Урокан конспект М.Сулаев "Ламана хи"
Оценка 4.7

Урокан конспект М.Сулаев "Ламана хи"

Оценка 4.7
Разработки уроков
docx
другое
11 кл
19.01.2021
Урокан конспект М.Сулаев "Ламана хи"
Биография М. Сулаева, анализ стихотворения "Ламанан хи"
Ламанан хи 5 кл..docx

Нохчийн литература 5 класс

Урокан ц1е: Сулаев М. «Ламанан хи».

Iалашо: Сулаев Мохьмадан дахаран а, кхоллараллин а некъах болу хаамаш кIаргбар; керланиг довзаран хьашто хилар.

Даймахках, Iаламах  йолу  поэтан  ойланаш йовзийтар.

 

Юъара дешаран ардам:

1.Предметни: дешархойн произведенин чулацамах лаьцна хаамаш гуллур бу. Дешархошна 1емар ду шайн дагахь а, хезаш а, авторан дог-ойла гайтарца а еша.

2. Метапредметни:

·        Регулятивни: дешархошна хуур ду урокан 1алашо билгалъяккха и кхочушъян некъаш каро. Дешархошна хуур ду шайн болх кхиамаш хир болчу кепара д1абахьа. Хуур ду кхиамийн бахьанаш довза, царех пайдаэца.

·         Коммуникативни: дешархошна хуур ду хьехархочун хаттаршна жоьпаш дала,накъосташца къамеле бовла. 1емар ду шайна хетарг чулацамах лаьцна д1аала.

·        Х1ума довзаран: дешрахошна хуур ду учебникаца болх бан, оьшу г1ирс лаха. Дешархойн алсамдер ду дешнаш довзар. Х1ума лаха, талла лаам хир бу.

 

Урок д1аяхьар

I. Дешархойн ойла т1еерзор(мотиваци).

Соьга хьовсий самадовла,

Вовшашка хьовсий къинт1ера довла.

Х1инца дикка тидам бе,

Балхе ойла йерзае!

II.Долчу. хаарийн актуализаци.

 1. Стенах лаьцна дийцира вай д1аяханчу урокехь?

 2. Ц1ахь кхочушбан муьлха болх беллера шуна?

 3. Мила ву Мамакаев Мохьмад?

 4. Цуьнан муьлха произведени 1амийна вай?

 5. Дагахь хьанна хаьа?

6. Стихотворенин произведенийн билгалонаш йовзийта?

7. Стихотворенехь г1улч(стопа) х1ун ю? Рифма ю?

 

III. Керланиг довзар.

 Нохчийн ширачу йуьртахь ГIойтIахь,  ахархочун доьзалехь вина Сулаев Мохьмад. Соьлжа –ГIалахь хьалхарчу классехь дешначул тIаьхьа

Iалхан-Йуьртарчу берийн цIийнехь дийшира цо.

слайд: Бакох Азербайджанан лоьрийн институтехь доьшуш волуш йазйина цо шен дуьххьарлера стихотворени.

Тайп-тайпана йу Сулаев Мохьмадан кхоллараллин корматалла. Стихаш, дийцарш, повесташ, романаш йазйина ца Iаш, цо кхечу къаьмнийн тоьлла произведенеш нохчийн матте йаьхна, критически белхаш а йазбина. Амма коьртачу декъана иза лирик вара.

 Поэтан кхолараллехь йоккха меттиг дIалоцу винчу мехкан лаьмнийн, шовданийн хазалла, исбаьхьалла гайтаро. Шен махке болу безам поэто Iаламан суьрташца гойту. Ишттачех йу «Ламанан хи» цIе йолу стихотворени.

Оцу стихотворенин чулацамехь доккха маьIна долуш ойла йу: хIордах дIауьйш долу хи санна, даймахках, цуьнан Iаламах шен дог дIаийна лору поэто.

Ирс долуш ву иштта Даймехкан, халкъан дуьхьа шен ницкъ кхочу гIуллакхаш деш вехаш волу стаг!

ДIайеша стихотворении «Ламанан хи»

слайд: Букарчу тулгIешца керчадеш чхернаш,

ХIаваэ хьалакхуьйсуш жовхIарийн тхи,

Ша хIорде сихделла, хедадеш лаьмнаш,

Хаьхкина охьадогIу ламанан хи.

Готтачу, бехачу цу новкъа догIуш,

Хийлазза кхечу хих и деттало,

Хи хазахетарца шен маракъовлуш,

Ткъа къаьсташ – гIелделла и хетало.

Делахь а, тIаьххьар а шена хIорд карийча,

Дерриг а мел хилларш ша диц а дой,

И, сатуьй, соцу, ша хIордах дIаийча,

ХIорда чохь ша лехна ирс карадой.

Сан Даймохк! Сан ирс а, хаалда хьуна,

Сайн дог хьох дIаэрца карийра суна!

 Дешнаш т1ехь болх бар.

Букара - кхузахь: хе етта тулг1еш; айалуш, лахлуш хинан керчар.

Чхернаш - т1улгаш.

Жовх1арийн тхи - хинан цинцаш, т1адамаш.

слайд: Iалам искусствон произведенешкахь, литературехь гайтарх пейзаж олу.

 Ламанан хи» стихотворени Iаламах, ламанан хих лаьцна йу. Ша вина мохк — ламанан хих тарбеш гайтина цо Цхьалха бац и мохк, кхечу мехкашца уьйр йу цуьнан. ХIордан маьIнехь байташкахь буьйцург вайн Даймохк бу.

Ламанан хи поэтически васташца, исбаьхьчу басаршца гайта хиъна поэтана: «Букарчу тулгIешца керчадеш чхернаш, хIаваэ хьалакхуьйсуш жовхIарийн тхи» … Авторо пайдаэцна эпитетах, метафорех. Схьакарайан хьовсий вай уьш текст тIехь.

Слайд

 Эпитеташ: букарчу тулгIешца, жовхIарийн тхи, готтачу, бехачу цу новкъа.

Метафорш: тулгIешца чхернаш керчадеш, жовхIарийн тхи хIаваэ хьалакхуьйсуш, лаьмнаш хедадеш, хаьхкина охьадогIу, и сатуьй соцу…

в кадре: Стихотворенехь авторо шуьйра пайдаэцна олицетворенех.

слайд: Олицетворени-метафорин цхьа тайпа;исбаьхьаллин сурт хIоттош ,Iаламера муьлхха а хIума адаман  хьесапе дерзийна , синхаамаш ,кхетам болуш санна гайтар.

Поэто ламанан хи дийна долуш санна гайтина. Кхидолу хиш- уьш тайп-тайпана къаьмнаш ду вайн махкахь дехаш долу.  Барт цхьаъ болуш, бертахь дехаш хиларо ницкъ ло къаьмнашна, ткъа дIакъестаро гIелдо уьш

Слайд

Готтачу, бехачу цу новкъа догIуш,

Хийлазза кхечу хих и деттало,

Хи хазахетарца шен маракъовлуш,(олицетворени)

Ткъа къаьсташ – гIелделла и хетало.

 Амма йерриге халонаш йицлой ,самукъадолий соцу иза ша хIордах дIаийча.

Слайд

Делахь а, тIаьххьар а шена хIорд карийча,

Дерриг а мел хилларш ша диц а дой,

И, сатуьй, соцу, ша хIордах дIаийча,

ХIордачохь ша лехна ирс карадой.

 ХIара стихотворени Iаламан исбаьхьалла йийцина ца Iа.Цо ойла йойту дахарх,стаг стенан дуьхьа ,хIунда веха бохучу кхетамах.

Стихотворенин тIаьххьарчу могIанашкахь къегина гучудолу вайна цуьнан коьрта маьIна а.

Слайд

 «Сан Даймохк! Сан ирс а, хаалда хьуна ,

Сайн дог хьох дIаэрца карийра суна!»

 Ша вина мохк дукхабеза поэтана, шен ирс цунах ша дIаийна хилча бен, хир доций хоуьйту цо.!

Иштта говза Даймахке шен болу безам гайта хиъна поэтана

 

IV. Т1еч1дар.

1. Муха х1оттийна поэта хин васт? Хи дийна долуш санна хетий шуна?

2. х1унда хета поэтана шен дахар ирсе, стенца дусту цо шен ирс?

3. Стенах тарбо поэта ша вина мохк а, берриге Даймохк а?

4. Шен Даймахке болу безам 1аламан вастаца муха гойту поэта?

5. Муха хийцало хин д1адахар кхечу хих кхетча а, цунах д1акъаьсташ а? Х1ун маь1на ду цуьнан?

6. Х1унда лору поэта х1ордах д1акхетча хи ирс долуш? Муьлха хи ду вайн республикехь х1ордах д1акхеташ?

7. Шу дехаш долчохь дуй хиш? Барта дуста уьш стихотворени т1ехь гайтинчу ламанан хица.

 

Синквейн

Хи

Сирла, шийла.

Охьадог1у, хьалакхуйсу, деста.

Ца хилча йиш йоцу беркат.

Дахар.

V. Сада1аран миноташ

VI. Жам1 дар.

Муьлха яздархо вийци вай тахана?

Цуьна муьлха произведени ю вай 1амийнарг?

Нийсаниг харжа

I.Сулаев Мохьмад маца вина ?

а) I930 ш.                     б) I920ш.       

  в)I9I0ш.                     г) I903ш. 

2.Сулаев Мохьмада дешна:

А)  лоьрийн институтехь;        б) хьехархойн институтехь; 

   в) финансови техникумехь;    г)  йуьртабахаман техникумехь?

3) Сулаев Мохьмадан поэтически говзалла лакхайаккхарехь дакъалецира:

а)  Сатуев Хь.                         б)    Ошаев Х.

аь) Бадуев С.                        в) Гадаев М.-С.

4)  «Ламанан хи» стихотворении йу:

А) безамах лаьцна;     б) Iаламах лаьцна ;

 в) Даймахках лаьцна;    г) тIамах лаьцна.

5) «Ламанан хи» стихотворении тIехь поэтана ша ирсе хета:

а)  хIорд карийча;      б) шен дог Даймахках  дIаийча

в) лаьмнаш гича;       в) Даймахках къаьстича

 

VII. Рефлекси

Суна хии….

Суна хазахийти…

Со кхийти…

Хаарийн мах хадор.

VIII. Ц1ахь: аг1о 161-163

 Стихотворени дагахь 1амае, хаттаршна жоьпаш кечде.

 

 


 

Нохчийн литература 5 класс Урокан ц1е:

Нохчийн литература 5 класс Урокан ц1е:

Поэтан кхолараллехь йоккха меттиг дIалоцу винчу мехкан лаьмнийн, шовданийн хазалла, исбаьхьалла гайтаро

Поэтан кхолараллехь йоккха меттиг дIалоцу винчу мехкан лаьмнийн, шовданийн хазалла, исбаьхьалла гайтаро

Слайд Готтачу, бехачу цу новкъа догIуш,

Слайд Готтачу, бехачу цу новкъа догIуш,

I.Сулаев Мохьмад маца вина ? а )

I.Сулаев Мохьмад маца вина ? а )
Материалы на данной страницы взяты из открытых истончиков либо размещены пользователем в соответствии с договором-офертой сайта. Вы можете сообщить о нарушении.
19.01.2021