• Методически рекомендацеш лерина йу берашца дешаран хаарш кхиоран болх кхочушбечу нохчийн меттан, литературин хьехархошна. Иштта лерина йу г1оьналлин хьокъехь хьехаран технологеш а, болх баран кеп хоржуш а.
• «Адам ойла йан соцу, йеша сецча» Д. Дидро
• «ЙЕШАР – иза берашна дахар а гуш, цунах болу хаамаш кхиош, шаьш а гуш долу кор ду. Берана хьалха иза схьаделлало 1амат йешарца цхьаьна йа 1амат схьа а йеллале, дашца беш болу болх д1аболалахь» В.А. Сухомлинский
•
• Дешаран говзалла – иза адаман текстах кхетар а, иза лело хаар а ду, ойла йар а ду чулацамах лаьцна, текст йеша а йоьшуш, цу т1ехь болх бан хаар ду. Оьшучу 1алашоне кхачархьама, шен хаарш шардар, юкъараллин дахарехь
• Дешаран говзаллин коьрта 1алашо- дешархойн ойлайаран хьелаш кхиор, дешар т1ехь эшна а ца 1аш, царна кхин д1а а дахарехь пайдехь хин долу;
• Дешархошна нийса буьстина сацам бан 1амор, хаамца (информацица) болх бан 1амор, х1ума массо а аг1ор талла 1амор.
•
Маца ала йиш хир йу хьехархочун «Сан дешархой соьгахула керла хаарш д1адиллина а ца 1аш, шаьш а 1емар бу и керланиг схьаделла».
Дешаран говзалла нохчийн меттан, литературин урокашкахь кхиор шина декъе декъало:
• дешархойн ойлайаран хьелаш кхиор, дешар т1ехь эшна а ца 1аш, царна кхин д1а а дахарехь пайдехь хин долу;
• Дешархошна нийса буьстина сацам бан 1амор, хаамца (информацица) болх бан 1амор, х1ума массо а аг1ор талла 1амор.
•
• Дешархочунна хууш хила йеза кху тайпа говзаллин аг1онаш:
Талла г1ирс (пробно-поисковые ситуации);
Къамел-дискусси;
Айхьа ло хаттар;
Хьехархочун шегара масал;
Барта дешнашца суртдиллар;
Дешнашца болх;
Драматизацин элементаш.
УРОКЕХЬ КОЬРТА ОЙЛАЙАРАН ТЕХНОЛОГИ МАСЕХ МУРАХ ЛАЬТТА
• 1 мур: «Кхайкхар» (Вызов).
• Дешархочо шена хаттар х1оттадо,«Суна х1ун хаьа текстах лаьцна?».
• 2мур: «Ойлайар» (Размышление).
• Ша х1оттийначу хаттаршна жоьпаш лоху дешархочо.
• 3 мур: «Рефлекси».
• Беро къастадо: шена хаа лиънарг, хиънарг, хала а, атта а хилларг,
• толлу, ша х1ун пайда ийцира а.
Берийн дешаран говзалла кхиош, тайп-тайпана приемаш йу хьехархошна г1оьнна лерина:
«Соцунг1ашца йешар»
«Синквейн»(Пхеа муг1анахлаьтта байт);
«Хеттарийн гуламца болх»
«Хаа, хиъна, хаа лаьа»
«Хьен т1елатар»
«Маь1игаш»
Кхоллараллин белхаш йаздар»
«Викторина йар»
«Хьерчийна логикин з1е»
«Дуьт1а а, стомма а хаттарш»
«Дийна суьрташ»
«Кегийна логикин з1е»-. Барамца йоккхачу текстаца болх бечу муьрехь ч1ог1а пайдехь йу прием «кегийна логикин з1е», х1унда аьлча цо г1о до сихха а, логически а ойлайан, эс кхиадо. Муьлххачу а дарсехь лело хьакъ долуш прием йу иза,урокан 1алашоне хьаьжжина. Уьн т1ехь йа карточкаш т1ехь д1айаздина аларш хуьлу, царех цхьадерш-г1алаташца. Дешархойн тобанан коьрта т1едиллар ду,текстаца уьйр д1атессинчул т1аьхьа аларийн рог1алла д1анисйар.
ТЕЛЕГРАФ
Нохчийн меттан урокехь дара бераш. Т1ехьа хиъна 1ачу Зулайга ц1ахь бан белла болх хаьттира хьехархочо. Йо1а кечам бина ца хиллера, мегаш жоп ца делира. «Охьахаа», - аьлла, журнала т1е цхьаъ-м д1айаздира хьехархочо. Зулайн синтем байнера, шена х1ун диллина ца хууш. Хьалхарчу стоьла уллохь вара «хаамхо» аьлла ц1е йахна Межиев. Меллаша цуьнга кхайкхира йо1: « 1ели, 1ели!». Важа кхийтира. Ша волчохь айавелла, журнала т1е хьаьжира. Т1аккха, куьг хьала а дахийтина, кхо п1елг гайтира цо. Цара лелочунна хьехархочо тидам бина хиллера.
- Хьажахьа, х1окху классехь-м телеграф а хилла, - элира цо, вела а велла. – Ма сиха д1акхечи Зулайга хаам!
1елина эхь хийтира. Цул т1аьхьа кхин болх ца бира «телеграфо»
Иштта кхин а пайдехь лерина йу урокашкахь ловзаран кепаш. Дешархойн дог дог1у цу тайпа урокашкахь болх бан а, дакъа лаца а. Царех масех прием йу нохчийн меттан, литературин урокашкахь лело пайдехь хир йолуш. («Б1аьца-театр»(мимика, ишар-жест), «ж1араш-х1уьп1лигаш», «Хьекъалаллин дитт»
Керлачу хаамийн , коммуникацин технологи коьртачех цхьаъ йу дешаран говзалла берашна 1амош. Цо гойту ца девзачу дешнашца болу болх. Кхузахь г1оьнна дошамех пайдаоьцу. (Мациев, Исмаилов)
Дешархошна керла хаам ма-барра шайна гойтуш хазахета, масала, суьрташца, х1унда аьлча б1аьрсинан эсаца берана керла хаам г1олехь дагахь лаьтта.
Чинтара к1айн-1аьржа чайта1, буу цо буто эрз.
Черно-белый медвежонок из Китая. Он ест бамбук.
Га т1ехь 1а, амма олхазар дац. Ц1ога хьаьрса ду, амма цхьогал дац.
Сидит на ветке, а не птица. Есть рыжий хвост, а не лисица.
Ду иза
доккха, мекхаш а ду,
Кхин а торг1а ду.
Хьайна иза гахь, ловза ма ловза!
Х1унда аьлча ду иза-…?
Он огромный и усатый,
А еще полосатый.
Если встретишь, не играйся!
Потому что это -….?
Лела иза
йовхачу Африкехь.
Ч1ог1а йеха ворта йу. Лекха йу, ишкап санна. Можа йу, ч1ама йу.
Гуляет он в жаркой Африке. Очень длинная шея. Высокий, как шкаф. Желтый, пятнистый
Воккха б1от1а,
мара ч1инт санна, даккхий лергаш.
Большой великан, нос как кран, большие уши.
Т1аьххьаора
суна ала лааьра,уггар хьалха берийн кхиамаш хьехархочух боьзна бу , х1унда
аьлча, хьехархо декхарийлахь ву берашна синлаттаме хуьллучу кепара керла хаарш
хьеха а, ша бечу белхан дешархошца коьрта декъашхо хила а. Т1аккха цуьнан
майрра ала йиш хир йу «Сан дешархой соьгахула керла хаарш д1адиллина а ца 1аш,
шаьш а 1емар бу и керланиг схьаделла».
Кху хазачу муьрехь нохчийн меттан, литературин урокашкахь дешаран говзалла
кхиорах лаьцна хаам чекхбели.
ДЕЛА РЕЗА ХУЬЛДА ШУНА ДАХКАРНА А, ЛАДОГ!АРНА А!!!
© ООО «Знанио»
С вами с 2009 года.