Тема "Ц1ердешнийн суффиксаш"
Оценка 4.9

Тема "Ц1ердешнийн суффиксаш"

Оценка 4.9
docx
21.08.2024
Тема "Ц1ердешнийн суффиксаш"
УРОК Ц1ЕРДЕШНИЙН СУФФИКСАШ.docx

Вайн урокан тема ю: Ц1ердешнийн суффиксаш.
Тахана вайна хуур ду, ц1ердешнийн х1ун суффиксаш хуьлу а, уьш, шайн маь1нашка хьаьжжина, муьлхачу тайпанашка екъало а.
Вайна ма-хаьара, суффикс дешдакъа ду. Цо керла дешнаш а, дешнийн кепаш а кхуллу.
Ц1ердешнийн суффиксаш шина тайпана ю: дошкхолларан а, дешнийн кеп хийцаран а.
Тидам бийр бу вай х1окху ц1ердешнийн хийцадаларан: 
Ч1еш-ч1ешалг, хал-хелиг, ц1а-ц1елиг

VIII.        Керла коьчал йовзийтар

- Дешан х1оттаман дакъош дагалаца.

Дешхьалхе, суффикс стенах олу?

 

Орамна со т1ехьа лаьтта,

Дашна керла маь1на ло.

Цуьнан даим цхьаьна язйо

Х1ун дешдакъа хир ду со?

 

Дагахь хаа деза

 

Суффикс дешан дакъа ду.

Ц1ердешнийн суффиксаш екъало шина декъе: Дешнийн кеп хийцаран, дош кхолларан.

Кеп хийцаран суффиксаш дукхахьолахь жималла гойту. Масала: сара – сараг, ц1а – ц1елиг.

Дош кхолларан суффиксаша дешнашна керла маь1на ло.Масала: зурма – зурманча, Атаг1а – атаг1хо

 

I.        1амийнарг т1еч1аг1дар

 

Шайна деллачу хаттаршна цхьана дашца жоп ло.Билгалъяха церан суффиксаш.

1.    Ч1ерий лоьцуш верг? (ч1ерийлецархо)

2.    Хьелий узуш ерг? (хьелийозархо)

3.    Нийса топ тухуш верг? (иччархо)

4.    Зурма локкхш верг? зурманча

5.    Мангал хьокхуш верг? (мангалхо).


Тола- толам, доттаг1- доттаг1алла, 1илма- 1илманча.   
Х1ун башхо ю аьлла хета шуна оцу шина  мог1анерчу дешнийн?
Хьалхара мог1анехь ч1ешалг, хелиг, ц1елиг дешнашкахь –алг-,-иг-, -лиг- суффиксаш ю. Цара керла дешнаш ца кхоьллина- ч1еш, хал, ц1а бохучу ц1ердешнийн кепаш кхоьллина, х1ума жима хилар гойтуш, ц1ердешнийн кеп хийцаран суффиксаш ю. 
Шолг1ачу  мог1анехь долчу дешнех толам, доттаг1алла, 1илманча керла дешнаш кхолладелла –м-, -алл-,-нч- суффиксийн г1оьнца. Уьш  ц1ердешнийн дошкхолларан суффиксаш ю.
Дошкхолларан суффиксаш хуьлу:
1. Адамаш билгалдийраш

2. Х1уманаш билгалйийраш.
Адамаш билгалден суффиксаш йовзуьйтур ю вай. Царах коьртанаш ю:
-хо-
 (хьер-хьархо, доьзал-доьзалхо, Шела- шелахо).
-ч- ,-нч- (вота-вотанча, пондар-пондарча, говза-говзанча).
-о- (Ц1онтара- ц1онтаро, Варанда-варандо, Нашха-нашхо).
Х1инца х1уманаш билгалъен  суффиксех коьртанаш йовзуьйтур ю вай шуна.
-лл-
 : дика-дикалла, хаза-хазалла, сутара-сутаралла;
-алл-: хьаькам-хьаькамалла, мостаг1-мостаг1алла, накъост- накъосталла;
-ло--о- гергара-гергарло, йовха-йовхо, шийла-шело;
-р-: дийца-дийцар, хатта- хаттар, ала-алар;
-м-: саца-сацам, лаа-лаам, теша-тешам;
Х1инца, дийцинчух шу муха кхетта хьовсуш, цхьа т1едиллар кхочушдийр ду вай:  предложенешкахь къастийначу ц1ердешнийн суффиксаш билгалъяха еза аш. 
Вежарийн безам т1улгал ч1ог1а бу. Сихалла — сонталла, собар — кхетам. Боккхачу бахамал могушалла тоьлу. Малонча балхана юьстахвуьйлу. Вочу лулахочул  генара доттаг1 тоьлу.
(Нийса жоп уроке хьаьжча хуур ду)
Х1инца суффиксийн г1оьнца керла дешнаш кхуллур ду вай х1окху ц1ердешнех:
лам –
беш-
вота –
туьйра – 
къиза-
Х1окху ц1ердешнех иштта керла дешнаш кхоллало:
лам – ламаро
беш — бешахо 
вота — вотанча 
туьйра – туьйранча
къиза- къизалла
Х1окху урокехь ц1ердешнийн суффиксех лаьцна дийцира вай.
Ц1ахь тайп-тайпана суффиксаш йолу 10 ц1ердош язде.
Кху т1ехь вайн урок чекхйолу. 1одика йойла шун, марша 1ойла.


 

Вайн урокан тема ю: Ц1ердешнийн суффиксаш

Вайн урокан тема ю: Ц1ердешнийн суффиксаш

Хьалхара мог1анехь ч1ешалг, хелиг, ц1елиг дешнашкахь –алг-,-иг-, -лиг- суффиксаш ю

Хьалхара мог1анехь ч1ешалг, хелиг, ц1елиг дешнашкахь –алг-,-иг-, -лиг- суффиксаш ю
Материалы на данной страницы взяты из открытых истончиков либо размещены пользователем в соответствии с договором-офертой сайта. Вы можете сообщить о нарушении.
21.08.2024