Технологическая карта урока на тему: "Фразеологизмаш" по чеченскому языку 5 класс

  • docx
  • 04.03.2021
Публикация на сайте для учителей

Публикация педагогических разработок

Бесплатное участие. Свидетельство автора сразу.
Мгновенные 10 документов в портфолио.

Иконка файла материала Фразеологизмаш.docx

Технологически карта

1.     Класс: 5

2.     Терахь: 25.02.2021шо.

3.     Предмет: Нохчийн мотт.

4.     Урокан ц1е: Фразеологизмаш, я дешнийн ч1аг1делла цхьаьнакхетарш.

5.     Урокан тайпа: Кхетам кхолларан урок.

6.     Урокан кеп: Тобанашкахь болх, кхолларалин болх.

7.     Урокан г1ирс: 1амат, ручка, тетрадь, презентации, б1ов, карточкаш.

8.     УМК: М.Р. Овхадов, Ж.М. Махмаев, Р.А. Абдулкадырова.

9.     Х1оттош долчун хьесап (гайтамаш) (Урокан 1алашонаш):

Предметни (Кхеторан): Хаа деза фразеологизмаш стенах олу, уьш кхечу дешнийн цхьаьнакхетарех схьакъасто а, царех пайдаэца а

Метапредметни (Кхиоран 1алашо): Лексиках 1амийнарг карладаккхар.

Личностни (Кхетош -  кхиоран 1алашо): Къамелехь фразеологизмех пайдаэцар.

 

п/п

 

Урокан

мур

 

Хьехархочун болх

 

Дешархочун болх

Планехь долу хиндерг

Предметни

Метапредметни

Личностни

Шен, долахь долу

 

1

 

Берийн ойла                                                                                                                                                                                                           дешарна т1еерзор

(мотиваци)

Белхан меттигаш кийча хилар таллар. Маршалла хаттар.

Де дика хуьлда шун! Шун б1аьра ма-хьаьжжинехь, шун лепа б1аьргаш гича, керла хаарш довза, керлачу серлоне кхача даьхкина аьлла, хетта суна, шу тахана уроке.

Ткъа шуьгара сунна дезарг: тидаме хилар, жигаралла, тайна бертахь болх бар, беркате цхьаьна къахьегар.

Тахана вай уроке ас еана 3 б1ов, чохь совг1аташ а долуш. Ткъа цу чохь х1ун ю хаа лаахь дика болх бан беза вай. Тахана вай болх тобанашкахь бира бу.

-Вай кхоъ тоба ю: «Седарчий», «Стела1ад»,«Маьлхан з1аьнарш»

Уггар дика болх бинчу тобана лекха б1ов чохь х1ун ю хуур ду, ткъа шолг1ачу тобана жима лоха б1ов чохь, амма ледар болх бинчу тобана уггар жимчу б1ов чохь х1ун ю хуур ду.

Д1аязде таханлера терахь, классера болх.

Урокана кечам бо.

Хьехархочуьнга маршала хаттар.

Тобанашка декъадалар.

 

Регулятивни:

(Х1орамма шенбелхан кечам бар).

Целеполагани.

Познавательни:  керлачун хаам бар.

Смыслообразовани

(Х1ора дешархочун урокан мотиваци яр).

Самоопределени.

Саморегуляци

2

Хаарийн актуализаци

Ц1ахь бина болх таллар.

Кроссворд

1) Меттан дерриг дешнеш олу…(лексика)

2) Маь1на тайп-тайпана а долуш, алар, яздар цхьатера долчу дешнех олу…(омонимаш)

3) Алар, яздар тайп-тайпана а долуш, гергара я цхьатера маь1на долчу дешнех олу…(синонимаш)

4) Маь1наш дуьхь-дуьхьал долчу дешнех олу… (антонимаш)

Бакъонаш карлайоху, деллачу хаттаршна нийса жоп ло.

 

Т1едиллар кхочуш дар

Познавательни: шеен оьшуш йолу материал къастохаар.

Коммуникативни:

Ларамца цхьа барт хилар

Маь1на дар

3

Керлачу коьчална т1ебалор.

-Дашо куьйгаш ду Айзин,- бохура бабас.
-Багахь мотт бац, массанхьа шеен куьг кхачо г1ерташ йоллу.
Ткъа бабас бохучух цецвуьйлура жима Асхьаб.
-Муха хир ю, дашо куьйгаш долуш, багахь мотт боцуш йо1?

-Дашо куьйгаш бохург х1ун ду? Муха кхета шу цу дешнийн цхьаьнакхерех?Ткъа багахь мотт бац бохучух?

Церан маь1на иштта ду:

-Хаза, говза г1уллакх дан хууш йо1 ю Айза. Цунна хабарца дечу г1уллакхах к1елхьара яла цахаьа, массо г1уллакх ша дан г1ерташ йоллу.

 

-Хьа эра дара аш тахана вай стенах лаьцна дуьйцур ду? Х1ун 1алашо хоттор яра аш шайн хьалха?

-Д1аязъе таханлера урокан ц1е.

Хаттаршна жоп ло.

Урокан ц1е а, 1алашо билгалйоккху.

Проблема толлу, къастамбо.

Регулятивни

Ша – шен хаарш таллар, масийта тайпана мехала хаарш к1оргло.

4

Керла коьчал йовзитар

Хазахетар совдаьлла, ког лаьттах ца кхеташ, лелара к1ант. (Воккхавеш)

Накъосташа лергах ца хьаькхира кхуо дуьйцург. (Тергал ца дира)

Эццахь дош-дашера делира к1ентийн. (Довделира)

 

(Предолженеш толлу)

- Цу юкъара цхьа а дош д1адаккхалур дарий я хийца лур дарий, цуьнан маь1на ца хуьйцуш?

Буха сиз хьаькхнарш вовшех къаста йиш йоцуш, къастича маь1на а духуш, даима цхьаьна лелаш деш­нийн цхьаьнакхетарш ду.

- Вовшашца уьйр ч1аг1ъелла, цхьаьна марзделлачу дешнех дешнийн ч1аг1делла цхьаьнакхетарш я фра­зеологически карчамаш олу.

 

Д1аязъе тетрадаш т1е х1ара предложенеш, фразеологизмашна буха сиз а хьокхуш.

- Деллачу хаттаршна жоп ло, бакъонаш карлайоху, предложенеш тетрадаш т1е д1аязйо.

 

 

Керла предметни хаарш.Х1ора дешархочун схьакаро деза нийса жоп.

Т1едиллар кхочуш дар

Регулятивни:

(таллар,бинчу балхан мах хадор), шеен оьшуш йолу материал къастохаар

Коммуникативни:

Познавательни: (анализ, жам1 дар)

Самоопределени.

 

5

1амийнарг т1еч1аг1дар.

 

 

 

Сада1аран минот

-Ткъа х1инца уггар т1ах аьлла тоба муьлхнарг ю хьовсур ду вай.

1) Кхочушде 205-г1а шардар, шайга аса еллачу дошамах пайда а оьцуш.

2) Амма х1инца х1окху фразеологизми маь1на даста, уьш шаьш ма-дарра юкъа а далош, предложени х1оттае.

Седарчий:маттана шера

Стела1ад:куьйгаш а ластийна

Маьлхан з1аьнарш:бага а г1аттийна.

 

Сада1аран минот

Яздеш, доьшуш г1елделча,

Айдеш куьйгаш ластадо.

Хьалаг1овтту, д1асахьовсу,

Делалой тхо охьаховшу.

 

3) Шен маь1наца вовшах таса фразеологизмаш:

Седарчий: ц1е яьлча санна-чехка;

Бурч боьхкина-дов дина;

Корта бетта-дехарш дан.

Стела1ад:

Беха мотт – эладитане;

Виран амал – хатI доццчохь амале волуш;

Балхана тIера – къахьега мало ца еш.

Маьлхан з1енарш:

Куй билла–гучу а ваьлла, сихха дIаваха;

БIаьрга Iоьттина пIелг а гур боцуш – 1аьржа бода;

Б1аьрган нег1ар тохале-сиха.

Ладуг1у, д1аяздо.

Кхочушдо  205-г1а шардар

Сада1аран минот

Тобанашкахь болх бо

Предметни хаарш т1еч1аг1дар.

Т1едиллар кхочуш дар

Проблема толлу, къастамбо

Регулятивни:

(таллар а, бинчу балхан мах хадор), шеен оьшуш йолу материал къастохаар

Коммуникативни:

Ларамца цхьа барт хилар, тобанашкахь

Болх бо

Познавательни: маь1на дан

1ема.

Маь1на дан

1ема.

Самоопределени.

саморегуляци

6

Жам1 дар

-Стенах лаьцна дийцира вай тахана?

- Стенах олу фразеологизмаш?

Тахана вай 1аминарг т1еч1аг1деш х1окху дитта т1е вай лимонаш летор ю т1аьхь фразеологизмаш а йолуш.

Урокехь  1амийнарг билгалдоккху, Шаьш бинчу балхана жам1 дар. Ледара долу хаарш гучу доху

Проблема къасто 1ема

Коммуникативни:

Вовшашца яьхье буьйлуш, собаре хила 1ема, урокан 1алашонаш кхочушйо

Познавательни:

Шаьш бинчу балхана мах хадор

 

7

Рефлекси

Урокехь кхолла елла дог-ойла гойту смайликашца

 

 

Маь1на дар

8

Ц1ахь бан болх

1.     1амае §42-г1а.

2.     Кхочушде 206-г1а шардар.

1аматца болх.

 

 

Познавательни

Регулятивни:

 

 

 

Проверила зам. директора по УВР_______________________