Нохчийн литература
Тема: «Лайн чимаш» М. Сулаев.(Аг1о 84-85)
1алашо: Учебникан керла дакъа довзийтар , цу декъа т1ехь евзар йолу произведенеш билгалъяхар. М. Сулаевн «Лайн чимаш» ц1е йолу стихотворении йовзийтар. Нийса а, кхеташ а, шера а еша 1амор. Ойлаяр , тидам бар , къамел кхиор.
Билгалбаьхна кхиамаш: берашна 1емар ду яздархочун дог-ойла а гойтуш стихотворни тексташ еша. Берашна хуур ду хьехархочун хаттаршна жоьпаш дала. Берашна хуур ду керлачу декъехь йолу произведенеш билгалъяха. Берашна хуур ду керлачу декъехь хир болу кхиамаш ган , церан план х1отто.
Урок д1аяхьар.
1 . Ц1ера болх таллар.
-Х1ун еллера шуна ц1ахь 1амо? (Кунта –Хьаьжин хьехам дагахь 1амо)
Бераша схьабуьйцу хьехам.
2. Учебникан керла дакъа довзийтар.
-Ама д1адоьшу х1етал-метал. Шуна хаа деза и х1ун ю.
Гуьйре яхча едда д1а,
Деъна кхечи шийла ...
-Ладог1ал стихотворенига. Ойлае :маца хуьлу ишттаниг?
- Диканиг, хьажал корах ара,
-Мамае к1анте элира.
Ваха, вахна арахьаьжча,
Доггах велакъежира.
Массо дитташ т1ехь 1охкура
Бамбин семса к1айн куйнаш.
Ц1енойн тхевнаш т1ехь а гора
Бамбин ховха юрг1анаш.
К1айн, байн, семса бамба бара
Корал арахь генна гуш.
И к1айн бамба д1асатуьйсуш,
Дада вара некъ боккхуш.
Тайп-тайпана к1айн зезагаш
Кораш т1е хьан летийна?
К1айн полларчий, к1айн седарчий
Лаьтта т1е хьан эгийна?
...Дека арахь берийн аьзнаш,
Кхуьйсу вовшийн межаргаш.
Доьлу, ловзу, лаьттахь керча,
Хоьхку басах салазаш.
Ваха арахьаьди маса,
Каранаш шен ийци схьа.
- Собар, собар! - боху мамас,
Йоьлуш, к1анте хьоьжуш д1а.
- Куьйгаш довха хилча тоьа
Моьтту хьуна, хьомениг?
Юха пальто, шарф ма йицъе,
Куй а тилла бовханиг...
Хаьий хьуна, маца долу
Берийн иштта самукъа,
Ч1ог1а совг1ат иза хеташ
Ловзу сарралц, йицлой хан? (1ай)
(Хь. Саракаев)
-Маца хуьлу стихотворении т1ехь дуьйцург? (!ай)
--Учебникан уьлха дакъа доладо вай тахана ? (1а)
-Стенах лаьцна хир ю вай цу декъа т1ехь 1амор йолу произведенеш? (1аьнах)
-Муьлха произведенеш евзар ю вайна и дакъа 1амош?
«Лайн чимаш» М. Сулаев, «Хьуьнхахь 1а» Хь. Хасаев, «Ло деана» Ж. Махмаев, «1аьнан хьаша» Д. Кагерманов, « 1а» 1. Мамакаев, «Цергков» 1. Гайсултанов, «1ай» Ш. Рашидов, «Дуьххьарлера хьуьнар» Хь . Саракаев, «1аьнан суьйре» Ш. Арсанукаев, «Дорцехь» Ш. Макалов, «1аьнан
а, аьхкенан а хилла къовсам» 1. Чантиев.
-Муьлха кхиамаш хир бу вайн и дакъа 1амош?
· Вайна евзар ю 1аьнах лаьцна произведенеш.
· Вайна бевзар бу керла яздархой.
· Вайна бевзар бу 1аламехь 1ай хуьлу кхиамш.
· Суна 1емар ю , нийса а, шера а , кхетош, а тайп- тайпана тексташ еша.
· Суна 1емар ду хьехархочун хаттаршна жоьпаш дала.
· Суна 1емар ду чулацамах лаьцна сайн хатта рш дала.
· Аса дозалл дийр ду даймехкан 1аламах, нохчийн яздархойх.
3. 1алашо йовзийтар.
-Муьлха произведени евзар ду вайна тахана?(«Лайн чимаш»)
-Мила ву цуьнан автор? (М. Сулаев)
-Муха болх д1ахьур бу вай и стихотворении 1амош? Х1оттае план.
-Вайна тахана евзар ю М. Сулаевн «Лайн чимаш» ц1е йолу стихотворении, вайна 1емар ду нийса а , шера а , кхеташ а стихотворни тексташ еша.
4. Керла тема хьехар.
а) Хьехархочо д1а кхетош д1айоьшу М. Сулаевн «Лайн чимаш» ц1е йолу стихотворении.
аь) Чулацамах къамел дар.
-Шеран муьлха зама ю стихотворении т1ехь йуьйцург? (1а)
-Муха охьадог1у лайн чимаш ? (Меллаша )
-Аша тида м биний церан ? Муха хуьлу уьш ? Стенах тера хуьлу уьш? (Седарчех тера хуьлу)
-«Стиглаца уьйр хаьдда» бохучух муха кхета шу?
«Кху лаьттах шайна г1ортор ян дагахь уьш охьаоьгу»- бохучух муха кхета шу?
-Стихотворени йоьшуш муха дог –ойла кхоллало шун?(Г1айг1ане)
-Х1унда? (Лайн чимаш меллаша стиглара хаьдда охьаэгаш адамех тер аду , ц1енах хаьддачу, уьш лаьттахь г1ортор лоьхуш ду)
-Стенах лаьцна яра урок йолалуш аса ешна стихлтворени? (!аьнах)
-Х1у кху шине стихотворенин цхьатера? (1аьнах лаьцна ю ши а)
-Х1ун ю башхалла? (Дуьххьарлерачу стихотворении т1ехь моссо х1ума : адам , 1алам вовшех даккхий деш гайтина ду , самукъадаьлла ду. Бераш ду лайн чимех , 1аьнах самукъадаьлла ду. Лайн чимаш а ду адамех самукъадаьллача сана. Шолг1ачу стихотворении т1ехь лайн чимаш г1айг1ане , гайтина ду.)
5. Сада1аран миноташ.
Эх1, ма хаза бу-кха из а!
Муттанах и ма бу буьзна.
Куьг ахь кховдош лаккха,
1аж цу т1ера баккха.
Мохо генаш лестадо,
Соьга 1аж ца баккхало.
Кхоссалуш, куьг кховдор ду,
Сихха 1аж схьабоккхур бу!
Эх1 Ма 1аж бу-кха из а!
Муттанах и ма бу буьзна.
(Бераша байташ т!ехь дуьйцург до.)
6. Керла тема кхин д1а а хьехар.
а)Бераша массара цхьана меллашачу озаца массара цхьана д1айоьшу М. Сулаевн «Лайн чимаш» ц1е йолу стихотворении.
аь)Бераша массара цхьана ч1огачу озаца массара цхьана д1айоьшу М. Сулаевн «Лайн чимаш» ц1е йолу стихотворении.
б) Сурт диллар.
-Бераш , лайн чимийн суьрташ дахка.
6.Рефлекси.
-Муьлха кхиамаш кхочушбан ницъ кхечи шун? Х1ун диси шун дан ницкъ ца кхаьчна ? Х1ун бахьна ду ш Х1н дина аша билгалдаьккхина доцуш?уна и кхиам кхочуш ца хилар.
7. Жам1 дар.
-Муьлха произведени и евзира шуна?
-Мила ву цуьнан автор?
-Стенах лаьцна ю иза?
8. Ц1ахь бан болх балар.
М. Сулаевн « Лайн чимаш» ц1е йолу стихотворении дагахь 1амо.
© ООО «Знанио»
С вами с 2009 года.