Терахь:
Хьехархо:
Класс: 3
Урок: нохчийн литература
Коьчал: «Б1аьсте йог1у» Хь. Сатуев.
1алашо: Хь. Сатуевн «Б1аьсте йог1у» ц1е йолу стихотворении йовзийтар; нийса а, шера а, кхеташ а стихотворенин тексташ еша 1амор. 1аламе безам кхоллар.
Билгалбаьхна кхиамаш: берашан 1емар ду нийса а, кхеташ а яздархочун дог-ойла а гойтуш стихотворенин тексташ еша. Берашна 1емар ду текстера цхьацца аларш талла. Берашна хуур ду хьехархочун хаттаршна жоьпаш дала. Берашна 1емар ду 1аламан тидам бан, 1алам довза.
Урок д1аяхьар
Этап 1. Ц1ера болх таллар.
-Х1ун еллера шуна ц1ахь 1амо? («Хьуьнан акхарой б1аьста»)
-Шера д1адеша дийцар.
Этап 2. Мотт шарбар.
Кхо къиг кхо туьма, кхо кхокха.
-Д1адеша меллаша цхьанаэшарехь массара цхьана
чехкаалар.
-Д1адеша хезаш цхьанаэшарехь массара цхьана
чехкаалар.
-Дагахь 1амаде чехкаалар.
Этап 3. 1алашо йовзийтар.
-Муьлха произведени ю вайна тахана 1амо билгалъяьккхина? (Стихотворени «Б1аьсте йог1у»)
-Мила ву цуьнан автор? (Хь. Сатуев)
-Муьлха болх бийр бу вай и произведени дика 1амийта? Муьлха кхиамаш бахалур бу шуна тахана?
-Вайна тахана евзар ю ХЬ. Сатуевн «Б1аьсте йог1у» ц1е йолу стихотворении. Вайна 1емар ду нийса а, шера а, кхеташ а стихотворенин тексташ еша. Вайна 1емар ду хаттршна жоьпаш дала.
Этап 4. Керла тема хьехар.
а) Хьехархочо д1айоьшу Хь. Сатуевн «Б1аьсте йог1у» ц1е йолу стихотворении.
аь) Чулацамах къамел дар.
-Шеран муьлха зама ю стихотворении т1ехь ялийнарг? (Б1аьсте)
-Цуьнан муьлха билгалонаш гайтина цу т1ехь? (Малхо латта дохдина, сийна бай бу, зезагаш ду)
-«Акха г1езаш кхаьънаш дохуш, къилбаседера йог1у ц1а» бохучух муха кхета щу? (Г1арг1улеш бовхачу махкара ц1а йог1у маьхьарца)
-Д1абеша т1аьххьара биъ мог1а. Муха кхета шу царех.
Этап 5. Сада1аран миноташ.
Поезд
Хьехархо берашна хьалха д1ах1утту. Бераш вагонаш ю.
- Ма беха а бу вайн поезд! Гайтал чкъургаш муха юьйлало (бераш куьйгаш голашкахь сатта а дой, хьалха-т1аьхьа доьлхуш лела).
Вайн поезд д1абоьду,
Чкъургаш керчайо.
Поезд чохь д1адоьлхуш
Кегий бераш го.
Генна шаьш д1адоьлхуш
Дегнаш ийало.
- Сацийта! Соцунг1а ю! Мила ву ловза лууш. Сихха ара довла (бераш поезд чуьра ара а довлий, хьуьнан ц1азамаш лехьо х1уьтту). Поездан шок хеза. Бераша, юха а мог1а бой д1а а х1уьттий, поезд болаболуьйту.
Этап 6. Керла тема кхин д1а а хьехар
а) Бераша д1айоьшу Хь. Хасаевн «Б1аьсте йог1у» ц1е йолу стихотворении меллаша.
аь) Бераша д1айоьшу Хь. Хасаевн «Б1аьсте йог1у» ц1е йолу стихотворении хезаш.
б) Бераша д1айоьшу Хь. Хасаевн «Б1аьсте йог1у» ц1е йолу стихотворении стихотворении кхетош.
Этап 7. Рефлекси.
-Хун дара аша гуттар дика динарг? Х1ун дара ницкъ ца кхьчна дисинарг?
Этап 8. Жам1 дар.
-Муьлха произведени йийшира вай? Мила ву цуьнан автор?
-Х1ун хьоьху вайна цо?
Этап 9. Ц1ахь бан болх балар.
Хь. Хасаевн «Б1аьсте йог1у» ц1е йолу стихотворении стихотворении стихотворении дагахь 1амо.
Материалы на данной страницы взяты из открытых источников либо размещены пользователем в соответствии с договором-офертой сайта. Вы можете сообщить о нарушении.