Нохчийн литература
Тема: « Хьуьнхахь 1а» Хь. Хасаев. (Аг1о 85-87)
1алашо: Хь. Хасаевн «Хьуьнхахь 1а» ц1е йолу дийцар довзийтар , нийса а , кхеташ а , шера а дийцаран тексташ еша 1амор. Ойлаяр , къамел дар кхиор.
Билгалбаьхна кхиамаш: берашна 1емар ду хезаш а , меллаша а дийцаран тексташ еша. Берашна 1емар ду чулацамах кхета. Берашна хуур ду хьехархочун хаттаршна жоьпаш дала, чулацамах лаьцна шайн хаттрш х1итто. Берашна хуур ду 1ьнан 1аламан тидам бан.
Урок д1аяхьар.
1 . Ц1ера болх таллар.
-Х1ун еллера шуна ц1ахь 1амо?( Стихо творени «Лайн чимаш» дагахь 1амо)
-Хьан йуьйцур яра стихотворении схьа.
2. 1алашо йовзийтар.
-Муьлха дийцар ду вайна тахана 1амо билгалдаьккхина ? («Хьуьнхахь 1а»)
-Мила ву цуьнан автор? (Хь. Хасаев)
-Х1ун болх д1ахьур бу аша и дийцар дика 1амийта?
-Вайна тахана девзар ду Хь. Хасаевн «Хьуьнхахь 1а» ц1е йолу стихотворении. Шуна 1емар ду нийса , шера а , кхеташ а дийцаран тексташ еша. Хаттарша жоьпаш дала а , шайн хаттарш х1итто а 1емар ду шуна.
3. Керла тема хьехар.
а) Хьехархочо д1адоьшу Хь. Хасаевн «Хьуьнхахь 1а» ц1е йолу стихотворении.
аь) Чулацамах къамел дар.
-Шеран муьлха зама ю дийцар т1ехь ялийнарг? (1а)
-1аьнан муьлха билгалонаш ялийна дийцар т1ехь? (Арахь шийла ю , ло ду диллинаЮ хьуьнхахь олхазар дац хезаш, пхьагал к1айн ю)
-Мила ву дийцаран турпалхо? Хьена ц1арах дуьйцуш ду дийцар ? (Автор ша ву дуьйцуш)
-И стенга ваханера ? (Хьуьхах)
-Кхин мила вара цуьнца? (Бека)
-Муха дара хьуьнхахь? (Хьуьнхахь тийна ду , татанаш дац. Олхазарш цхьадерш бовхачу махка д1адахана , важа дерш гуш дац)
-Х1ун деш 1ара х1ара шиъ? (Чай молуш 1ара)
-Х1ун сурт гиира цу шина? (Едда йог1ура пхьагал. Иза кхера а елла Бекина т1е йог1аелла лаьттара. Бека цунна т1евог1авелла)
-Х1ун дира Бекас? (Шок туьйхира , пхьагал д1аедира)
-Х1ун дагадеара шина накъостана? (Пхьагал кхечу экхано эккхийна хилар)
-Стено эккхийна хилла иза? (Цхьогало)
-Муьлха олхазарш далийна дийцар юкъа? (Хенак1ур, ц1ийзарг, текха хьоза)
-Стенга левчкъина хуьлу 1ай сагалматаш?
-Муха лела веза хуьн чохь? (Меллаша)
-Х1унда? (Хьуьнан бахархой ца къахко)
4. Сада1аран миноташ.
Эх1, ма хаза бу-кха из а!
Муттанах и ма бу буьзна.
Куьг ахь кховдош лаккха,
1аж цу т1ера баккха.
Мохо генаш лестадо,
Соьга 1аж ца баккхало.
Кхоссалуш, куьг кховдор ду,
Сихха 1аж схьабоккхур бу!
Эх1 Ма 1аж бу-кха из а!
Муттанах и ма бу буьзна.
(Бераша байташ т!ехь дуьйцург до.)
6. Керла тема кхин д1а а хьехар.
а)Бераша массара цхьана меллашачу озаца массара цхьана д1адйоьшу Хь Хасаевн «Хьуьнхахь 1а » ц1е йолу дийцар.
аь)Бераша массара цхьана ч1огачу озаца массара цхьана д1ад оьшу Хь Хасаевн «Хьуьнхахь 1а » ц1е йолу дийцар
б) Бераша хаттарш х1иттадо чулацамах лаьцна.
-Х1ун ду шуна дийцарехь тамашийна , ца кхеташ хисинарг? Стенах лаьцна хаа лаьа шуна?
Билгалонна хаттарш
Сагалматаш стенга йоьлху 1ай?
Муьлха олхазарш дуьсу 1а доккхуш?
Муьлханиг ду текха-хьоза?
6.Рефлекси.
-Муьлха кхиамаш кхочушбан ницъ кхечи шун? Х1ун диси шун дан ницкъ ца кхаьчна ? Х1ун бахьна ду ш Х1н дина аша билгалдаьккхина доцуш?уна и кхиам кхочуш ца хилар.
7. Жам1 дар.
-Муьлха произведени и евзира шуна?
-Мила ву цуьнан автор?
-Стенах лаьцна ю иза?
8. Ц1ахь бан болх балар.
Шера д1адеша Хь. Хасаевн «Хьуьнхахь 1а» ц1е йолу дийцар.
Материалы на данной страницы взяты из открытых источников либо размещены пользователем в соответствии с договором-офертой сайта. Вы можете сообщить о нарушении.