Дешаран урок
Урокан ц1е: аз а, элп а Ю ю(Ю)
1алашонаш:
1.Предметни:Аз а , элп а Ю довзийтар, элп Ю шиъ аз долуш хилар д1акхачор , элп Ю юкъадог1у дешнаш деша 1амор .
2.Метапредметни:
· Регулитивни:шеен белхан план х1отто хаар, цу планан рог1аллица дешаран корматалла караерзо хаар.Шен белхан мах хадо хаар.
· Познавательни:ю элпо шиъ аз билгалдар хаар,дешнашкахь къайладаьккхина дакъа карор, логически кхетам кхиор.
· Коммуникативни:Хьехархочун хаттаршна жоп далар кхиор, вовшаша дуьйцачуьнга ладог1а 1амор.
3.Личностни:1аламе къинхетам кхоллар..
Урок д1аяхьар.
1.Маршалла хаттар.
2.Дешаре шовкъ кхоллар.
Буц хьакха со воьдуш ву,
Цундела ас мангал тусу.
Буьрка ловзош со уьду,
Юьзна яцахь ас и (юсу)
Арахь тахна ч1ог1а ков туху
Араволуш ас палш …..(юху)
Накхармозий дера ду
Шаьш 1е ца дитча
Тухуш ….(Ю)
Юлу буса борз ша уг1у
Кхоьруш ас т1етосу …(юрг1а)
3.1алашо йовзийтар.
-Х1ара х1ун ю?(ю,юрг1а)
-Муьлха чу элпаца болх бан 1емар ду вайна тахана?(Ч)
-Х1орш х1ун ю?(Дешдакъош)
-Х1ун дийр ду царна?(Деша 1амор ду)
-Х1орш х1ун ю?(Дешнаш)
-Х1ун дийр ду царна ?(Дешнаш деша 1амор ду)
-Х1ун 1амор дув ай урокехь?
-Книги т1е а хьовсуш план х1оттае шайн белхан.
1. Суна девзвр ду аз а, элп а…
2.Суна 1емар ду…..
4.Керла тема хьехар.
А) Аз а,элп а Ю ю (Ю) довзийтар.
-Х1ун ю суьрта т1ехь гуш ерг? (Ю )
-Юрг1а дашехь деша юьххьехь муьлха аз хеза? (Й)
-(Й) мукъа ду , я мукъаза ду?
-Х1ун бос бу цуьнан схемехь?(Сийна)
-Шолг1а муьлха аз хеза?(У)
-(У) мукъа ду, я мукъаза ду?
-Х1ун бос бу цуьнан схемехь?
-Схеме хьовса.Ю дашехь масса аз ду?(шиъ)
-Ю дашехь масса элп ду?(цхьаъ)
-Муьлханиг ду иза.
-Нохчийн маттахь ю элпо шиъ аз билгалдо .Уьш ду (Й,У)
-Хьовсал, х1ара зорбанан доккха элп Ю ду, х1ара зорбанан жима элп ю ду. Стих дагаяийта . Стенах тер аду элп Ю.
· Стих
О басах ца карчийта
Ножах ахь и тасийта.
Цунах элп ша хилийта
« Ю» элп дац и алийта.
· Довза аз
Накхар мозано ша ца битича тухуш ерг?
Б)Дешдакъош дешар.
Хьехархочо д1агойту элп ю.
-Алал массара ЛЛЛЛ.
Цунна уллодохку мукъаза элпаш .
ЮЮЮРРР
ЮЮЮХХХ
ЮЮЮССС
ЮЮЮЗЗЗ
ЮЮЮКЪКЪ
5. Сада1аран миноташ.
Юкъ
Мор буззий ас дечиг дохьу,
Туьллу иза пеша тхайн.
Пешо тхуна йовхо йохьу,
Серла доху дегнаш дайн.
Яга ц1е хьо, сирла яга,
Дечиг дага, сиха дага,
Алу тхуна алсам луо,
Цуьнца цхьаьна йовхо луо.
Кхерчахь дечиг даьгна дели,
Цунах алсам юкъ ма ели.
Кха т1еюхкур ю и оха,
Хьо ца оьш у, дада, воха.
6.Керла тема кхин д1а а хьехар.
А)Дешнаш дешар.
-Муьлха дешнаш яздина даккхийчу элпашца?Х1унда?
Б)Т1едуза дош.
-Д1адеша хьалхара дешдакъа .(юс)
Х1ун т1етухар дара аша цунах дош хилийта?(та)
--Д1адеша шолг1а дешдакъа .(юх)
Х1ун т1етухар дара аша цунах дош хилийта?(ку)
--Д1адеша кхоалг1а дешдакъа .(ю)
Х1ун т1етухар дара аша цунах дош хилийта?(са)
Юс…(та) к1е…(за)
Юх…(ку) къор….(за)
Ю…(СА)
Юр…(г1а)
7.Рефлекси.
-Чакяккха сан ойла
Суна девзира….
Суна 1емира….
Со кхийтира….
Со ца кхийтира…
© ООО «Знанио»
С вами с 2009 года.