Тема "Шайхиев А. "Ч1аг1о"

  • docx
  • 21.08.2024
Публикация в СМИ для учителей

Публикация в СМИ для учителей

Бесплатное участие. Свидетельство СМИ сразу.
Мгновенные 10 документов в портфолио.

Иконка файла материала ЛитератураШайхиев 1. Ч1аг1о .docx

Нохчийн мотт

Урокан кеп

 

Д1адолор

-Де дика хуьлда шун,хьоме бераш!

 

Таханлера вай урок лерина ю нохчийн говаьллачу яздархочун Шайхиев 1алвади Хасмагомедовичан дахарх а,кхоллараллех лаьцна .

 Уггар хьалха билгалдаккха лаьа Шайхиевс публицистикан декъехь дийриг. Ша школехь доьшуш волчу хенахь язйина цо шен дуьххьарлера статья. Цуьнца цо юха а бакъдина нохчийн кица: «Хиндолу хьоза бенахь дека».

 Йоза-дешар дика 1амор, ойлаян хаар, шена гург, хетарг, ша тидам бийриг йозанан дашца нехан кхиэле говза дилла хаар – иза дерриг, Дала делла пох1ма а, хаддаза шена т1ехь къахьегар а цхьаьнаийча санна нисделира 1алвадина шинна а маттахь (нохчийн а, оьрсийн а) проблема х1отто хаарца яздар карадерзар. 

Шайхиев 1алвади Хасмагомедович «Ч1аг1о».

 

Урокан 1алашо:Шайхиев 1алвадин дахаран а, кхоллараллин некъах болу хаамаш к1аргбар;керланиг довзийтар;хаарш дустар.Даймахках,1аламах,доттаг1аллех йолу поэтан ойланаш йовзийтар;махке а,къоман г1иллакхашка безам кхоллар.
Шайхиев 1алвади Хасмагомедович(1947-2018)

Уроканэпиграф: hello_html_m19344938.png

 

1.Ойла т1еерзор.

Нохчийн халкъ махках даьккхинчу халчу хенахь дуьненчу ваьлла нохчийн гоьваьлла яздархо .Шайхиев 1алвади Хасмагомедович вина 12 - чу апрелехь 1947 –чу шарахь,кхелхина 22-чу октябрехь 2018-чу шарахь.

Шен халкъ лоруш,цуьнца болчу безамах юьзна ю Шайхиев 1алвадин поэзи.

  Цуьнан стихаш арайийлина Соьлжа-Г1алахь, Москвахь, Махачкалахь, ткъа иштта дуьненан 17 пачхьалкхехь. СССР-н яздархойн мог1аршка а д1аийцира иза ша дукха жима волуш. Иза даима а ша школехь дешархо волуш дуьйна а «диллина яздеш» ву, «некъ баккха» шен «деган иллина, ирбина къолам».

  Шайхиевн кхоллараллех лаьцна цкъа Осмаев Асламбека яздина дешнаш: «Хаза аьлла дош, стеган ойланашкахь, синхаамашкахь, цу стагана шена х1ун ду а ца хууш, даим а дехарг, доьлург, доьлхург говза гайта хаар – хьесап дина цаваллал нуьцкъалий, цецвоккхуший ду. 
 Нуьцкъала ду – б1аьстено шен чаьлхаш меттахйохий, парг1атонехь долалун хи санна, лаамийн г1аттамца хьан дог цо карзахдоккху дела. Цецвоккхуш – дуьстина-дерина, къегина далийнарг, ахь айхьа кхадийна ца хиллехь а, хьоьца даима даьхна хиларна а, хьайн деган къайленашкара схьаэцна хьуна и хетарна а ду. Иштта ю бакъ поэзи. 

Поэтан кхоллараллин коьрта теманаш лара мегар ду:Даймохк,машар,адамалла,къинхетам,доттаг1алла.
hello_html_m74121b2b.jpg
2.Керлачу хаарийн дуьххьара д1алацар.

-Тахана вай шуна йовзуьйтур ю «Ч1аг1о» ц1е йолу поэма.

Ч1аг1о

Генарчу новкъа шен
К1ант волуш, дас
Хаьттина:

- Хьан цигахь ч1аг1о юй? – аьлла.

-Дада, ахь бегаш бо?

Атталла хас

Ца хилча,

И суна мичхьара яьлла?

Дитт ира шаьлта ю,

Куьг онда ду!-

Дин арабаьккхина к1анта.

Дуьхьало йина дас:

-К1ант, хьалхе ду

Дин кечбан.

Герз юкъах даста.



Вас хуьлуш, делахь а

Ладоьг1на, и

Ц1ахь сецна,

Ден дош ца кагдан.

Цо, бай т1е баьккхина,

Д1ахецна дин…

Г1айг1ане воьжна к1ант,

Цо цуьнга хаьттина,

Веха ца вахлуш:

-Дадас со ц1ахь сецо

Бахьна ма дац.

Вер ву со чохь 1ийна,

Пешан бух ларбеш?

 

 

Яхь ю сан нийсаршца.

Д1ахьажал хьо,

Цара дин ловзоза

Меттиг яц ломахь.

Я тевна диллина

Котам ю со?

Я цаьрга ца кхочуш,

Ву ледар къонах?

 

 

Жоп ца луш, шен б1аьргех

Йовлакх а хьаькхна,

Дехьа чу яхана нана.

Хан-зама херцалуш,

Б1аьста т1екхаьчна.

Кечлуш ву к1ант новкавала.

Т1евахна, юха а

Хаьттина дас:

-Алал соь, хьан цигахь

Ч1аг1о юй?-аьлла.

-Дада, ахь бегаш бо?

Аттала хас

Ца хилча,

И суна мичхьара яьлла?

 

 

Дитт ира шаьлта ю,

Куьг онда ду!-

Дин арабаьккхина к1анта.

-К1ант, хьалхе ду

Дин кечбан.

Герз юкъах даста.

 

 

Шолг1а а ладоьг1на,

Ц1ахь сецна и.

Бакъо яц! Бакъо яц

Дас аьлларг дохо.

Цо, бай т1е баьккхина,

Д1ахецна дин,

Малйина, шелйина

Шен дегайовхо.

 

 

Кхоьллина. Ца вуьйлу

Цхьаьнцца а лен.

Дац к1ентан самукъа цхьаннах.

Атта дац. Атта дац

Сапарг1ат 1ен,

Г1айг1ане к1ант а гуш нанна.

 

 

-Де-дийне ша цхьаъ ву.

Бос а бац т1ехь,

Кхачалуш ву, худавелла.

Собаре ца хилча,

Къонах, ду эхь,

Сихалло къаьхьа стом белла.

 

 

Б1аьсте а гена яц.

Ткъа т1аккха хьо

Ваьр новкъа,

Хьайн ден пурбанца.

Валахьа пхьоьхана,

Шовдане г1о,

Самукъадаккха мехкаршца,

 

 

Я кхечел оьшуш бу

Расха дин хьан?-

Кечлуш ю куп говраш хахка.

Лаьара массарел

Тоьлла хьо ган,

Хьуьнарна кечлохьа т1аккха.

 

 

Вер ма вац садууш

1ийна а хьо,

Сан дог ахь карзахдоху.

Шен нене д1ахьожий

К1ант тохало:

-Нана, ахь бакъ и ма боху!

Нехачул ледара

Бац расхан сан,

Бергашца цо суйнаш огу.

И ша а хьаьгна бу

Урх хецна ган,

Масалла хахка и дог1у!

 

 

Б1аьсте ю лаьмнашкахь

Соьналла юцуш,

Комаьрша малх къега,

Жил-1алам кхала.

Дин арабаьккхина,

Нуьйр цунна юстуш,

Кечлуш ву к1ант новкъавала.

 

 

Шен дена т1евоьдий,
Дахьедо цо:

-Дада, со ца вахча валац.

Хьошалг1а кхайкхина.

Доттаг1чо со,

Делла дош ца лардец там бац.

Виц-м ца велла хьо?

Хохкучохь говраш,

Массарел хьалха верг

Ма вара тхойша,

Ткъа т1аккха, вайн кертахь,

Хьешан сий лоруш,

Ахь айхьа хаийра

Баьрче и тойнан.

-Пурба ло ас ваха,-

Жоп делла дас.-

Бакъволу къонах, к1ант,

Карийна хьуна.

Йиш яц хьан доттаг1чун

Дагна ян вас-

Хьошалг1а кхайкхинчу цунна.

Соьгара совг1атна

Сан шаьлта хьо-

И хьакъ ву и юкъах лело.

Хьошалг1а кхайкха а

Хьо виц ма ло,

Некъо яц безамна г1ело.

Бакъйолу ч1аг1о, к1ант,

Б1ов я г1ап яц.

Ч1аг1о ю доттаг1-бакъ къонах!

Къонаха доттаг1ий

Боцуш товш вац

Шен эвлахь, аренгахь, ломахь.

3.Кхетарх дуьххьарлера таллам.

(1амийнарг т1еч1аг1деш,хаттаршца доьзна къамел дийр ду)

1.Муха хийти шуна поэма,х1ун ойла кхоллаялийти цо шун дегнашкахь?

(Доьзаллехь ден дош коьрта хилар а,и дош доьзало лардан дезар).

2.К1анта муха т1елоцу дас шега бохург?

(Шен халахеташ делахь а ,дас бохург до к1анта)

3.Шен нене х1ун аьлла вистхилира дог доьхна к1ант?

 

-Дадас со ц1ахь сецо

Бахьна ма дац.

Вер вуй со чохь 1ийна,

Пешан бух ларбеш?

Яхь ю сан нийсаршца.

Д1ахьажал хьо,

Цара дин ловзоза

Меттиг яц ломахь.

Я тевна диллина

Котам ю со?

Я цаьрга ца кхочуш,

Ву ледар къонах?

-Муха кхета шу х1окху мог1анийн маь1нах?

4.Дешнаш т1ехьболх бар.

Дин-конь

Хас-грядка

Тевна-гнездо для наседки

Ч1аг1о-оплот ,укрепление

Нуьйр-седло

Жил1алам-природа

Баьрче- почетное место

Б1ов-башня

Г1ап-крепоть

Урокан жам1аш.

Шайхиев 1алвадин

5.Урокан жам1аш.

Шайхиев 1алвадин стихаш, поэмаш. Царах х1оранца а хаза ношъелла ойла, дика чулацам, шатайпа башха сурт хаало.  Даймохк, да-нана, латта, дерриг

1алам, вайн кегий бераш, лаьтта т1ехь дехачу адаман жоьпалла, доттаг1ий, вайн истори, хьошалла – уьш дерриге а Шайхиевн поэзин коьрта теманаш ю. Поэтан х1ора мог1ано а вайн историна, г1иллакх-оьздангаллина герга валаво дешархо. «Ч1ог1о» поэми т1ехь яздархочо гайтина тешаме доттаг1алла деза а,сийлахь хилар.Да-нана лоруш,церан весеташ  кхочушдеш хила везар т1еч1аг1до яздархочо.

Слайд.

-«Сихалло къаьхьа стом белла» бохучу дешнийн маь1на де.

(Сихаллехь ойла ца еш жоп дала мегар дац ,я х1уманна мах хадо а мегар дац,х1унда аьлча хьан ойла хийца яла тарло ,ткъа делла дош кхочушдан деза.Лаа ца аьлла вайн дайша : «Сихалло са даьккхина,собаро лам баьккхина»).

6.Доттаг1аллех лаьцна кицанаш.

1.Ваша ваша вац и хьан доттаг1 вацахь.

2.Доттаг1 вевза,хало т1ех1оьттинчохь.

3.Кхаа дийнахь вевзар вац доттаг1,кхаа шарахь вевзар ву.

7.Урок ерзор.

Хьоме дешархой,тахана вайна девзи Шайхиев 1алвадин дахар а, кхолларалла а.Йовзийти поэма «Ч1аг1о» а, тешаме доттаг1алла мел сийлахь ду.Со тешна хир ю ,вайн кегийрхоша ден-ненан дош кхочушдийриг хиларх а,шайн доттаг1ашна шу тешаме хирг хиларх а.

 

2-г1а дакъа.

Хаарш-зер

1.Маца вина Шайхиев 1алвади Хасмагомедович?

а) I9320ш

б)1928ш

в)1937ш

г)1947ш+

2.Муьлхачу поэми юкъара ду хIара могIанаш? Мила ву автор?

Вас хуьлуш делахь а ладоьг1на,и ц1ахь сецна,ден дош ца кагдан.Цо бай т1е баьккхина д1ахецна динГ1айг1ане воьжна к1ант,шен лаамкъарбан…

а) «Даймохк» Рашидов Шаид;

б) «Сай» Сулаев Мохьмад;

в) «Вина юрт» Эдилов Хас-мохьмад;

г) «ЧIагIо» Шайхиев Iалвади+.

3. 5. ХIун гайтина Шайхиев 1алвадис шен «Ч1аг1о» цIе йолчу

поэми тIехь?

а) зуламечу Iадаташна дуьхьал къийсам;

б) паччахьан заманан къизалла;

в) Даймехкан Iаламан хазалла;

г) доттаг1алла+.

4. Стихашкахь язйинчу йоккхачу произведених … олу.

 

а) баллада;

б) роман;

в) поэма+;

г)дийцар.

5.Нохчийн гIараваьллачу поэтан Шайхиев 1авадин поэзин коьрта теманаш…

а) къоман шира Iадаташ Iорадахар;

б) 1алам, нана, безам;

в) къоман гIиллакх-оьздангалла гайтар;

г) Даймохк,машар,адамалла,къинхетам,доттаг1алла+.