Конспект урока по чеченской литературе для шестого класса Халид Ошаевн дахар а кхолларалла а, дийцар "Чайра". Урок был предоставлен на конкурс "Учитель года -2018". Урок разработан с учетом ФГОС, содержит всю структуру современного урока. Тип урока: Урок открытия новых знаний, обретения новых умений и навыков
Урок дIаяьхьнарг Амнат Зияудиевна Эхаева.
Урокан ц1е: Ошаев Халидан дахар а, кхолларалла а.
Урокан тайпа: керланиг довзийтар.
Урокан г1ирс: учебник, сарташ.
1алашонаш:
1).1аморан: яздархочун кхоллараллех лаьцна хаам бар.
2).кхиоран:1амийначух кхетаран талламбар;
3).кхетош- кхиоран: Даймахке а, 1аламе а дешархойн безам
кхиор.
Урокан хьесап:1аморан.
I. Урок д1аяхьар.
Дешархойн ойла т1еерзор. (Маршалла хаттар, охьаховшар,
урокана оьшу г1ирс кечбар, боцурш билгалбахар).
Марша дог1ийла шу, хьомсара хьеший а, хьоме дешархой
а ! Дуьненах самукъа долуш, хаарийн к1оргенашка кхочуш,
дахарехь ирсе долуш, даим дегнашкахь маьлхан йовхо
йолуш, цо дегнаш хьоьстийла шун! Шу денна а керлачу
хааршка дехьадуьйлу, 1амадо хьалха шайна ца хиънарг а,
ца девзинарг а. Иштта вайн таханлерчу нохчийн
литературин урокехь а 1емар ду шуна керланиг.
Д1адуьйлалой вай!?
II. Ц1ахь бина болх таллар.
-«Йиша т1емало» ц1е йолчу поэми т1ехь юьйцург мила ю?
-Муьлха хан ю поэми т1ехь юьйцург?
-Муха хета шуна,х1унда тиллина поэта шен поэмина «Йиша
т1емало» аьлла ц1е?
-Авторан турпалхочух дог лозуш хилар стен гойту?
III. Хаарийн актуализаци. (Презентаци-2 слайд)
Хьехархочо хаттарш до.
-Хьа эр дара соьга, мила ву Ошаев Х.?(Нохчийн яздархо).
-Ошаев Халидан муьлха произведенеш евза шуна?
(«Асламбек Шерипов», «Брест- ц1еран б1ар»).
-Х1инца вай Ошаев Халидах лаьцна ладуг1ар ду
_________________________ .
Цхьана дешархочо йоьшу Ошаевх лаьцна доклад.
Дешархочун докладаца гойту презентаци.
- Баркал. Дела реза хийла!
IV.Керла хаарш, г1уллакхдаран некъаш 1аморан мур.
Яхдархочун а, Даймехкан 1аламан а сарташ ду уьн т1е
д1атоьхна.
Говаьлла нохчийн яздархо ОшаевХалид вина 1898-чу шарахь Атаг1а
юххехь Шуьйта боьдучу некъан аьтту аг1ор хиллачу Воздвиженски
слободахь Чахкара –г1алахь-хьуьнхочун доьзаллехь. Халидан да
Дуда а, нана Небиет
Хьешадена ч1ог1а т1ера дара.Говзачу дийцархошка
ладоьг1уш,дуккха а туьйранаш а, халкъан дийцарш а 1амийра
Халида.1916-чу шарахь Соьлжа-г1алахь реальни училище
чекхъяккхинчул т1аьхьа Петрограде хьуьнан институте деша воьду
иза.1918-чу шарахь дуьйна дакъалаьцна революцин
къийсамашкахь,граждански т1амехь.Ошаевн яздархочуьн некъ
д1аболабелла 20-чу шерашкахь очеркаш, фельетонаш, дийцарш
яздарца. Дуьххьарлера цо язйина «Дайн 1адат» ц1е йолу пьеса ч1ир
эцаран 1адат г1арадоккхуш ю. Цу хенахь дуьйна цо язйина дуккха а
исбаьхьаллин произведенеш . Царах коьрта лара мегар ду
пьесаш«Асланбек Шерипов», «Ахьмар-Хьаьжа», «Сайн декхар лору»,
«Цхьана буйнахь ши хорбаз»; повесташ «Вендетта», «Брест ц1еран
б1ар», Ханпаша Нурадиловх лаьцна очерк а. Къаьсттина меттиг
д1алоцу Ошаев Халидан кхоллараллехь «Алун шераш» роман-
эпопеяс. Хала бара Ошаев Халидан дахаран некъ. 1977-чу шарахь
хедира дахаран некъ.
III.Физминот.-Бераш, цхьажимма са а до1уш , Даймахках лаьцна кицанаш хьа
дуьйцур дара?
а).Нехан юьртахь эла хуьлачул а, шен махкахь лай хилар г1оле ю.
б).Дика еъна гуьйре , буьзна никх санна ю.
в).1уьйре ц1ийелча- кхоллар кечъе, суьйре ц1ийелча- кхаллар
кечде.
Г). Ненан сий динарг махко а лерина.
Д)Даймохк-нана, нехан мохк-десте.
Е) Даймехкан латта-ялсамане, хи-моз.
IV.Керла 1амийначу кхеторан хьалхара талламбаран мур.
1. Хьехархочо дийцар доьшу.
2. Дийцаран чулацам т1ехь болх бар.
Хаттарш далар:
А). Муьлш бу коьрта турпалхой?
-Вай къам махках даьккхина хан коьрта турпалхой: Даду,
Мохьмад, церан ж1аьла Чайра.
Б).Шен Даймахкана са муха гатдо Мохьмада ? Х1унда вара иза
шен ц1а ваха сатесна?
-Даймохк дукхабеза цунна. Цо цуьнга сатеснийла хаьа вайна,
цуьнан ц1ерпошта т1ера охьавоьссина багах девлачу дешнашца:
«Даймохк…».
В).Х1ун ю цуьнан юьртан ц1е?
-Лаха- ч1инха ю.
Г).Шайн хилла ж1аьла гича х1ун дог-ойла кхоллало Мохьмадан
даг чохь?
-Цунна ч1ог1а хазахета и гича. И дийна дисарх воккхаве иза.
V.Т1еч1аг1даран болх.
1.Дийцар дешархошка дешийтар.2. Шина-кхаа дешархочуьнга шайн Даймахках лаьцна ши-кхо
предложени х1оттаяйтар.
VI.Урокехь 1амийначун жам1 дар.
-Хьа язйина вай тахана 1амийна дийцар?
(Ошаев Халида).
-Х1унда тиллина, шуна хетарехь, автора цунна ц1е «Чайра»
аьлла?
(Турпалхочун ц1а а и ж1аьла а цаьрга болу безам Даймахке
нисса лору автора).
VII.Рефлексин мур.
-Таханлера вайн урок муха хийтира шуна?
-Дийцар хазахийтирий шуна ?
-Х1инца вай аша бинчу белханмах хадош синквейн язйийр ю.
Синквейн (1алам, Даймохк дешнаш)
-Хьа язйийр яра иза?
1алам
Самукъане, ц1ена, хаза
Оьшу, лардо, тово
Саде1арна ч1ог1а оьшу
Х1аваъ.
Даймохк
Хаза, ирсе, мерза
Беза къоьллина
Нана-Даймохк-Дика ду. Нийса язйина.
VIII.Ц1ахь бан болх.
1.Дийцар чекхдаллалц деша, чулацам хаа, хаттаршна жоьпаш ло.
2.Даймахках лаций шайн белхан тетрадаш т1ехь жима дийцар
язде.(4-5 предложени).Ошаев Халид Дудаевич(1898-1977 шш)
Котар-Юртарчу №2 йолчу юккъерчу
школан
хьехархочун А.З. Эхаева
6-чу «А» классехь нохчийн литература
хьехаран йиллина урок.24. 01. 2018 ш.