16.11.2023г. Нохчийн литература
2 класс
Тема: «Стела1ад».Макалов Шамсудди.
1алашо: учебникан керла дакъа довзийтар, цуьнан чулацамах кхетамбалар. дийцар «Стела1ад» довзийтар, нийса а , шера а дийцаран тексташ еша 1амор. 1аламан хазалла ган цуьнан тидам бан 1амор. Ойлаяр,дозуш долу къамел кхиор.
Урок д1аяхьар.
I. Организационни этап
II. 1.Ц1ера болх таллар.
-Д1аеша ц1ахь 1амо елла стихотворени. Стенах лаьцна ю иза?
-Мила ву цуьнан автор?
-Хьуна хиирий , мог1анийн чаккхенгахь муьлха дешнаш хила деза?
-Учебникан муьлхачу декъана юкъа йог1уш йара вай 1амош йолу произведенеш( Дашо гуьйре)
-Схьйелла учебникан 54-г1а аг1о. Стенах лаьцна хир ду керла дакъа? («Стела1ад» журналах лаьцна).
-Муьлха произведенеш евзар ю вайна оцу декъехь? («Стела1ад», «Х1орда чуьра хи стенга доьду», «Дита хьоза» Юсупов 1азим, «Бераша олу» Эдилов Салавди
III.Урокан 1алашо йовзийтар. Дешаре шовкъ кхоллар.
1. Д1аелла учебникан 56 аг1о. Муьлха произведени йевзар ю вайна тахана? («Стела1ад»).
-Муха болх бийр бу аша и произведени дика 1амийта?
(Уьн т1е д1аяздина хила деза гергара жоьпаш).
· Суна 1емар ду дийцар «Стела1ад» деша.
· Аса жоьпаш лур ду хьехархочун хаттаршна.
· Суна хуур ду т1едиллина к1айдарг еша.
-Д1адеша уьн т1ера гергара жоьпаш. Муьлханаш кхочушдалур ду шуна х1оранна? (Берийн жоьпаш).
IV. Керла тема хьехар.
Макалов Шамсудди ша хьакъдолу лор хилла ца 1аш, прозехь, поэзехь шегара доккха пох1малла гайтина стаг ву. Вайн махкахь йевзаш йу цуьнан произведенеш. Къаьсттина берийн литературехь ондда къахьегна Шамсуддис. Тахана цуьнан гуларех шуьйра пайдаоьцу школашкахь, иштта вайн йукъараллехь а.
25 января 1942 года. В этот день, 70 лет тому назад, в
Шаро-Аргуне родился удивительный человек. И сегодня, если имя его назвать
врачу, он скажет, что это прекрасный, добросовестный врач. Подтверждением тому,
кроме самого главного – веры в него, надежды окружающих на его знания, на его
искреннюю помощь и уважение к нему, служит и присвоенное ему в 2004 году
высокое звание «Заслуженный
врач ЧР»… А литераторы, услышав то же самое имя, добавят: «И
хороший поэт…» Он своеобразно и горячо любит свой край, детей, всех людей и эту
нашу жизнь со всеми ее переливами. Как он сам пишет в одном стихотворении «Тебе» – «Моя любовь весь мир вмещает».
Имя этого человека Шамсудди Макалов. Только
человек, наделенный необыкновенным литературным даром, может так коротко и
емко, в нескольких строках, так точно передать свое душевное состояние, так
искренне описать, какая у него могучая Родина, и так глубоко раскрыть свое
сердце, которое так сильно любит свой Шатой.
Макалов Шамсудди ша хьакъдолу лор хилла ца 1аш, прозехь, поэзехь шегара доккха пох1малла гайтина стаг ву. Вайн махкахь йевзаш йу цуьнан произведенеш. Къаьсттина берийн литературехь ондда къахьегна Шамсуддис. Тахана цуьнан гуларех шуьйра пайдаоьцу школашкахь, иштта вайн йукъараллехь а.
1. 56 -чу аг1он т1ера суьртах лаьцна къамел дар.
-Шеран муьлха зама ю суьрта т1ехь гойтург? (Аьхке).
-Муха ю арахь? (Арахь йовха ю).
-Стигал муха ю?
-Муха хуьлу аьхка? (Берийн жоьпаш).
2. «Стела1ад» стихотворени д1айоьшу хьехархочо.
3. Чулацамах лаьцна къамел дар.
-Байта т1ехь дуьйцург муьлха стела1ад ду?
-Маца х1уттуш хуьлу стела1ад? Аша тидам биний цуьнан?
V. Сада1аран миноташ.
Аьрзу
Аьрзу, майра олхазар,
Дагна там беш ду хьан г1ар.
Лаьмнаш, ареш толлуш лела,
Цунна хаац х1ун ду кхерар.
Аьрзу, аьрзу, ахь тхоь дийца,
Ц1ехьа боьду некъ схьабийца.
Д1а ца долхахь х1инца ц1а,
Тиладелла бераш 1а.
Горг1а аз шен декош, аьрзу
Дег1 шен нисдеш тхоьга йоьрзу:
- Сих ма ло, ц1а кхочур ду,
Х1ун дан деза дуьйцур ду:
Баккха хьалха аьтту ког,
Юха баккха аьрру ког.
Ловзадаккха кийрара дог.
Юха - аьтту, т1аккха - аьрру.
Баккха, баккха шуьйра ког.
Аш и нийса кхочушдахь,
Хир ду шу а шайн-шайн ц1ахь.
(Бераша, аьрзун т1емийн хьесапехь куьйгаш д1аса а оьхуьйтуш, байташ т1ехь дуьйцург до.)
VI. Керла тема кхин д1а а хьехар.
-Бераша массара д1айоьшу «Стела1ад» ц1е йолу байт.
-Бераша шайн дагахь д1адоьшу «Аьхке дагалецар» ц1е йолу дийцар.
VII. Рефлекси.
-Муха болх бан т1елаьцнера аша?
-Хьенан ницкъ кхеси ша т1елаьцнарг кхочушдан?
-Дийца шайн кхиамех лаьцна.
· Суна девзи…
· Суна хии …
· Суна 1еми …
VIII. Жам1 дар.
-Муьлха байт йевзи шуна?
-Стенах лаьцна йара иза?
-Х1ун дара шуна цу т1ехь хазделларг?
IX. Ц1ахь бан болх балар.
1. «Стела1ад» байт шера д1айеша.
Скачано с www.znanio.ru
© ООО «Знанио»
С вами с 2009 года.