Поурочный план "Масдар"
Оценка 4.9

Поурочный план "Масдар"

Оценка 4.9
docx
21.08.2024
Поурочный план "Масдар"
урок Масдар.docx

1.Класс: 7.

 

2.Предмет: Нохчийн мотт

 

3.Урокан ц1е: Масдар классашца а, терахьашца а хийцадалар. Хьалхарчу урокехь 1амийнарг т1еч1аг1дар.

 

4.Урокан тайпа: Хаарш шордаран а, к1аргдаран а.

 

5.Урокан г1ирс: книга, ручка, тетрадь, карточкаш, слайдаш.

 

6.Х1оттош долчун хьесап (гайтамаш) 1алашонаш.

 

Кхеторан: Масдаран - «класс а, терахь а билгалдаккха хаар. Классан гайтам мичхьа хила тарло (дашна хьалха а, юккъехъ а). Цунна масалш дало хаа деза.

Масдарийн терахьашца хийцадалар 1амор.

 

Кхиоран: Берийн хаарш к1аргдар, шордар.

 

Кхетош—кхиоран: Нохчийн матте болу безам кхиор.

 

 

Урокан некъ.

 

Хьехархочо маршалла хаттар, белхан меттигаш кийча хилар таллар

 

 

 

Урок д1аяхьар.

 

 

 

 

I.        Ц1ахь бина болх таллар.

 

1. Цхьана дешархочуьнга дуьйцуьйту масдарх лаьцна. Даладойту масалш, ц1ахь кхочушдинчу шардар т1ера.

 

2. Дешархошка йоьшуьйуьйту ц1ахь язйина сочинени-дийцар. Царна ц1ераш тохку, нисдан атта долу г1алаташ нисдо, кхидерш ц1ахь тодан дуьту.

 

II.        Кхеторан диктант. Слайд.

Хазачу дахарна масанен дог кхехка, сакъоьруш, совдаха дахаран сахьташ. Сан дада вирзина кешнашка д1а, сан раг1 гена яц, суна цагарх.Гергарло аса сихха хадади хьоьца—маларо маса стаг х1аллакви—кха. Хьарг1ана санна, стиглахь кхозу буьйса, шенна йисна ц1ен—к1ур хаьлла к1отар. Бобер санна, даг чохь къора воьлхий, и сан лазам ломан к1ажахь соьца. Жоп доцуш дисира сан пхенаш озийна хаттар. Хьом—м х1инца нахах д1атарвелла веха, и хилла—кх дахарехь хан хазахетар. Аса халонца сайн са къуьйсур, вижар доцуш, сацар лоьхуш, сайн пхьор—рицкъ нахе доьхуш. Жоп доцу и хеттарш ца дер аса хьоьга,--тоьар ду хьох девлча х1оьттинарг тхоьга.

 

Т1едиллар.

- Масдарш билгалдаха. Муьлхачу хандешан формех, муьлхачу некъашца кхоллалуш ду уьш.

- Цара х1ун гойту?

 

 

Синквейн (масал) Слайд.

 

Малар

 

Боьха, сонта,кхераме

 

Иэрча а воккху, дакъаза а воккху, кхетамчуьра а воккху.

 

Маларо стеган дахар иэрчадоккху.

 

Г1айг1а—бала.

 

 

 

III.        Керла коьчал йовзийтар. Хьалхарчу урокехь 1амийнарг каладоккху.

 

Дешархошка йоьшуьйту 30-г1а §. Бераш.ца кхетачух кхетадо.

 

Хаттарш.

 

 

- Классашца хийцалой масдарш? Даладе масалш

 

- Масдарна мичхьа меттехь хила тарло классан гайтам: хьалха я юккъехь? Даладе масалш.

 

- Муьлхачу къамелан декъах тера хуьлу масдаран терахьашца хийцадалар? Даладе масалш.

 

- Хандашо санна цкъа я дукхазза дар я хилар гойтий масдаро? Даладе масалш.

 

Ж а м дар: Муха хийцало масдар? Даладе масалш.

 

 

IV.        1амийнарг т1еч1аг1дар.

 

Карточкашца болх.

 

1-ра тоба

 

Масдарш кхолла х1окху хандешнех:

Ала, дийца, хата, саца, мала, къежа, лаца, хаба,1ама, вела, 1илла,д1адоло.

 

 

2-г1а тоба

 

Духа, хьажа, леда, кхосса, кхолла, йохо, довза, лахийта, хьехавайта, т1етовжа.

 

 

3—г1а тоба.

 

Хьахавала, лакхаваккха, хьахо,вела, цаста, эг1а, дага, зарза, даха,белхо.

 

 

1. Кхочушде 193-г1а шардар .

 

2.- Paгl бохучу дашна х1оттае дошаман статья. Дуй оцу дешан т1едеана маь1на? Омоним ялалур ярий paгl бохучу дашна?

 

Слайд.

 

Кеп: Раг1 (рег1ан, рег1ана, perlo, perle, й; дукх. тер. раьг1наш ) невысокий горный хребет; рег1ан басе - склон горы;

 

Paгl - (рог1ан, рог1ана, porlo, porle, й; дукх. т. раьг1наш, й) очередь, porle х1оттастать в очередь (масех маь1нехь ду раг1 боху ц1ердош цунах омонимаш олу)

 

 

1.    Кхочушде 195-г1а шардар (барта)

 

Слайд.

2.    Тазъялар бохучу дашна бе фонетически къастам.

7—элп, 8 з.

Т- мукъаза

А- мукъа

Зъ- мукъаза,шалха

Я- (йа)ши аз, мукъа

Л-мукъаза

А-мукъа

Р-мукъаза

Слайд.

 

3.    Къастар - къестар, къахкар - къехкар, къарзар -къерзар боху масдарш юкъа а далош, предложенеш х1иттае. Дийца мосазза (цкъа я дукхазза) дар я хилар гойту цара.

 

 

V.        Ц1ахь бан болх.

 

1. 1амае 30-г1а §.

2. Кхочушде 194-г1а шардар.

 


 

Класс: 7. 2.Предмет: Нохчийн мотт 3

Класс: 7. 2.Предмет: Нохчийн мотт 3

Т1едиллар. - Масдарш билгалдаха

Т1едиллар. - Масдарш билгалдаха

Духа, хьажа, леда, кхосса, кхолла, йохо, довза, лахийта, хьехавайта, т1етовжа

Духа, хьажа, леда, кхосса, кхолла, йохо, довза, лахийта, хьехавайта, т1етовжа
Материалы на данной страницы взяты из открытых истончиков либо размещены пользователем в соответствии с договором-офертой сайта. Вы можете сообщить о нарушении.
21.08.2024