Нохчийн меттан а, литературин а урокашкахь керлачу технологех пайда эцар а, дешархой ийманехь кхетош-кхиор
Оценка 4.7

Нохчийн меттан а, литературин а урокашкахь керлачу технологех пайда эцар а, дешархой ийманехь кхетош-кхиор

Оценка 4.7
docx
09.03.2024
Нохчийн меттан а, литературин а урокашкахь керлачу технологех пайда эцар а, дешархой ийманехь кхетош-кхиор
Документ Microsoft Office Word (7).docx

Нохчийн меттан а, литературин а урокашкахь керлачу технологех пайда эцар а, дешархой иманехь кхетош-кхиор а.

 

     Кху чохь шортта хьехархой бу. Хьехархо бохучу дешан маьIна вайна муьлххачунна а дика хаьа. Хьехар Дала а, халкъо а магийна сийлахьа гIуллакх ду. Вай дукха дуьйцу, дукха ялхайо ваьшна хьалха хьехарехь хIуьтту  халонаш. «Хьалха хало йолуш бен тIаьхьа дика лур дац Ша»,- боху Лекха хилла волчу  АллахI-Дала. Хьехархошна лун долу дика иза Делера хинболу мел, ял ю.

     Кхиболчу хьехархойх нохчийн меттан, литературин хьехархой къаьсташ хила беза гIиллакхца, оьздангаллица, леларца, олучу дашца, тIерачу духарца, нохчочун массо а дика амалш шайца хиларца.  Нохчо, нохчалла – ма доккха, кIорггера маьIна ду оцу дешнийн, ма сий деш чекхбийлина царех вайн дай, сий ца дайъа, Iаноза ца бовллучохь, цIий а Iенош, шайн синош дIа а луш. Тахана вайна тIехь ду оцу дешнийн маьIна достуш, церан кIоргенийн бухе кхачош, цаьрга безам-марзо кхуллуш ваьшна хьалха буьйлучу дешархойн дегнашка кхачар. ХIунда аьлча, уьш бу кхана вайна тIаьхьа изза болх дIакхехьа безарш. Вайн къоман кхане, къоман дозалла и къона тIаьхье ю. Вайн коьртачех декхар ду и къона тIаьхье Iилманехь, ийманехь-исламехь, гIиллакх-оьздангаллица кхетош-кхиор.

         Еккъа цхьа урокан материал дешархошна йийцарх, цаьрга дIакховдорах пайда бац. Дешархойн ойла самайоккхуш, оцу йийцаре ечу говзаран турпалхочун метта ша волуш санна,  цуьнан синлехамашка, ойлане кхачош, говзачу, аьхначу маттахь, нохчийн матте безам-марзо кхуллуш, совйоккхуш болх бан беза хьехархоша. Масала, нохчийн меттан урокашкахь и мотт мичара схьабаьлла, дуьненан Iедалехь хIун маьIна ду цуьнан, муьлш бу и мотт кхиорехь кIорггера къахьаьгнарш а, тахана а къахьогурш, цунна долу динарш, иштта кхин а дуккха а долчу  хаттаршна жоьпаш луш, вайн тахана боккха аьтто бу керлачу технологех пайда оьцуш, дешархой кхето. Цара дуьйцучул гIоле схьалоцу гушдерг. Ткъа и царна гайта аьтто хуьлу интернетах хьехархочо пайда оьцуш хилча. Кога доьду бер санна, вай а ду денна а веша болх тобарехь, керлачу тIегIана тIе баккхарехь къахьега дезаш.

    Хьехархо вац даиман дешархошна дийца дезарг, дешархой бу шайна хьалха лаьттачу хаттаршна жоьпаш лоьхуш лехамийн новкъахь алссам къахьега дезарш. Вайн декхар уьш оцу новкъа бахар ду.

     Нохчийн меттан урокашкахь муьлхха а йийцаре еш йолу коьчал кхачам боллуш берийн кхетаме йилла еза, керлачу технологех шуьйра пайда эцарца. Масала, муьлхха а къамелан дакъа Iамийна, иза тIечIагIдаран урокехь а, иштта муьлххачу урокехь а, пайда эцало «Кластер» «Ромашка Блума», «Кейс метод», «Синквейн», иштта кхечу кепарчу технологех а. Цара ойла йойту, берийн хаарш кIаргдо, синкхетам меттахбоккху, берашна жоьпаш карадо юьхьанца хала хеттачу хаттаршна. Дешархоша а, хьехархоша а нохчийн меттан, литературин урокашкахь ИКТ-х пайда оьцуш ца хилча вайн хIумма а кхуьур дац. ИКТ-х пайда эцаро нохчийн меттан, литературин хаарш кIаргдина ца Iаш, дуьненан юкъара хаарш а кIаргдо, дуьнене болу хьежам а шорбо, Iилмане воьдучу новкъа а богIу дешархой.

      Дешар кхиа дезаш ду. Бераш даха дезаш ду. Уьш ирсечу новкъа дахар вайгахь ду. Къаьсттина мехала ду берашка тобанашкахь болх байтар а, ловзаран кепехь урокаш дIаяхьар а. ХIунда аьлча, тобанашна, ловзучарна юккъехь берг уггаре а хьалха къовсам бу. Вай, нохчий, яхь йолуш къам ду, вайн берашкахь а, уьш кегий боллушехь яхь хуьлу, вай цаьрца бечу балхаца яхь кхио декхар а ду вайн. Ишттачу урокашкахь уьш вовшашца йохье буьйлу, цхьа а дешархо дика доьшург а, вуон доьшург юьстах ца вуьсу, толам шай-шай баккхаре сатуьйсуш, цкъацкъа хаарш ледара долчу дешархойн жоьпаш нийса хуьлуш меттигаш а нисло и тайпа дIахьочу урокашкахь.

     Ламасталлин урокашкахь, хала хеташ делахь а, вай дика хуучу берашца болх бар алссам нисло, хаарш ледаро долчу берийн тидам-тергам а кIеззиг бо. Царна хьоьхуш воллучул, кхуззахь атта дIалоцучу дешархошца болх бар гIоле хеташ хуьлу цхьаболу хьехархой. И тайпа хьехар вайна юккъера лар йоцуш дан дезаш ду. Мелххуо а, гIорасиз болчу дешархошца ша тайпа белхаш дIахьош, уьш урокехь а, урокал тIаьхьа а Iамор тIехь ду вайна. ГIорасизчу дешархойн хаарш ша бахьанехь, цаьрца къаьсттина дIахьош болу болх бахьана долуш, шега лакхадахаделлехь, тIаккха ала мегар ду хьехархочо ша вуьззина хьехархо ву.

     Вайн мотт – иза вайн къамел ду и къамел даима а кхиош хила дезаш ду. Нохчийн мотт Iаморехь, иза караберзорехь йоккха меттиг дIалоцу кхоллараллин балхо. Оцу Iалашонца дешархошка язъяйта еза тайп-тайпана сочиненеш, изложенеш, дийцарш. Дуккха хьолахь, паргIатчу темина. Дешархоша даггара къахоьгу оьшу коьчал кечъеш. Цара оцу балха тIехь гучудоккху шайн «чоьхьара дуьне», ткъа иза уггар а хьехархочунна оьшучех цхьаъ ду. Сочиненийн цIераш иштта хила а мегар ду: «ХIунда беза суна нохчийн мотт?», «Нохчийн мотт - сан ирсан шовда», «Адам а, гIиллакх-оьздангалла а», «Мила лара мегар ду бакъволу доттагIа», «Со хьехархо хилча …», «Со лор хилча», «Къоман турпалхо», «Тхан юьртахь лору стаг», «Ас тIекхачаре  сатуьйсу де», иштта дIа кхин а.

     Оцу балхо таро хуьлуьйту дешархойн шайн ойланаш хьалха-тIаьхьа нийса, кхетаме, вовшашца йозуш, нийса йийца а, дIаязъян а, ткъа хьехархочун нохчийн матте дешархойн безам кхио а, кIаргбан а.

     Литературин урокашкахь вай муьлхха а яздархо я поэт вовзуьйтучу хенахь цуьнан дахар а, кхолларалла шуьйра йовзийта еза, дийца деза цуьнан литературе вогIучу некъан дуьххьарлерчу гIулчашна тIера таханлерчу дийне кхаччалц шадерг. Цу тIехь а аьтто болу нагахь хьехархо ша а лехамийн новкъахь велахь, цунна оцу яздархойн, поэтийн дахар кхачаме девзаш делахь, иштта интернетах, керлачу технологех шуьйра пайда оьцуш и хьехархо велахь а. Масала, схьаоьцур вай Сулейманов Ахьмадан дахар а, кхолларалла а. Дешархошна а, иштта дуккха хьехархошна а ма-дарра ца девза цуьнан дахаран некъаш а, белхан корматаллаш а. Ахь муьлххачуьнга хаьттича а поэт, хьехархо хилла аьлла жоп хезар ду, амма Ахьмадан корматаллаш дукха хилла - хьехархо, поэт, этнограф, Iилманча, суртдиллархо, иштта дIа кхин а. Я схьаоьцур вай Сулаев Мохьмад. Мохьмад яздархо, поэт хилла ца Iаш, Республикехь тоьллачех лор а хилла. Кхиболчех ду иштта шортта дийца хIума церан коматаллаш, дахаран хьелаш дешархошна довзийтарехь. Мегар дац доцца, маца, мичахь вина, муьлха произведени язйина оцу авторо, аьлла, хадам бан.   

     Литературин урокашкахь билггалчу говзаран турпалхойх дийцина ца Iаш, царех диканиг, вуониг къасто Iамо беза дешархой. Юьхьанца царна хьеха мегар дац хIара дика, вожа вон ву бохуш. Цара шаьш ойланца, шайн кхетамца, турпалхочо лелочу некъашка хьаьжжина къастор бу уьш. Церан къастам нийса бу я бац, уьш нийсачунна тIекхиор, харцахьачух кхетор тIехь ду вайна. Масала, 6-чу классехь Гайсултанов Iумаран дийцар ду «Дикалг» цIе йолуш. Бераш самукъадаларца, хазахеташ  Iамадо иза. Дийцаран коьрта турпалхо волчу Дикалган цхьа а ледарло, цуьнан шен бехк хилар ца го царна, цунна тIехIиттинчу хьелашкахь.  Амма, нагахь хьехархочо царна хьалха хаттар хIоттадахь, оьшурий техьа и тайпана нехан гIулакхаш деш, шен Iер-вахар доцуш лела?- аьлла, тIаккха дешархойн нийсса бIостанехьа ойла хуьлу оцу турпалочун «хьуьнарех» лаьцна. Цара ойла йо, хIорамма а лун жоьпаш тайп-тайпана а, чулацаме а хуьлу. Иштта хьал совнаха кхоллало халкъан барта кхоларалли юккъера говзарш Iамочу хенахь а, цхьаболчу авторийн говзарш Iамош а. Вайн къоман исторехь тайп-тайпанчу хьелашкахь нисбелла цхьацца хиламаш хуьлу говзаршкахь буьйцуш. Цхьаболчу хьехархоша, уьш Къуръанан Суратех тарбой, цхьа хьаьрк а ца хуьйцуш дIакхийдабо къоначу дешархойн кхетаме. Цу тIехь ялийна ала а, дийца мелла а маьттазо агIонаш а хуьлу. Вайн декхар дешархойн гIиллакх-оьздангалла совйоккхуш, говзарийн тоьллачу турпалойн масалш тIехь дешархой кхиош, уьш Iилмане бигар ду.

     Вай дицдан мегар дац, уггаре а коьртачу дакъойх цхьаъ урокан дIахIоттам хилар а. Вайна массарна а ма-хаъара, хила деза шеран рузманан хьесап а, хIора урокана леррина хьесап а.  Оцу хьесапо хьехархочунна гIо до урокан хан нийсачу новкъа, пайдехьа дIаяхьа. Урокан дIахIоттам боьзна бу урокана хьалха хIиттийначу Iалашонех, декхарех. Нагахь хьехархо корматалла йолуш велахь, цо хаарца хIиттайо урокан Iалашонаш, уьш кхочуш яре а кхочу иза.

     Урок – школехь дешар а, кхетош-кхиоран белхан а коьрта лард ю. Урокехь вай кхуллу, кхиаво кханенан стаг. Даиман а вайна хаа деза, хьехархо боху йоккха сийлахь цIе лелорал а сов шена тIехь доккха жоьпалла дуйла. Тахана вай дукха дуьйцу образованин модернизацех лаьцна, моьтту иза цхьа юкъадоккхуш керланиг ду. Иза денна а вай беш болу билггала болх бу, дешархой Iилмане бигар, царна дешар, Iилма оьшийла хаийтар. Вайн хIора де а – кхоллараллин лехамехь, муха йийр яра техьа нохчийн меттан а, литературин а урокаш, иштта классал арахьа бен болх а хила ма-беззара лакхарчу тIегIанехь, дешаран кIоргенаш йовзуьйтуш, дешархой Iилманехь, гIиллакх-оьздангаллица кхиош, бохучу хаттаршна жоьпаш лоьхуш, карош, кхиамашкахь совдовлуш  хила деза. Урокашкахь кийчча кера дешархошка хаарш дIакхийдо вай декхарийлахь дац. Амма дешархошна и хаарш шайна дахарехь оьшург хилар хоуьйтуш, церан синкхетам меттахбаккхар тIехь ду вайна.

     Хьехаран декхарш кхочушдарехь, урок шен хила дезачу тIегIанехь дIаяхьа хьехархочо хьалхе билгалъян еза: Iалашонаш, декхарш, хьовзаме хин йолу агIонаш, урокан чулацаме материал, хьехаран методика а, технологи а, билгалъяккха еза дидактически материал а, иштта берийн жигаралла хинйолу, лехамийн новкъахь церан ойлаяяларан таронаш совйохун йолу кепаш а.

     Нагахь вай кхачаме болх бахь, вай юьхькIайн а хир ду, дешархой хаарш лакхара а хир ду. Нохчийн матте безам кхиор, кIаргбар – иза хIора а нохчийн мотт хуучу хьехархочун  хьалхара декхар ду. Матте безам кхиорна а, иза караберзорна а пайдаэца методаш а, кепаш а шортта йолуш ю вайн таронашкахь, бехказлонаш леха мегар дац. Царех пайда а оьцуш, вешан декхаршца лара а деш, вай болх бахь, вай кхиор бу вешан махкахь, вешан меттан говзанчаш, Iилманехь лакхара болу, йохьах буьзна болу, гIиллакх-оьздангаллин доза доцу, къоман кхане хилла дIахIитта иманехь дешархой.

     Дала массеран а аьтто бойла оцу мелечу гIуллакхехь!!!

 

 


 

Нохчийн меттан а, литературин а урокашкахь керлачу технологех пайда эцар а, дешархой иманехь кхетош-кхиор а

Нохчийн меттан а, литературин а урокашкахь керлачу технологех пайда эцар а, дешархой иманехь кхетош-кхиор а

Дешар кхиа дезаш ду. Бераш даха дезаш ду

Дешар кхиа дезаш ду. Бераш даха дезаш ду

Литературин урокашкахь билггалчу говзаран турпалхойх дийцина ца

Литературин урокашкахь билггалчу говзаран турпалхойх дийцина ца

Нагахь вай кхачаме болх бахь, вай юьхькIайн а хир ду, дешархой хаарш лакхара а хир ду

Нагахь вай кхачаме болх бахь, вай юьхькIайн а хир ду, дешархой хаарш лакхара а хир ду
Материалы на данной страницы взяты из открытых истончиков либо размещены пользователем в соответствии с договором-офертой сайта. Вы можете сообщить о нарушении.
09.03.2024