.           Дебош, кхиош, хаздеш.

Сан дай баьхна латта               1алам лардан деза вай.                           Адамийн дахаре беркат дохьу.

Марзо.                                        Бахам.                                                          МУР.

              

 

Кластер

                 Баьццара духар                  йовхо               беш

                                                                      Малх              дитташ

Денделла 1алам

                                                          Б1аьсте                олхазарш

 

Деха                                                баьццара                  хаза дуьне

денош                                              буц                           х1ума д1аер

1. Г1иллакхо лайх эла во, г1иллакх цахиларо элах лай во.                                                                                                                                      2. Оьздачу стагаца дов хилар тоьлу, оьзда воцчуьнца гергарло хуьлучул.                                                                                                               3.Г1иллакхо г1ала яьккхина.                                                                                                                                            4.Оьзда воцу стаг хьошалг1а веъча дика лелаве, оьздачунна чохь ерг хьалха йиллича а тоьар ду.                                                                                                                               5. Воккхачо аьлларг динарг дохко ца ваьлла.                                                                                                                                                                                          6. Воккхачо аьлларг цадинарг бердах вахна.                                                                                            7. Деца къамел ма де, нана юккъе лелае.                                                                                              8.  Воккхах волчунна хьо жима вацахь, жимачунна воккха а хир вац хьо.


 

Урокан ц1е: Шима Окуев «Б1аьсте» стихотворени

Урокан ц1е: Шима Окуев «Б1аьсте» стихотворени

Стенах лаьцна ду и дийцар? -

Стенах лаьцна ду и дийцар? -

Ойла йоцуш динарг- гIайгIа йоцуш доьрзур дац

Ойла йоцуш динарг- гIайгIа йоцуш доьрзур дац

Нохчийн маттах лаьцна муьлха дешнаш,байташ хаьа шуна?ДIаешал

Нохчийн маттах лаьцна муьлха дешнаш,байташ хаьа шуна?ДIаешал

Даймехкан хазалла евзина аганахь,

Даймехкан хазалла евзина аганахь,

Дешархошка рогIехь ешийтар. 4)

Дешархошка рогIехь ешийтар. 4)

БIаьстенан Iаламо хIун тIеIаткъам бина поэтан cинхаамашна? 4-гIий, 5-гIий байташ дIайоьшу

БIаьстенан Iаламо хIун тIеIаткъам бина поэтан cинхаамашна? 4-гIий, 5-гIий байташ дIайоьшу

Далла хастам а беш, уьш лардар, лелор; иманехь а, оьзда а хилар;

Далла хастам а беш, уьш лардар, лелор; иманехь а, оьзда а хилар;

Даймохк 1алам

Даймохк 1алам
Материалы на данной страницы взяты из открытых истончиков либо размещены пользователем в соответствии с договором-офертой сайта. Вы можете сообщить о нарушении.
19.01.2021