Урок-конспект по чеченскому языку на тему "Фонетиках 1амийнарг т1еч1аг1дар"

  • Разработки уроков
  • docx
  • 02.02.2021
Публикация в СМИ для учителей

Публикация в СМИ для учителей

Бесплатное участие. Свидетельство СМИ сразу.
Мгновенные 10 документов в портфолио.

поурочный план по чеченскому языку на тему "Фонетиках 1амийнарг т1еч1агдар"
Иконка файла материала фонетич.docx

Нохчийн мотт 5 класс

Урокан чулацам: Фонетикех 1амийнарг т1еч1аг1дар.

Урокан тайпа: т1еч1агдаран урок.

Урокан 1алашонаш:

1) фонетически талларан кепах кхетор;

2) фонетикех 1амийнарг карладаккхар, т1еч1аг1дар;

3) ненан матте безам кхиор.

Урок д1аяхьар

I. Дешархойн ойла т1еерзор.

Стиглана, лаьттана

Йицъелча санна,

Мелачу хи чохь и

Г1адъоьхуш, техка.

Дог хьеста кхоьллинчу

Хазаллин сийнна

Хастам беш, дитта т1ехь

Зарзар а ека.

- Х1окху стихотворенехь аьзнаш элпел к1езиг долу дешнаш к1ел сиз хьокхуш билгалде.

 

II. Долчу хаарийн актуализаци.

1. Ц1ера болх таллар.

2. Карладаккхар.

-Стенах олу аз, элп?

-Маса декъе декъало аьзнаш?

-Мукъа аз стенах олу?

-Мукъаза аз муълхарг ду?

-Алфавитехь маса элп ду?

-Муьлха дифтонгаш евза шуна?

-Мукъа аьзнаш маса ду?

-Мукъа элпаш маса ду? Мукъаза аьзнаш маса ду хаьий?

 

III. г1уллакхан ловзар.

Маж…лла              шел…лла

Шок…еттарг         юьстах…юьйлу

Ли…на                   з1ок…еттарг

Матар…юлу          шек…яьлла

Меттах…хьайна    цец…яьлла

Х1аллак…хилла   т1ех…яьлла

Макх…елла           йиц…елла

Ал…бом                  1айна…

Ъ, Ь т1ехь долу карточка хьалаойъу.

IV. Т1еч1аг1дар.

Кхочушдо шардар № 175.

Шардар № 181. (барта)

V. Урокан жам1 дар.

1. Нохчийн алфавитехь … элп ду.

а) 49;                   б) 39;                    в) 35

2. Мукъа аьзнаш хуьлу …

а) доца, деха;           б) зевне, къора;               в) меран я манкха                        

3. Мукъаза аьзнаш хуьлу …

а) доца, деха;           б) меран я манкха           в)  зевне, къора;   

4. Зевне мукъаза аз … ду.

а) 13;                  б) 17;                      в) 9

5. Къора мукъаза аз … ду.

а) 15;               б) 19;                        в) 13.

 

VI. Ц1ахь: карлаяха бакъонаш §§ 25-35; шардар № 183.

VII. Рефлекси.

1. Дешархоша шаьш бинчу белхан а, урокан а хьесап до.

 

 

 


 

Посмотрите также