РП и КТП 4 класс
Оценка 4.7

РП и КТП 4 класс

Оценка 4.7
Документация
docx
русский язык
4 кл
08.12.2022
РП и КТП 4 класс
Рп и КТП по чеченскому языку для 4 класс
РП и КТП 4 класс (1) (1).docx

НОХЧИЙН МОТТ

                                    ДОВЗИЙТАРАН КЕХАТ

Программа х1оттийна юьхьанцара юкъарадешаран федеральни пачхьалкхан дешаран стандартан буха т1ехь, базисни дешаран планан 3-чу варианто нохчийн маттана луш йолчу таронашца нисъеш. Нохчийн мотт хьехаран башхалла билгалъяьккхина тематически планаш т1ехь Солтаханов Э. язйинчу «Нохчийн мотт» учебникаца нисъеш - 2022 шо.

Юьхьанцара юкъарадешаран школа - мехала, керла, жоьпаллин мур бу беран дахарехь: х1окху школехь д1адолало диллина долу дешар, кхузахь шорло цуьнан гонахарчу дахарца йолу юкъаметтигаш, хийцало юкъараллин дарж, а, ша -шен вовзийта оьшуш хилар, а совдолу. Т1аьхьа хиндолчу дерриге, а дешаран бух кхуллу юьхьанцарчу школашкахь. Юьхьанцарчу школехь нохчийн матто, кхечу предметаша санна, меттан 1илманан декъехь шен маь1ница, а йоккха меттиг д1алоцу. Цуьнан дешарца, а, кхетамца кхиорехь, а доккха маь1на ду.

Маттах лаьцна хаарш, барта, а, йозанан, а къамелан хаамаш караберзорца дешархойн таро хуьлу кхийолу дешаран предметаш а кхиамца 1амо, цуьнца цхьаьна гонахарчу дахарх дозуш долу шайн хаарш шордан.

«Школана хьалха лаьтта декхарш кхочушдарехь 1аламат доккха маь1на ду ненан меттан, х1унда аьлча школо болх оцу маттахь д1аболорца караерзайо беро дахарехь гулйина а ненан маттахь билгалйолуш йолу а хьекъалан хазна. Оцу кийчачу буха т1ехь школо д1ах1оттабо ша кхид1а а бен болу болх, аьлча а дуьненах лаьцна болу берийн кхетам алсам а боккху, уьш г1иллакх-оьздангалла йолуш кхиорехь а царна дешар 1аморехь а дерриге а декхарш кхочуш а до.

Вайн школашкара дешархой юкъараллин пайдечу къинхьегамна а, нохчийн къоман беркате т1аьхье хинйолчу кепара а кечбаран декхарца цхьаьна царна нохчийн меттан хаамаш балар доккха маь1на долуш ду.

Юьхьанцарчу муьрехь ненан мотт хьехаран коьрта декхар ду къамелан г1уллакхан цхьадолу тайпанаш 1амор (кьамелеладог1аррий, цунах кхетаррий; вистхила 1аморрий; дешаррий, йозий). Цул сов, оцу муьрехь ондда бух кхолла беза ненан маттахь вовшашца т1екаре хила хаарна, иза берашна хьехаран а, кхетош-кхиоран а коьрта г1ирс хилар хаийтарна.

Цуьнца цхьаьна кхийолчу дешаран предметийн санна, не­нан матто юьхьанцарчу муьрехь кхочушдан деза цхьадолу мехала юкъара г1уллакхаш а:

- дешархойн 1аламах а, юкъараллих а долу хааршший, 1илманан юьхьанцара кхетаммий кхиор;

- логически, а, васт х1отторан а ойла кхиор;

- къинхьегаме, а, цуьнца цхьаьна дешаре, а болу лаам кхиор;

- лакхарчу классашкахь кхиамца деша бераш кечдар;

- гонахарчу дахарца йолу юкъаметтиг а, нахе йолу нийса дог-ойла а кхетош-кхиор.

1.     КХОЧУШДАН ЛЕРИНА ЖАМ1АШ

Юьхьанцара юкъарадешаран школа - мехала, керла, жоьпаллин мур бу беран дахарехь: х1окху школехь д1адолало диллина долу дешар, кхузахь шорло цуьнан гонахарчу дахарца йолу юкъаметтигаш, хийцало юкъараллин дарж а, ша -шена вовзийта оьшуш хилар а совдолу. Т1аьхьа хиндолчу дерриге а дешаран бух кхуллу юьхьанцарчу школашкахь. Юьхьанцарчу школехь нохчийн матто, кхечу предметаша санна, меттан 1илманан декъехь шен маь1ница а йоккха меттиг д1алоцу. Цуьнан дешарца а, кхетамца кхиорехь а доккха маь1на ду.

Маттах лаьцна хаарш, барта а, йозанан а къамелан хаамаш караберзорца дешархойн таро хуьлу кхийолу дешаран предметаш а кхиамца 1амо, цуьнца цхьаьна гонахарчу дахарх дозуш долу шайн хаарш шордан.

  Школана хьалха лаьтта декхарш кхочушдарехь 1аламат доккха маь1на ду ненан меттан, х1унда аьлча школо болх оцу маттахь д1аболорца караерзайо беро дахарехь гулйина а ненан маттахь билгалйолуш йолу а хьекъалан хазна. Оцу кийчачу буха т1ехь школо д1ах1оттабо ша кхид1а а бен болу болх, аьлча а, дуьненах лаьцна болу берийн кхетам алсам а боккху, уьш г1иллакх-оьздангалла йолуш кхиорехь а, царна дешар 1аморехь а дерриге а декхарш кхочуш а до.

Вайн школашкара дешархой юкъараллин пайдечу къинхьегамна а, нохчийн къоман беркате т1аьхье хинйолчу кепара а кечбаран декхарца цхьаьна царна нохчийн меттан хаамаш балар доккха маь1на долуш ду.

Юьхьанцарчу муьрехь ненан мотт хьехаран коьрта декхар ду къамелан г1уллакхан цхьадолу тайпанаш 1амор (кьамеле ладог1аррий, цунах кхетаррий; вистхила 1аморрий; дешаррий, йозий). Цул сов, оцу муьрехь ондда бух кхолла беза ненан маттахь вовшашца т1екаре хила хаарна, иза берашна хьехаран а, кхетош-кхиоран а коьрта г1ирс хилар хаийтарна.

Цуьнца цхьаьна кхийолчу дешаран предметийн санна, не­нан матто юьхьанцарчу муьрехь кхочушдан деза цхьадолу мехала юкъара г1уллакхаш а:

-        дешархойн 1аламах а, юкъараллих а долу хааршший, 1илманан юьхьанцара кхетаммий кхиор;

- логически а, васт х1отторан а ойла кхиор;

- къинхьегаме а, цуьнца цхьаьна дешаре а болу лаам кхиор;

- лакхарчу классашкахь кхиамца деша бераш кечдар;

- гонахарчу дахарца йолу юкъаметтиг а, нахе йолу нийса дог-ойла а кхетош-кхиор.

Программин бухе ехкина х1ара принципаш:

-    уьйран принцип, къамел кхиоран декъехь дешархой т1екаре хила 1амор шегара лоьхуш йолу;

-   кхетамаллин принцип, мотт 1аморца доьзнарг кхетам болуш 1амор лоьхуш йолу.

Программо маттаца дозург практически карадерзо дезарг къастийна ца 1аш, меттан хиламаш, цара маттехь д1алоцучу меттиге хьаьжжина, хьалха-т1аьхьа уьш караберзор а тидаме эцна.

Нохчийн мотт 1аморехь дешархойн дешнийн барам совбаккхар а ду мехала. Жигара шех олуш болу дешнийн барам х1ора классехь билгалбеш тидаме эцнарг х1ара ду: оцу барамехь дешнаш берийн лексикехь хилахь, цара таро лур ю царна х1ора денна йоза - дешар 1аморан декъехь т1екаре хила. Юьхьанцарчу классийн дешархойн лексикийн барам 3000 гергга дош хила деза, царах 600 дош карадерзадо цара 1-чу классехь, 700-шолг1ачу классехь, 800-3-чу классехь, 850-4-чу классехь. Хьехархочо шен лаамехь церан барам совбоккхуш х1ора классехь юкъадало тарло кхин а 50-70 дош.

И дешнаш жигара карадерзор д1ахьо церан лексически цхьа маь1наш хилар а довзуьйтуш, омонимаш, синонимаш, антонимаш йовзийтарца, дешхьалхенийн, суффиксийн г1оьнца цхьана орамах керла дешнаш кхолларца.

Дешархошна бовзуьйту дешан фонетически, морфологически х1оттам, цара 1амадо коьрта къамелан дакъош а, церан грамматически категореш а, предложенехь оцу къамелан дакъоша кхочушден синтаксически г1уллакх а. Лексически а, грамматически декъехь дешнаш карадерзор деа шарахь д1ахьо.

Грамматически а, орфографически а материал программи юкъа ялийна х1ора т1ейог1учу классехь т1етт1а шоръяран, к1аргъяран, чолхеяккхаран хьесапехь.

Массо а кепара мотт 1аморан а, къамел кхиоран а г1уллакх кхочушдина самукъанечу, еша дог дог1учу тексташна а, упражненешна а т1ехь.

Программехь коьрта меттиг д1алоцу т1екаре хила 1аморан карадерзораш, шардарш кхиоран балхо. Барта къамел кхиор хила деза дешархойн коьртачу тидамехь уьш еша а, яздан а 1емачу хенахь а, грамматикех болу хаамаш царна бовзуьйтуш а, йозаелла тексташ х1иттош а, упражненеш кхочушъеш а.Х1ора урокехь берийн дистхилар алссам хила деза: хаттарш деш, царна жоьпаш луш, шайх лаьцна дуьйцуш, вовшашца къамел деш, хьехархочуьнца юкъаметтиг лелош, ешначун чулацам юха схьабуьйцуш.

Дешан маь1ни т1ехь а, аларна, нийсаяздарна а т1ехь бен болх биллина беш хилар мехала ду. Билгалйинчу темина, суьртах, бинчу тидамех, кинох лаьцна шайна еллачу кепаца а, шаьш а дийцаран, хаттаран, айдаран, т1едожоран предложенеш, тексташ, диалогаш х1итто 1амо деза бераш.

Юьхьанцарчу школехь нохчийн мотт 1аморан 1алашонаш:

·        т1екаре хила дезаран, йоза-дешар кхид1а а 1амо дезаран 1алашонца нохчийн мотт караберзор;

·        къамелдаран хьуьнарш кхиор, нохчийн маттахь вовшашца т1екаре лело хаар;

·        нохчийн меттан лексикех, фонетикех, грамматикех болу т1еххулара хаамаш караберзор;

·        ладог1а, вистхила, шен маттахь еша, яздан хаар карадерзор;

·        Нохчийн Республикин пачхьалкхан нохчийн матте шовкъ кхоллар, шен къоман культурин дакъа иза хиларе терра.

Юьхьанцарчу школехь нохчийн мотт 1аморан метапредметни жам1аш:

·        хезаш долу къамел цхьатера т1елацар  ( баккхийчара а, шен нийсархоша а олург, берийн радиопередачашкахь, аудиозаписашкахь, кхечу хаамийн технологийн кепашкахь хезарг);

·         дешнаш, дешдакъош, аьзнаш, аьзнийн цхьаьнакхетарш, предложенеш ала а, х1итто а карадирзина хилар;

·         билгалйинчу темина диалог х1отто, даьржина а, доцца хаттаршна жоьпаш дала а, диалог д1айоло а, чекхъяккха дог дар карадирзина хилар;

·        кечам бина а, боцуш а, кхеташ, сиха къастош ешар, текст йоцца а, хоржуш а юха схьайийцар карадирзина хилар;

·        хьехархочун г1оьнца а, ша а, орфографически а, пунктуационни а бакъонаш ларъеш талламан а, 1аморан а кепара белхаш кхочушбан хаар карадирзина хилар;

·        ша язбина белхаш талла а, нохчийн маттах шен долчу хааршна вукху предметашца дустарца анализ ян а хаар карадирзина хилар;

·        нохчийн меттан чулацаме хьаьжжина юьхьанцарчу дешаран материальни а, хаамийн а гонахехь болх бан хаар карадирзина хилар;

·        школехь а, школал арахьа а нийсархошка а, баккхийчаьрга а вистхила хаар карадирзина хилар.

·        Юьхьанцарчу школехь нохчийн мотт 1аморан предметни жам1аш:

·        ладог1а хууш хилар: дуьйцучун чулацамах а кхеташ, къамел хазаран хьесапехь т1елацар;

·        нохчийн меттан фонетически система евзаш хила езар: мукъа а, мукъаза а элпаш а, аьзнаш а къасто, дешнаш дакъошка декъа а, аьзнаш ала а хууш хилар;

·        шен меттан доцу (т1еэцначу дешнашкахь бен ца лела) аьзнаш а, аьзнийн цхьаьнакхетарш а довза а, нийса схьаала а хууш хилар;

·        дешнаш, церан грамматически форманаш а евзаш, уьш муха кхоллаелла а, царах предложенеш вовшахтаса а, къамелехь пайда эца а хууш хилар;

·        нийсаяздаран бакъонаш евзаш хилар: доккха элп, дешдакъошца дош сехьадаккхар, сацаран хьаьркаш;

·        карадирзинчу хаарех дешаран а, вовшашца йолчу юкъаметтигашкахь а пайда эца хууш хила везар: диалог д1аяхьа, хаттаршна жоьпаш дала, евзаш йолчу лексикин бараме хьаьжжина, шегара хаттарш х1итто, текст юхасхьайийца, суьрташка хьовсуш предложенеш, тайп-тайпанчу теманашна билгалйинчу тематически кепашца йоцца монологически тексташ х1итто хууш хилар (чолхе доцу суртх1оттор, дийцар, ойлаяр);

·        хезаш а, шен дагахь а, къастош а еша къаьстина предложенеш а, тексташ а цхьаьна, хууш хилар;

·        текст дакъошка екъа а, царна ц1ерш тахка а, план х1отто а, т1едахкарш т1едуза а, т1еяздан а, х1уманийн, суьртан куц-кеп довзийта а хууш хилар;

·                 мотт къоман культурин цхьа дакъа а, уьйран г1ирс а, пачхьалкхан мотт а хиларх кхеташ хилар.

2.     Юкъарадешаран юьхьанцарчу дешаран нохчийн меттан предметан чулацам

Программехь «Нохчийн мотт» предметан чулацам билгалбина дешаран декъан т1ег1анашка хьаьжжина.

2-4 -чуй классашкахь цхьаьнадог1уш (комплексно) къамел кхиор, грамматикин а, орфографин а пропедевтически курс.

3-чу классехь кхул хьалхарчу классашкахь барта а, йозанан а къамел кхиоран декъехь карадерзийна хаарш шордеш, к1аргдеш болх кхид1а а д1ахьо. Берийн тидам къамелехь хандешнех, билгалдешнех, лач дожаршкахь ц1ердешнех пайдаэцарна т1е берзабо. 3-чу классехь меттан лингвистически, культурни кхетамашна т1еберзабо. 1амийнчу материала т1ехь юкъара маь1на до: ц1ердашах, билгалдашах, ц1ерметдашах, хандашах, дешт1аьхьенах юкъара кхетам ло. Оьрсийн маттахь род ю, хандешнаш яххьашца а хийцало. Вайн маттахь ц1ердешнийн кхо класс ю (божарийн, зударийн, кхийолу). Церан предлогаш ю, вайн - дешт1аьхьенаш. Х1ара а, меттан кхин а башхаллаш тидаме эца езар ю. Нийсаяздаран бакъонийн а, царах нийса пайда эцаран буха т1ехь кхоллало дешархочун йозанан, шех нийса олуш долу къамел. Цу декъехь алсам тидам т1ебохуьйту 1аморан сочиненешна а (ши х1ума юстарца йовзийтар, суртх1отторан кепехь дийцар), 1аморан декъера изложенешна а.

Комплексно къамел кхиоро шена чулоцу:

-школехь а, школал арахьарчу дахарехь а т1екареш д1акхехьа оьшучу барамехь ладог1а а, къамел дан а, еша а, яздан а карадирзина хилар;

-юьхьанцара школа чекхъяьккхича кхид1а а деша таро лучу кепара а, вовшашка парг1ат бистхила аьтто беш а болу дешнийн барам дешархочун хазнехь хилар;

-къамелан диалогически кеп практически карайирзина хилар (къамел дар, къамелаца къовсам д1абахьар); дешар т1ехь а, юкъарчу декъехь къамелехь оьздангалла ларъян хаар: салам-маршалла хаттар, 1одикаяр, баркалла алар, дехар дар;

-монологически къамелан т1еххулара форманаш карайирзина хилар: бинчу балхах лаьцна барта жам1 дар, цхьана билггалчу теманах лаьцна шена хетарг алар, планан а, хаттарийн буха т1ехь шен тексташ кхоллар;

-дешархойн къамел дан хааран хьуьнарш кхиор, шен маттахь вистхила а, вовшашца къамеле вала а хаар, кхид1а деша хьуьнар хилар;

-нохчийн мотт дуьнене болу хьежам совбаккхарехь а, кхечу культурашца з1е тасаран оьшуш болу г1ирс хилла д1ах1отта безаш хиларх кхетар.

Барта къамел кхиъна а, ешар карадирзина хиларал сов, дешархойн йозанан къамел, цуьнан хат1 карадерзоран хаарш а хила деза.

Юьхьанцарчу классашкахь йоза яздан 1аморан декхар дешархошкахь х1ара карадерзораш, шардарш кхиор ду:

- нохчийн дешнаш, дешнийн цхьаьнакхетарш, предложенеш, яккхий йоцу йозаелла тексташ т1ера нийса схьаязъян хаар;

-ладог1арца орфографически а, пунктуационни а бакъонаш ларъярца текст нийса д1аязъян хаар;

-шен дозаделла йозанан къамел кхиъна хилар (хаттаршна жоьпаш дала, 1аморан изложенеш а, сочиненеш язъян хаар).

Йозанан белхаш кхочушбеш тидаме эца деза иштта х1ора беран каллиграфически кхачамбацарш а: элпан д1асатаь1на хилар, цуьнан лекхалла а, шоралла а, сизал арадалар, элпан сурт талхийна хилар и д1. кх. а. Цу 1алашонца тетрадаш т1ехь элпийн хила ма-еззара йолу кепаш яла еза, церан вукху элпашца хоттадалар муха хила деза а гойтуш (1-чу классехь х1ора дешархочун тетрадаш т1ехь, 2-4 классашкахь- хаьржина).

Ц1енаяздаран урокашкахь кхочушбечу белхан барам 1-чу классехь 1 мог1анал лахара хила ца беза, 2-чу классехь- 3 мог1анал, 3-4 классашкахь- 3мог1анал.

Йоза яздан 1аморан г1уллакх чекхдолу дозуш долу къамел кхиоран хаарш, шардарш карадирзинчул т1аьхьа. Йозанан къамел кхиор 1-чу классехь дуьйна хаддаза д1адахьа деза тайп-тайпана кечамбаран упражненеш кхочушъярца.

Талламан диктантийн, 1аморан изложенийн, сочиненийн дешнийн барам 1-4 классашкахь школан тайпане хьаьжжина, хийцалуш хила беза, амма юккъерчу хьесапехь иштта хила тарло:

Белхан тайпа

1-ра класс

2-г1а класс

3-г1а класс

4-г1а класс

диктант

5-25

25-30

35-40

60-65

изложени

-

25-30

55-65

80-90

сочинени

-

20-30

40-50

70-80

1аморан, а, талламан йозанан белхашна (хаттаршна жоьпаш, изложени, сочинени, диктант и д1. кх. а.) билгалдо к1ирнах 1 сахьт. И сахьт нохчийн маттана (грамматика, ешар) леринчу сахьташна юккъера схьаоьцуш ду. Изложенеш, а, сочиненеш, а 1аморан кепара хила еза. Бакъду, 4 классехь 1 талламан изложени язйойту. Изложенийн, сочиненийн тематика еххачу хенахь йовзийтинчу лексически темица йог1уш хила еза.

Нохчийн мотт 1аморехь кхиамаш хир бу, нагахь санна оьрсийн маттахь дешархоша карадерзийнчу хааршна т1етевжаш 1амош белахь. Масала, цхьатерачу грамматико-орфографически хиламех пайдаэцарца (аз, элп, мукъа, мукъаза аз боху кхетамаш; доккха элп; дош сехьадаккхар; предложених, дешдекъах, дашах болу кхетамаш и д1. кх. а.). Цара г1о дийр ду кхиамца материал караерзорехь а.

Тематически планашкахь нохчийн мотт кхаа декъехь балийна бу: хьалхарчу декъехь теоретически хаамашца йозаелла теманаш, а, ситуацеш, а ю; шолг1ачу декъехь хьалхарчу пунктехь билгалйинчу темица йозаелла маттах лаьцна коьчал ю; кхоалг1ачу декъехь дешархочо кхочушден г1уллакхаш ду довзуьйтуш.

 

 

 

 

 

 

 

ТЕМАТИКАН КЪАСТОРАН САХЬТАШ

  1 КЛАСС

 

          2 КЛАСС

Меттан декъехула йолу теманаш

Сахьт

1

1амийнарг карладаккхар

5

2

Аьзнаш а, элпаш а

12

3

Къамел. Текст. Предложени

8

4

Нохчийн абат, я алфавит.

5

5

Х1уманаш билгалъен дешнаш

10

6

Дешт1аьхьенаш

5

7

Х1уманийн дар билгалден дешнаш

10

8

Х1уманийн билгало гойту дешнаш

10

9

Гергара дешнаш

6

10

Предложени

10

11

1амийнарг карладаккхар

24

Деригге

 

105

 

        3 КЛАСС

Меттан декъехула йолу теманаш

Сахьт

1

1амийнарг карладаккхар

8

2

Аьзнаш а, элпаш а

2

3

Дош.Дешдакъа.Дош сехьадахар

10

4

Предложени

12

5

Текст

5

6

Дешан х1оттам

16

7

Къамелан дакъош

42

8

1амийнарг карладаккхар

10

Деригге

105

 

    4 КЛАСС

Меттан декъехула йолу теманаш

Сахьт

1

1амийнарг карладаккхар

11

2

Къамелан дакъош. Ц1ердош.

33

3

Къамелан дакъош. Билгалдош

12

4

Къамелан дакъош. Терахьдош.

3

5

Къамелан дакъош. Ц1ерметдош

5

6

Къамелан дакъош. Хандош

12

7

Чолхе предложени

2

8

Т1едерзар

1

9

1амийнарг карладаккхар

26

Деригге

 

105

 

 

 

 

 

 

 

 

Йоьалг1ачу классехь нохчийн меттан (йозанан) урокийн темин хьесап

 

 

 
Урокан ц1е

Сахьт

Терахь

Фк

  1.  

1амийнарг карладаккхар.

1

01.09.2022

 

  1.  

Дош. Предложени. Текст.

1

02.09.2022

 

  1.  

Аьзнаш а, элпаш а. Дешдакъа.

1

07.09.2022

 

  1.  

Аьзнаш а, элпаш а. Дешдакъа

1

08.09.2022

 

  1.  

Дешан х1оттам

1

09.09.2022

 

  1.  

Дешан х1оттам

1

14.09.2022

 

  1.  

Чолхе дешнаш  

1

15.09.2022

 

  1.  

Чолхе дешнаш  

1

16.09.2022

 

  1.  

Дешхьалхенийн нийсаязъяр.

1

21.09.2022

 

  1.  

Талламан болх «Тхан школа» (учебн. аг1о 10).

1

22.09.2022

 

  1.  

Г1алаташ т1ехь болх бар. Къасторан Ь, Ъ хьаьркаш.

1

23.09.2022

 

  1.  

Къамелан дакъош

1

28.09.2022

 

  1.  

Къамелан дакъош

1

29.09.2022

 

  1.  

«Хи т1ехь» изложении язъяр. (Уч. аг1о 30)

1

30.09.2022

 

  1.  

Предложенин цхьанатайпанара меженаш.

1

05.10.2022

 

  1.  

Предложенин цхьанатайпанара меженаш.

1

06.10.2022

 

  1.  

1амийнарг т1еч1аг1дар.

1

07.10.2022

 

  1.  

Талламан диктант. «Дог1а дар»

1

12.10.2022

 

  1.  

Текст.

1

13.10.2022

 

  1.  

Текст. Тестан тема а.

1

14.10.2022

 

  1.  

Текстан коьрта ойла.

1

19.10.2022

 

  1.  

Текстан ц1е тиллар. Текстан план х1оттор.

1

20.10.2022

 

  1.  

«Шеран заманаш» изложении язъяр. ( уч. аг1о 43)

1

21.20.2022

 

  1.  

Г1алаташ т1ехь болх бар.Т1еч1аг1дар.

1

26.10.2022

 

  1.  

Ц1ердош.

1

27.102.2022

 

  1.  

Ц1ерниг дожар.

1

28.10.2022

 

  1.  

 Доланиг дожар.

1

09.11.2022

 

  1.  

Лург дожар.

1

10.11.2022

 

  1.  

Дийриг дожар.

1

11.11.2022

 

  1.  

Дийриг дожар.

1

16.11.2022

 

  1.  

Коьчалниг дожар.

1

17.11.2022

 

  1.  

Хотталург а, меттигниг а дожарш.

1

18.11.2022

 

  1.  

Дустург а дожар.

1

23.11.2022

 

  1.  

Карладаккхар.Ц1ердешнийн дожарш.

1

24.11.2022

 

  1.  

Ц1ердешнийн легарш.

1

25.11.2022

 

  1.  

Ц1ердешнийн легарш.

1

30.11.2022

 

  1.  

Т1ера схьаязъяр «Ши пхид» (учебн.аг1о 65).

1

01.12.2022

 

  1.  

Ц1ердешнийн дукхаллин терахь.

1

02.12.2022

 

  1.  

Ц1ердешнийн дукхаллин терахь.

 

07.12.2022

 

  1.  

Талламан диктант. «Ши доттаг1»

1

08.12.2022

 

  1.  

Галаташ т1ехь болх бар. Т1еч1аг1дар.

1

09.12.2022

 

  1.  

Дукхаллин терахьера ц1ердешнийн чаккхенаш.

1

14.12.2022

 

  1.  

Суьрта т1ехь дийцар х1оттор. (Уч. аг1о 73)

1

15.12.2022

 

  1.  

Галаташ т1ехь болх бар. Ц1ердешан классаш.

1

16.12.2022

 

  1.  

Билгалдош.

1

21.12.2022

 

  1.  

Сочинени «1а» аг1о73

1

22.12.2022

 

  1.  

Г1алаташна т1ехь болх. Лааме, лаамаза а билгалдешнаш

1

23.12.2022

 

  1.  

Лааме а, лаамаза а билгалдешнаш.

1

28.12.2022

 

  1.  

Талламан диктант. «Дика доттаг1ий»

1

04.01.2022

 

  1.  

Г1алаташна т1ехь болх.

1

05.01.2022

 

  1.  

Билгалдешнийн дожаршца хийцадалар. (легар)

 

06.01.2022

 

  1.  

Билгалдешнийн хьалхара легар.

1

11.01.2023

 

  1.  

Билгалдешнийн хьалхара легар.

1

12.01.2023

 

  1.  

Билгалдешнийн шолг1а легар.

1

13.01.2023

 

  1.  

Билгалдешнийн шолг1а легар.

1

18.01.2023

 

  1.  

Карладаккхар. Ц1ердош а, билгалдош а.

1

19.01.2023

 

  1.  

Терахьдош

1

20.01.2023

 

  1.  

Масаллин а, рог1аллин а терахьдешнаш.

1

25.01.2023

 

  1.  

Масаллин а, рог1аллин а терахьдешнаш.

1

26.01.2023

 

  1.  

Ц1ерметдош. Юкъаракхетам

1

27.01.2023

 

  1.  

Яххьийн ц1ерметдешнаш

1

01.02.2023

 

  1.  

Изложени «Ши накъост» аг1о 107

1

02.02.2023

 

  1.  

Г1алаташна т1ехь болх.

1

03.02.2023

 

  1.  

Ц1ерметдош. Карладаккхар.

1

08.02.2023

 

  1.  

Хандош. Юкъаракхетам.

1

09.02.2023

 

  1.  

Хандешнийн хенашца хийцадалар.

1

10.02.2023

 

  1.  

Хандешнийн хенашца хийцадалар.

1

15.02.2023

 

  1.  

Сочинени «Дог1анах дойдда дог1у бераш». Суьрта т1ехь текст язъяр. (Уч. аг1о 118)

1

16.02.2023

 

  1.  

Г1алаташ т1ехь болх .Хандош.   Хандешан билгалза кеп.

1

17.02.2023

 

  1.  

 Хандош.   Хандешан билгалза кеп.

1

22.02.2023

 

  1.  

Хандешан чаккхенга Н яздар

1

24.02.2023

 

  1.  

Хандешан яхана хан.

1

01.03.2023

 

  1.  

Хандешан карара хан.

1

02.03.2023

 

  1.  

Хандешан йог1у хан.

1

03.03.2023

 

  1.  

Талламан диктант. «Школан кертахь»

1

09.03.2023

 

  1.  

Г1алаташна т1ехь болх Хандешнашца ца, ма нийсаяздар.

1

10.03.2023

 

  1.  

Чолхе предложении.

1

15.03.2023

 

  1.  

Чолхе предложении. Т1еч1аг1дар.

1

16.03.2023

 

  1.  

Т1едерзар.

1

17.03.2023

 

  1.  

1амийнарг  карладаккхар. Предложени.

1

22.03.2023

 

  1.  

1амийнарг  карладаккхар. Предложени.

1

23.03.2023

 

  1.  

«Синтар» изложении язъяр.

1

05.04.2023

 

  1.  

Г1алаташ т1ехь болх бар. Дешан х1оттам.

1

06.04.2023

 

  1.  

Дешан х1оттам.

1

07.04.2023

 

  1.  

Дешан х1оттам.

1

12.04.2023

 

  1.  

Къамелан дакъош.

1

13.04.2023

 

  1.  

Ц1ердош.

1

14.04.2023

 

  1.  

Ц1ердош.

1

19.04.2023

 

  1.  

Билгалдош.

1

20.04.2023

 

  1.  

Билгалдош.

1

21.04.2023

 

  1.  

Терахьдош.

1

26.04.2023

 

  1.  

Терахьдош.

1

27.04.2023

 

  1.  

Ц1ерметдош.

1

28.04.2023

 

  1.  

Ц1ерметдош.

1

04.05.2023

 

  1.  

Шеран талламан болх.

1

06.05.2023

 

  1.  

Г1алаташ т1ехь болх бар. Хандош.

1

10.05.2023

 

  1.  

Хандешан хенаш.

1

11.05.2023

 

  1.  

Хандешан хенаш.

1

12.05.2023

 

  1.  

Ц1ерметдош.

1

17.05.2023

 

  1.  

Ц1ерметдош.

1

18.05.2023

 

  1.  

Изложени язъяр. (уч. аг1о 161)

1

19.05.2023

 

  1.  

Г1алаташ т1ехь болх бар. Т1еч1агдар.

1

24.05.2023

 

  1.  

Резерв.

1

25.05.2023

 

  1.  

Резерв.

1

26.05.2023

 

  1.  

Резерв.

1

31.05.2023

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 


 

НОХЧИЙН МОТТ

НОХЧИЙН МОТТ

Цул сов, оцу муьрехь ондда бух кхолла беза ненан маттахь вовшашца т1екаре хила хаарна, иза берашна хьехаран а, кхетош-кхиоран а коьрта г1ирс хилар хаийтарна

Цул сов, оцу муьрехь ондда бух кхолла беза ненан маттахь вовшашца т1екаре хила хаарна, иза берашна хьехаран а, кхетош-кхиоран а коьрта г1ирс хилар хаийтарна

Вайн школашкара дешархой юкъараллин пайдечу къинхьегамна а, нохчийн къоман беркате т1аьхье хинйолчу кепара а кечбаран декхарца цхьаьна царна нохчийн меттан хаамаш балар доккха маь1на долуш…

Вайн школашкара дешархой юкъараллин пайдечу къинхьегамна а, нохчийн къоман беркате т1аьхье хинйолчу кепара а кечбаран декхарца цхьаьна царна нохчийн меттан хаамаш балар доккха маь1на долуш…

Юьхьанцарчу классийн дешархойн лексикийн барам 3000 гергга дош хила деза, царах 600 дош карадерзадо цара 1-чу классехь, 700-шолг1ачу классехь, 800-3-чу классехь, 850-4-чу классехь

Юьхьанцарчу классийн дешархойн лексикийн барам 3000 гергга дош хила деза, царах 600 дош карадерзадо цара 1-чу классехь, 700-шолг1ачу классехь, 800-3-чу классехь, 850-4-чу классехь

Юьхьанцарчу школехь нохчийн мотт 1аморан 1алашонаш: · т1екаре хила дезаран, йоза-дешар кхид1а а 1амо дезаран 1алашонца нохчийн мотт караберзор; · къамелдаран хьуьнарш кхиор, нохчийн маттахь…

Юьхьанцарчу школехь нохчийн мотт 1аморан 1алашонаш: · т1екаре хила дезаран, йоза-дешар кхид1а а 1амо дезаран 1алашонца нохчийн мотт караберзор; · къамелдаран хьуьнарш кхиор, нохчийн маттахь…

Юьхьанцарчу школехь нохчийн мотт 1аморан предметни жам1аш: · ладог1а хууш хилар: дуьйцучун чулацамах а кхеташ, къамел хазаран хьесапехь т1елацар; · нохчийн меттан фонетически система евзаш…

Юьхьанцарчу школехь нохчийн мотт 1аморан предметни жам1аш: · ладог1а хууш хилар: дуьйцучун чулацамах а кхеташ, къамел хазаран хьесапехь т1елацар; · нохчийн меттан фонетически система евзаш…

Берийн тидам къамелехь хандешнех, билгалдешнех, лач дожаршкахь ц1ердешнех пайдаэцарна т1е берзабо

Берийн тидам къамелехь хандешнех, билгалдешнех, лач дожаршкахь ц1ердешнех пайдаэцарна т1е берзабо

Барта къамел кхиъна а, ешар карадирзина хиларал сов, дешархойн йозанан къамел, цуьнан хат1 карадерзоран хаарш а хила деза

Барта къамел кхиъна а, ешар карадирзина хиларал сов, дешархойн йозанан къамел, цуьнан хат1 карадерзоран хаарш а хила деза

Белхан тайпа 1-ра класс 2-г1а класс 3-г1а класс 4-г1а класс диктант 5-25 25-30 35-40 60-65 изложени - 25-30 55-65 80-90 сочинени - 20-30 40-50 70-80…

Белхан тайпа 1-ра класс 2-г1а класс 3-г1а класс 4-г1а класс диктант 5-25 25-30 35-40 60-65 изложени - 25-30 55-65 80-90 сочинени - 20-30 40-50 70-80…

ТЕМАТИКАН КЪАСТОРАН САХЬТАШ 1

ТЕМАТИКАН КЪАСТОРАН САХЬТАШ 1

РП и КТП 4 класс

РП и КТП 4 класс

Урокан ц1е Сахьт Терахь

Урокан ц1е Сахьт Терахь

Талламан диктант. «Ши доттаг1» 1 08

Талламан диктант. «Ши доттаг1» 1 08

Чолхе предложении. 1 15

Чолхе предложении. 1 15

РП и КТП 4 класс

РП и КТП 4 класс
Материалы на данной страницы взяты из открытых истончиков либо размещены пользователем в соответствии с договором-офертой сайта. Вы можете сообщить о нарушении.
08.12.2022