Цхьа а шеко йоцуш, массо а къам Дала кхоьллина ду. Царах х1ораннан шен-шен истори а хуьлу. Амма и истори йинарш, къоман хилларг д1а ца долуьйтуш латтийнарш, иза кху дийне кхачийнарш, цхьаьннан а шеко йоцуш, массо хенахьа х1ора заманан тешаме г1аролаш хилла лаьттина болу турпалхой бу. И
Гуьмсан урхаллин к1оштан «Ойсхарарчу юьртан дехийлан
юккъера юкъарадешаран ишкол» урхаллин юкъарадешаран хьукмат
Йийцаре йина Теллина ЧIаг1йо
методически ишколан дешаран ишколан директор
цхьаьнакхетараллин декъан доладархо
кхеташонехь.
Нохчийн меттан белхан программа
5г1а класс
Х1оттийнарг:
Саламгериева А.Р.
нохчийн меттан, хьехархо,
хьехаран корматаллин хьалхара т1ег1а.Кхеторан кехат
Документан бух
5г1а классан нохчийн маттана лерина долу х1ара документ кхоьллина юкъара
дешаран а, коьрта юкъара дешаран а пачхьалкхан программин буха т1ехь.
Программо предметан чулацам схьа а боьллу, бовза а бовзуьйту, билгалбоккху.
Белхан программо, нохчийн мотт 1аморан 1алашонца цхьаьна а дог1уш, дешархой
кхиоран, кхеторан, 1аморан а юкъара некъаш довзуьйту.
Документан д1ах1оттам
Нохчийн меттан белхан программа дийна цхьа документ ду, цу юкъадог1у:
– кхеторан кехат;
– дешарантематикин план;
– дешархойн хаарийн т1ег1а;
– дешаран методикин болх кхочушбан оьшу г1ирсаш билгалбахар.
Дешаран предметан юкъара характеристика
Нохчийн мотт – иза нохчийн къоман а, Нохчийн республикин пачхьалкхан а
мотт а, къоман историн, культурин бух а бу. Мотт адамийн дахарехь уггаре мехала
гIирс бу. Цуьнца доьзна ду къоман кхиар а.
Юккъерчу юкъарадешаран хьукматехь шатайпа меттиг дIалоцу нохчийн
матто. Иза вовшашца юкъаметтигаш дIакхехьарехь, гонахара дахар довзарехь,
кхетошкхиорехь мехала гIирс бу. Дешаран декхар кхочушдарехь ненан матто ден
г1уллакх ч1ог1а мехала ду. Ненан маттахь ечу ойлано 1амочух кхета гlo до
берашна. Ненан мотт хааро дешархошна гlo до гонахарчу дуьнене болу кхетам а,
цунах лаьцна долу хаарш а шордан а, боккхачу кхиамца оьрсийн а, кхи долу
меттанаш а, дешаран предметаш а 1аморехь ненан маттехь г1ортор каро а. Цу шина
матго дешар 1аморехь, кхетамца кхиарехь бокхха аьтто бо.
Дешаран хьукматехь мотт хьехаран методех кхетаме пайдаэцар на хилча
цаторуш ду.
Ненан матте дешархойн безам кхиор лакхадаккхар ца хилча ца торуш ду.
Цуьнца цхьана ненан мотт хьехар д1ах1отто деза, дагахь ца 1амош, маь1нех
кхетарца к1орггера хаарш долуш дешархой хирриг – нийсий, говзий.
Ненан мотт хьехаран декхар кхочушдарехь хьехархо декхарийлахь ву
орфографи, пунктуаци, къамел кхиоран г1уллакхийн бух д1ах1отточу 1илманан
хаттаршна т1е коьрта тидам хьовзо: аьзнийн а,элпийн а таллам бан, дешан х1оттам
талла, къамелан дакъош кьесто, предложенехь дешнийн уьйр нисъян хаа,
предложенин д1ах1оттам бовза, и. д1. кх. а.Меттан 1илманан хаамаш 1амийна караберзор хила деза меттан бакъдерш,
церан тайпанаш, церан башхаллаш къесторций, талларций, церан маь1наш
к1орггера хаарций, предложенеш фонетически а, морфологически а,
синтаксически а, орфографически а, пунктуационни а, лексически а талларций,
орфограммаш, пунктограммаш бакъонца кьасто а, йовзийта а 1аморций.
Ненан меттан хьехархочун коьртачарах цхьа декхар ду йоза нийса яздан 1амор
а, карадерзор а.
Нохчийн меттан хьехарсахьташкахь тидаме эца деза дешархойн бартан къамел,
цара тайптайпанчу ткоьчалех лаьцна хаамаш бар, иштта церан говзаллин
башхаллаш ган а, йовза а еза.
Ненан мотт хьехарехь литератураца уьйр латтош дешархой 1амор, уьш кхетош
кхиор доккха маь1на долуш ду.
Меттан занятешкахь дешархойн жигаралла йозу цара кхочушбечу белхан хаарш
кхиоран барамах. Методически лехам ларало ненан меттан хьехарсахьтан болх
д1абахьарехь дешархойн ойлаяран а, кхетаран а хьуьнар кхиор. Муьлхха а коьчал
1аморехь xlopa дешархочун кхетаран а, кхиаран а таронаш оьшучу барамехь
гучуяха еза.
Дешархойн 1аморан а, кхетаран а хьуьнар совдаккхарехь доккха маь1на долуш
ду тайптайпанчу гайтаман г1ирсех пайдаэцар (таблицех, суьртех, технически
(говзаллин) г1ирсех). Дешархойн бартан, йозанан а кхиор ненан меттан а,
литературин а – шина а предметан юкъара дакъа ду.
Нохчийн мотт дешархо къоман гIиллакхоьздангаллин буха тIехь кхиорехь,
цуьнгахь кхидолчу къаьмнашка лерам хилийтаран коьрта чIагIо а ю.
Дешаран декхарш кхочушдарехь ненан матто ден г1уллакх ч1ог1а мехала ду.
Ненан маттахь ечу ойлано 1амочух кхета г1о до берашна.
5чу классехь нохчийн мотт к1иранах 1 сохьтехь хьеха лерина ю программа.
Белхан программин чулацам
136сахьт
Карладаккхар
Мотт - адамийн уьйран уггар мехала г1ирс.
Юьхьанцарчу классашкахь 1амийнарг карладаккхар.(2
сахьт)
Къамелан дакъош.(6 сахьт)
Къамелан дакъош къасто хаар. Ц1ердош, цуьнан терахь,
дожарш легар
Билгалдош, цуьнан легар. Билгалдош кхечу къамелан
дакъойх схьакъасто хаар.
Синтаксис а, пунктуаци а.(7 сахьт)Синтаксисах лаьцна юьхьанцара кхетам.
Дешнийн
цхьаьнакхетар.
Предложенехь
коьрта а, дозуш
долу а дешнаш вовшех кьасто хаар. Предложени.
Предложенийн тайпанаш. Дийцаран предложени.
Предложенийн тайпанаш. Хаттаран, айдаран
предложенеш.Предложенийн тайпанаш. Хаттаран, айдаран
предложенеш.
Предложенин коьрта меженаш.(4 сахьт)
Предложенин коьрта меженаш. Предложенин коьрта
Предложенин коьртаза меженаш.(14 сахьт)
меженаш. Сказуеми.
Предложенин коьртаза меженаш. Кхачам, цуьнан синтак-
сически билгалонаш. Предложенин коьртаза меженаш.
Къастам, цуьнан синтаксически билгалонаш. Предложенин
коьртаза меженаш. Латтам, цуьнан синтаксически
билгалонаш. Яржаза а, яьржина а предложенеш. Уьш
вовшех къасто хаар. Цхьанатайпанарчу меженех лаьцна
кхетам балар, цаьрца йолу хуттургаш. Цхьанатайпанарчу
меженашкахь юкъара дешнаш. Юкъарчу дашна т1ехьа
ши т1адам биллар. Цхьанатайпанарчу меженашца
хуттургаш. Т1едерзар. Т1едерзарехь сацаран хьаьркаш.
Цхьалхе а, чолхе а предложенеш.
Хуттургаш йолу чолхе предложенеш. Чолхечу
предложенешна схемаш х1иттор. Авторан дешнел
т1ехьа а, царна хьалха а ма -дарра къамел. Ма-дарра
къамелехь сацаран хьаьркаш. Диалог. Диалоган
репликашна хьалха йозанехь тире. Диалог схьакъасто
а, диалогехь репликаш муьлхарш ю а хаар.
Фонетика. Графика. Орфографи.(16 сахьт)
Йозанехь къамелан аьзнаш билгалдахар. Нохчийн алфавит
(элпаш, аьзнаш, абат). Мукъа а, мукъаза а аьзнаш. Зевне а,
къора а мукъаза аьзнаш. Зевне а, къора а, легашна т1ера
аьзнаш кхолладалар.
Шала мукъаза элпаш. Шалха элпаш. Церан нийсаяздаран
бакъонаш. Я, яь, ю, юь, е, ё элпийн маь1на а, церан яздар
а. Й элпан маь1на а, нийсаяздар а. Деха а, доца а мукъа
аьзнаш. Доца шеконан мукъа аьзнаш
(А, У, И), церан нийсаяздар. Дифтонгаш. Йиш хадоран
хьаьрк. Мукъачу аьзнийн мерах алар.
Лексика.(11 сахьт)Лексиках юьхьанцара кхетам. Дешан грамматически а,
лексически а маь1нех кхетар. Дошамех пайдаэца хаар.
Дешнийн маь1наш. Дешнийн масех маь1на хилар; тардинчу
маь1нехь а лелар, уьш вовшах къасто хаар. Омонимаш.
Къамелехь омонимаша деш долу г1уллакх. Синонимаш.
Къамелехь синонимаша деш долу г1уллакх. Антонимаш.
Къамелехь антонимаша деш долу г1уллакх. Дешнийн
ч1аг1делла цхьаьнакхетарш. Лексиках 1амийнарг
карладаккхар.
Морфологи. Дошкхолладалар а, орфографи а.(10
Дошкхолладаларх, орфографех кхетам балар. Дешнийн
сахьт)
хийцадаларан а, кхолладаларан а некъаш. Дешнийн
кхолладалар, церан некъаш а, нийсаяздар а. Дешан лард а,
чаккхе а. Чаккхенийн грамматически маь1на. Орам а, гергара
дешнаш а. Дешхьалхе а, цо дашна луш долу маь1на а.
Схьадовлаза а, схьадевлла а дешнаш. Суффикс. Цуьнан
тайпанаш. Суффиксийн маь1на.
Ц1ердош.(29 сахьт)
Ц1ердош, цуьнан грамматически билгалонаш. Юкъара а,
долахь а ц1ердешнаш. Ц1ердешнийн терахьаш. Ц1ердешнийн
грамматически классаш. Ц1ердешнийн дожарш, церан маь1на,
рог1алла, хаттарш. Ц1ердешнийн легарш. Ц1ердешнийн
дожарийн чаккхенаш нийсаязъяр. Дукхаллин терахьан
ц1ердешнийн легар. Оьрсийн маттера т1еэцна т1еэцна
дешнаш нийсаяздар. Ц1ердешнийн кхолладаларан некъаш.
Дацаран дакъалг ца ц1ердешнашца нийсаяздар.
Ц1ердешнийн суффиксаш. Цхьана дешдекъах лаьттачу
ц1ердешнийн нийсаяздар. Ц1ердош морфологически къастор.
Ц1ердашах 1амийнарг карладаккхар.
Пхоьалг1ачу классехь 1амийнарг карладаккхар.(5
Предложенин коьрта а, коьртаза а меженаш. Предложенин
сахьт)
цхьанатайпанара меженаш. Лексика. Дешнийн маь1наш,
омонимаш, синонимаш, антонимаш. Дешан лард, орам,
дешхьалхе, суффикс. Ц1ердош, цуьнан терахь, классаш,
легар.
Дешарантемин хьесапКарладаккхар
(2 сахьт)
Къамелан дакъош.
Синтаксис а, пунктуаци а.
Предложенин коьрта меженаш.
сахьт)
Предложенин коьртаза меженаш.
Фонетика. Графика. Орфографи.
Лексика.
Морфологи. Дошкхолладалар а, орфографи а.
сахьт)
(6 сахьт)
(7 сахьт)
(4
(14 сахьт)
(16 сахьт)
(11 сахьт)
(10
Ц1ердош.
Пхоьалг1ачу классехь 1амийнарг карладаккхар. (5
сахьт)
Дерриге
(136 сахьт)
(29 сахьт)
5г1а класс чекхъяьккхинчарна хаа дезарг
Нохчийн мотт 1амийначу дешархочуьнгахь хила деза хаарш:
– нохчийн мотт уьйран а, юкъаметиггалин гIирс а, пачхьалкхан мотт а хиларх
кхетар;
– нохчийн мотт дешаран, къинхьегаман, говзаллин гIуллакхдарехь а, ша
вовзийтарехь а, юкъараллехь ша дIалоцу йолу меттиг билгалъярехь а оьшуш
хиларх кхеташ хилар;
– вовшашца а, кхечу къаьмнийн векалшца а юкъаметтигаш дIакхехьарехь
нохчийн маттах пайда эца кийча хилар;
– къаьмнийн культурийн юкъаметтигаш дIакхехьарехь къинхетаме а, машаре а
хилар;– шен къоман а, РФцехь дехачу къаьмнийн а, дуьненаюкъара культура а
йовзарехь нохчийн мотт мехала гIирс хиларх кхеташ хилар.
– барта а, йозанан а хаамех цхьатера кхеташ хилар (Iалашонех, теманех,
коьртачу а, тIебузучу а хаамех);
– тайптайпанчу хотIийн (стилан), жанрийн тексташ массо кепара ешар
карадерзор;
– билгалбинчу барамехь яцйина (план, юхасхьайийцар, изложени, конспект)
ладоьгIна я дIаешна текст юха схьайийца хаар;
– тайптайпана юкъараллин хьелаш тидаме а оьцуш, къамелдарехь а, дийцаре
даршкахь, дискуссешкахь дакъа лаца а, барта а, йозанан а аларш кхолла а хаар.
Дешаранметодикин кхачаман ларам
Литератара
Дешархошна:
1. Янгульбаев В.А. Махмаев Ж.М.«Нохчийн мотт» 5чу классашна. Грозный
ГУ «Книжное издательство» 2002 шо.
Хьехархочунна:
1.Тимаев А. Д. «Х1инцалера нохчийн мотт» Лексикологи, фонетика,
морфологи. СоьлжаГ1ала 2011 шо.