Презентация: Долахь а, юкъара а ц1ердешнаш.
Оценка 4.9

Презентация: Долахь а, юкъара а ц1ердешнаш.

Оценка 4.9
pptx
08.05.2024
Презентация: Долахь а, юкъара а ц1ердешнаш.
Презентация _Сулейманов Ахьмадан дахар а, кхолларалла а_.pptx

Сулейманов Ахмадан дахар а, кхолларалла а

Сулейманов Ахмадан дахар а, кхолларалла а

Сулейманов Ахмадан дахар а, кхолларалла а

Иза винера Олхазар-КӀотарехь 1922 шеран 1 майхь

Иза винера Олхазар-КӀотарехь 1922 шеран 1 майхь

Иза винера Олхазар-КӀотарехь 1922 шеран 1 майхь. Цуьнан да-нана дехаш нах бара. Цуьнан да гӀиллакх долуш хилара бахьнехь даимна юртан да хоржуш вара. Цера цӀахь йоккха библиотека яра. Сулейманас шен бераш дешна кхиита царна массо а тайпан аьтто бан гӀерташ вара. Цуьнан воккха кӀантас Ростовн дечкан институт чекхъяккхира; шозлугӀа кӀант Ӏарбийн мотт а, бусалба дин а хууш вара; йоӀ Кхокха кехат пондар дика локхуш яра. Ахьмад массо хӀума хаа лууш вара. Цо дика доьшура. Школехь гучуелира цуьнан сурт дилларан а, байт язъяран а, пондар лакхаран а похӀманаш. Школа чекхъяккхича цо Наркомпросан инструкторан а, комсомолан райкоман секретарь а болхбир. 1944 шеран 23 февралехь нохчий а, гӀалгӀай а цӀера бехира. Юккъерачу Азехь цо чекхъяккхира Семипалатинскан пачхьалкхан хьехархойн институт. Институтехь доьшуш хенахь цунна топоними кӀорге Ӏамо дагадеара. Сталин веллачул тӀехь иза шен юрта цӀавирзира. Цигахь иза школан директор хилира. Цо нохчийн а, оьрсийн а меттанаш а, литература а хьоьхура. Иза куьйгахь волу школаш даимна тоьлла хуьлура. Иза гӀертара дешархой дешар хууш хилара сов шайн мотт а, литература а хууш шайн халкъан хакъ йолу векалаш бан. Цо кест-кест буьгура шен дешархой республикан историца доьзна меттигашка, царна цигахь хилларг а дуьцура, тайп-тайпан литературан произведениш а йошура. Цуьнан дешархо Муса Бексултанов тӀаьхьа вевзуш нохчийн яздархо хилира. Ша язйина хьалхара книга цо шен хьехархон лерина язйинера. Шен произведенишкахь Сулеймановс гойтура нохчийн мотт а, гӀиллакхаш а юкъара дӀабаларан шен сингаттам. И бахьнехь Ӏедало иза националист лорура, цо язйина книгаш хала арахоьцура, иза хьаьким волу школашка кест-кеста комиссиш йогӀура. 1967 шарахь арахийцира цо язйина байтан хьалхара гулам. Цул тӀаьхьа кхиъ иттехь арабевлира уьш: «Надежда», «Горный родник», «Огонь, согревающий сердце», «Симфония гор», «Дороги Родины», кхибераш а. Дукха цуьнан байташха хӀинца а евзуш йолу эшараш хилира. Сулеймановс нохчийн матта яккхира А. С. Пушкинан а, М. Ю. Лермонтован а, Муса Джалилин а, кхиболу а бевзуш поэтийн байташ. Цуьнан байташах а, поэмашах а дукха Нохчийн пачхьалкхан драман театран спектаклийн сценарийш хилира. Иза жима волуш гучуелира цуьнан художникан похӀма. Цо дехкина сурташ гойтуш дара ерригроссийн гайтахӀоттамашкахь. Амма цӀера дохуш хенахь дерриг цуьнан суьрташ хӀаллакхилира. ШозлугӀа хӀаллакхилира цо дехкин суьрташ 1994 шарахь Нохчийчоьхь тӀом болабелча. Цо чӀогӀа дика дечиг-пондур а, пианино а локхара. Ша школан директор волуш хенахь Сулеймановс берашна лерина масийтта эшар язйира. Цо дӀаяздира дукха баккхийчу нехан шира дийцарш, иллеш, назманаш. Царна юккъехь «Ненан бӀархиш», «Зарон тӀулг», «Гио», «Алпатован гу», «Кура Малцаг», «Нахчи жаххӀан», «Пхьармат». Пенси ваххалц цо хьехархо болх а бира, Ӏилман болх а бира. Иза вара Нохч-ГӀалгӀайн Ӏилманийн талламан историн а, меттан а, литературан а институтан белхало. 1978 шарахь иза хилира Нохч-ГӀайлгӀайн яздархойн Союзан декъашхо. 1988 шарахь цо арахецна «Цхьа-ши дош» цӀе йолу философийн байтин гуламийн цунна делира Нохч-ГӀалгӀайн АССР пачхьалкхан литературан совгӀат. И гулам дукха чӀогӀа гӀарбаларан бахьнехь цхьаболчара Сулейманован Нобелийн литературан совгӀат дала деза бохуш дийца болабелира.

Материалы на данной страницы взяты из открытых истончиков либо размещены пользователем в соответствии с договором-офертой сайта. Вы можете сообщить о нарушении.
08.05.2024