Тема "Чайра" дийцар

  • docx
  • 21.08.2024
Публикация в СМИ для учителей

Публикация в СМИ для учителей

Бесплатное участие. Свидетельство СМИ сразу.
Мгновенные 10 документов в портфолио.

Иконка файла материала Урокан ц1е ЧАЙРА .docx

Урокан ц1е: Ошаев Халидан дийцар «Чайра».( довзар).
1алашонаш: 1).1аморан: яздархочун кхоллараллех лаьцна хаам бар;
2).кхиоран:1амийначух кхетаран талламбар;
3).кхетош- кхиоран: Даймахке а, 1аламе а дешархойн безам кхиор.
                                                              

                                                                 Урок д1аяхьар.
I.Дешархойн ойла т1еерзор

Урокан 1алашо дешархошна йовзийтар.
II.Хаарийн актуализаци.
-Хьа эр дара соьга, мила ву Ошаев Х.?
(Нохчийн яздархо).
-Ошаев Халидан муьлха произведенеш евза шуна?
(«Асламбек Шерипов», «Брест- ц1еран б1ар»)
III.Керла хаарш , г1уллакхдаран некъаш 1аморан мур.
Яхдархочун а, Даймехкан 1аламан а сарташ ду уьн т1е д1атоьхна.
1.Хьехархочун дош.
-Бераш , хьанна хаьа, маца , муьлхачу шарахь даьккхина вайн къам ц1ера?
(1944 ш.) 
-Маса шарахь лайна вайн къомо и къизалла?
(13 шарахь).
а).Ошаев Х. нохчийн г1араваьлла яздархо ву. Доккха дакъа лаьцна цо вайн нохчийн литература 1аморан, халкъан культура, 1илма кхиоран белхашкахь. Ошаев Х. бехк боцуш чувоьллина 10 шо , цул т1аьхьа ссылкехь 3шо , къам ц1ерадоккхуш махках ваьккхина кхин 13 шо хан Сибрехахь а текхна.
б).Вай тахана 1амор долчу дийцаран ц1е «Чайра» ю
Дийцаран чулацам т1ехь болх болабале , яздархочух лаьцна хаам бан лаьа сунна.
2). «Чайра» дийцар яздархочунна шен дахарна ч1ог1а герга хетта.
Коьрта турпалхой- къена Даду, Чайра ,цуьнан к1ант Мохьмад.
3).Дийцар дешар , коьрта маь1на билгалдаккхар.
4). Дешнех кхетам балар.
Стешна- диттийн тайпа.
Пхьаг1ат-шина бердан юрт.
Ч1ожа- к1орга басе, готта 1ин.
Чаккхарма- километрал алсамо(верста).
III.Физминот.
-Бераш, цхьажимма са а до1уш ,Даймахках лаьцна кицанаш хьа дуьйцур дара?
а).Нехан юьртахь эла хуьлачул а, шен махкахь лай хилар г1оле ю.
б).Дика еъна гуьйре , буьзна никх санна ю.
в).1уьйре ц1ийелча- кхоллар кечъе, суьйре ц1ийелча- кхаллар кечде.
Г). Ненан сий динарг махко а лерина.
IV.Керла 1амийначу кхеторан хьалхара талламбаран мур.
1. Хьехархочо дийцар доьшу.
2.Дийцаран чулацам т1ехь болх бар.
3.хаттарш далар:
А).Х1ун хиламаш бу кху дийцар т1ехь буьйцурш? Муьлш б
·у коьрта турпалхой?
-Вай къам махках даьккхина хан коьрта турпалхой:Даду, Мохьмад, церан ж1аьла Чайра.
б).Шен Даймахкана са муха гатдо Мохьмада ?Х1унда вара иза шен ц1а ваха сатесна?
-Даймохк дукхабеза цунна.Цо цуьнга сатеснийла хаьа вайна, цуьнан ц1ерпошта т1ера охьавоьссина багах девлачу дешнашца: «Даймохк».
в).Х1ун ю цуьнан юьртан ц1е?
-Лаха- ч1инха ю.
г).Шайн хилла ж1аьла гича х1ун дог-ойла кхоллало Мохьмадан даг чохь?
-Цунна ч1ог1а хазахета и гича. И дийна дисарх воккхаве иза.
д).Ж1аьла шеца Казахстане д1адига лаам маца кхоллабелира Мохьмадан?
-Иза новкъа ваьлча ж1аьла цунна т1аьхьадолало.
е).Х1унда ца лиира ж1аьлина цуьнца д1адаха?
-Ша 1ан меттиг йита ца лиира цунна.
ж).Х1ун ала г1ерта автор шен дийцаран чулацамехь?
Буста Чайрин а,Мохьмадан а Даймахке болу безам.
V.Т1еч1аг1даран болх.
1.Дийцар дешархошка дешийтар.
2. Х1ораммо а ешначу кийсак т1ехь хаттар далар.
3.Шина-кхаа дешархочуьнга шайн Даймахках лаьцна ши-кхо предложени тетрадаш т1е д1аязъяйтар.
VI.Урокехь 1амийначун жам1 дар.
-Хьа язйина вай тахана 1амийна дийцар?
(Ошаев Халида).
-Х1унда тиллина , шуна хетарехь, автора цунна ц1е «Чайра» аьлла?
(Турпалхочун ц1а а и ж1аьла а цаьрга болу безам Даймахке нисса лору автора).
VII.Рефлексин мур.
-Таханлера вайн урок муха хийтира шуна?
-Дийцар хазахийтирий шуна ?
_Х1инца аша бинчу белхан мах хадор бу вай.

Синквейн.
-Хьа язйийр яра иза?
1алам
Самукъане, ц1ена, хаза
Оьшу, лардо, тово
Саде1арна ч1ог1а оьшу
Х1аваъ.
-Дика ду. Нийса язйина.
VIII.Ц1ахь бан болх.
1.Дийцар деша, чулацам хаа, хаттаршна жоьпаш ло.
2.Даймахках лаций шайн белхан тетрадаш т1ехь жима дийцар язде.(4-5 предложени).